Читаем Гуржи полностью

Гуржи

"Гуржи" – повесть известного чеченского поэта, писателя, драматурга и учёного Магомеда-Салаха Гадаева посвящена дружбе человека и собаки.

Магомед-Салах Гадаев

Драматургия / Пьесы18+
<p>Магомед-Салах Гадаев</p><p>Гуржи</p>

Дешхьалхенанметта

Дагахь кхоьллина а доцуш, билггал хилладолу хIуманаш ду кху тIехь дуьйцуш дерш. Уьш бераллехь хилла хIуманаш долу дела, берашна дуьйцуш а ду, баккхийчарал а дика бераш кхетар дуйла хууш.

Бакъду, дерриш а-м кхетар дац бераш. Хьайбанашца, жIаьлешца, цицигашца доттагIалла ду дуьйцуш дерг. Цхьадолу бераш и тайпа доттагIалла девзаш дац. Мелхо а, «мостагIалла» ду церан жIаьлешца, цицигашца, хьайбанашца, олхазаршца. Хьозанан бен бохош, цициг лазош, жIаьла Iехош, цунна къайлаха тIулг-гIорза тухуш сакъерало церан. Къиза дегнаш хилар ду иза. Къиза дог – вон дог ду. Воккха хилча а, иштта вон дуьсуш хуьлу и тайпа бераш. Дукхахьолахь. Бакъду, воккхахилча «лачкъо» хьийзадо шен вон дог. Нахана гучохь «культурни» хила а гIерташ. Амма берахьлера деган къизалла, дIа ца йаьккхина къизалла, гуттаренна а йуьсуш йу.

И деган къизалла (деган волла) йан а йоцуш, хIора а садолчу хIуманах хета къа а долуш, бецан хелиган а бан тIалам а болуш долчу берашна девзар ду дуьйцуш долу доттагIалла. Амма цхьа кхин ду: хьайбанашца, жIаьлешца, цицигашца, олхазаршца доттагIалла хир дац моьттуш долу бераш нисдала тарло къинхетаме дегнаш долчарлахь а. Баккхийнаш а хуьлу и моьттуш. КIезиг а ца хуьлуш. Ткъа иза деган къизалла а йоцуш, доттагIалла таса цахааро хIоттош сурт ду.

Хаттар хIутту: кIорггера хаамаш, йаккхийра говзаллаш оьший техьа хьехош долчу дийнаташца доттагIалла тасархьама? Ца оьшу. Хьастар бен, кхин хIума ца оьшу. Хьастаме кхиъна эса шина аттах декхна, олуш ду. Ша хьаьстича, ца хууш дийнат дац. Вай хьехош долчарлахь. Лаххьийна коьртан хье дIабаьккхича, хIумма а ган ца го, хаза а ца хеза жIаьлина бохуш, дуьйцу И.П. Павловс. Амма, букъа тIе куьг хьаькхна, ша хьоьстий хаалой, цIога ластадора ишттачу жIаьло, бохуш. Оццул боккха ницкъ болуш хIума йу и хьастар бохург. Цундела олуш ду: мерзачу дашо Iуьргара лаьхьа баьккхина, хазачу дашо лам биъна.

Амма хьекъалш (кхетамаш) цхьатерра ца хуьлу дийнатийн. Цхьанатайпана долчийн а. Адамаш санна, сонтанаш а хуьлу. Цу сонталлица йозуш къизалла а, кIиллолла а йолуш. (Оцу «къизаллех» «акхаралла» аьлча нийсахо хир ду.) Кхеташдерш а хуьлу.

Масала, цхьаццадолу жIаьла берашна, зударшна леташ ца хуьлу. Йа кертахь а, йа арахь а. Керта богIучу божаршна а ца лета, нагахь кертара стаг (хIусамда) арахула велахь. Керта вогIушверг цунна гуш велахь. Кхетамболу дика жIаьла ду и. Ткъа Iовдал жIаьла и хержамаш болуш дац. ХIусамда арахула велахь а, «дIадала» бохуш, мохь бетташ велахь а, чукхийсалуш хуьлу керта вогIучунна – боьршачунна а, зудчунна а, берашна а. Охьа а дуьллий, хьекха а до бер. Амма вукху, берана ца леташ долчу, жIаьлех атта кхера а ло.

Кхин цхьа хаттар а хIотта тарло берашна: жима долчу хенахь (бекъа, эса, кIеза, кIорни долчу хенахь) стенах девзар ду кхетам болу а, боцу а дийнат? Кхечу дешнашца аьлча: мича билгалонца «майралла-кIиллолла» хIотто мегаш йара, майралла хьекъалх, кIиллолла сонталлех а дузуш. Амма тIаккха а хIутту хаттар: и муха къасто деза? Ткъа цу кегийчу муьрехь дийнатийн майралла-кIиллолла церан «къехкарца» къастайо. Уьдуш, цхьанхьа дIалачкъа гIерташ хуьлу кIиллониг. Акха хуьлу. Аьрха хуьлу. Хьастар, цахьастар девзаш ца хуьлу. Сихха куьйгах дулуш, караIемаш хуьлу. Цундела жимачу дийнатан хьекъалан барам адамашца йолчу уьйраца буста тарлуш ду.

1

1920-гIа шо ду и. Сан цхьайтталгIа шо долуш. ЖIаьла далийра тхуна тхан хьешаша Iаьндоша. Дикачу хIух ду, эли. Ши шо а дузанза кIеза ду, тов. ЦIе – Гуржи йаний.

Онда бIотIа йара «кIеза», бодане-цхьогалан басахь. Йерстинчу говраниг санна бара чо: боца, шера. Когаш беха бара, цергаш йаккхий йара. Берзаниш санна. Ирча хеташ стомма муцIар а йара, амма ши бIаьрг хаза бара. Жимма боккхо а болуш, бодане-боьмаша басахь нисбелла ши бIаьрг бара. Дукха сема, безаме хьажар а долуш. Амма лергаш тедда дара. ГIуллакх доцуш тедда а долуш! ЦIога а дацара. Йоцца цхьа тхьум бен.

Чувахна, йоккха сискалан йуьхк а эцна, тIеваха со «кIезана»: «Гуржи, Гуржи», – аьлла. Беха некъ бина, дукха мацделла хиллера Гуржи.

ЦIенош тIехьа беша а даьккхина, ден нанас дов дешшехь, кхин-кхин а йаахIуманаш а кхоьхьуш, дажий ас Гуржи. Баккхийчарна къайллаха ког-куьг хьокхий, хьаста а хьостуш. Цу дийнахь доттагIий хили тхойша. Бегашна а доцуш. Вовшийн ган са а гатлуш. Вовшийн дагара а хууш.

Похожие книги

12 великих трагедий
12 великих трагедий

Книга «12 великих трагедий» – уникальное издание, позволяющее ознакомиться с самыми знаковыми произведениями в истории мировой драматургии, вышедшими из-под пера выдающихся мастеров жанра.Многие пьесы, включенные в книгу, посвящены реальным историческим персонажам и событиям, однако они творчески переосмыслены и обогащены благодаря оригинальным авторским интерпретациям.Книга включает произведения, созданные со времен греческой античности до начала прошлого века, поэтому внимательные читатели не только насладятся сюжетом пьес, но и увидят основные этапы эволюции драматического и сценаристского искусства.

Александр Николаевич Островский , Иоганн Вольфганг фон Гёте , Оскар Уайльд , Педро Кальдерон , Фридрих Иоганн Кристоф Шиллер

Драматургия / Проза / Зарубежная классическая проза / Европейская старинная литература / Прочая старинная литература / Древние книги