Читаем Йеха буьйсанаш полностью

– Бакълоь хьо, Александр Петрович. Диъ шо хьалха кхайкхийна вай, xIapa край, къарйелла, сецна аьлла. Ваьш Iехаделла хиларна къера хила лаац вайна хIинца а. ХIетахь дуьйна шозза гIевттина нохчий. Амма ломахь хилла тIаьххьара гIаттам аренга ца болуш бисира, Теркан областехь лаьтташ шовзткъе йалх батальон гIашлой, кхоъ Донан, цхьаъ драгунийн полкаш хиларна. Биллина дIа Нохчийчоьнера кхерам латтарна, цигарчу эскарех кхоалгIа дакъа а дIадаккха ца даьхьа вай. Доцца аьлча, вай тоьлла а, нохчий иэшна а ца сецна гIуллакх. Шайгахь герз а, стратегина аьтто болу мохк а ларбелла нохчий керлачу гIаттамна аьтто болу сахьт тIекхачаре ладоьгIуш Iа. Йуха а боху ас хьоьга, хьомсара Михаил Тариэлович, цуьнан воккхалло уггар хала а, жоьпаллин а декхар тIедуьллу хьуна. Хьан хьекъалх, доьналлех дозуш хир ду Кавказехь синтеман гIуллакх. ХIинца цкъа малхбузен пачхьалкхашца машар бу вайн. Амма цхьана Далла хаьа иза маццалц хир. Нагахь арахьа вайн тIом болалахь, Нохчийчуьра тIеман ах ницкъ дIабига дезар ду, тIаккха нохчий гIовттург хиларан шеко йац. Дукха хан йу оцу сохьте цара ладоьгIу. Цундела, Михаил Тариэлович, йоццачу хенахь цигахь низам хIоттор доьху хьоьга. Цигахь вай дан дезачу гIуллакхийн хьокъехь инструкцеш лур йу хьоьга Александр Петровича. Дукха хан йоццуш цуьнан воккхалло чIагIйина уьш. Хьо областе дIакхаьчча, инструкцеш дагахь Iамайе, амма цигарчу хьелашка хьаьжжина хийцамаш бан бакъо а ло хьуна. Дала аьтто болда хьан!

«Дала аьтто бен меттиг йац xIapa, – ойла йо Михаил Тариэловича. – Олуш ма-хиллара, болх Далла тIе билла, амма цунах теший а ма Iе. Кхузахь ницкъ а, хIилла а оьшу. Шед а, пряник а…»

<p>2</p>

ХIаъа, паччахьан правительство толамхо хилла дIа ца хIоттайелла Нохчийчохь. Иза массарначул а тIехдика хаьара Михаил Тариэловична. Нохчаша тIом сацийра, амма къарбелла ца севццера. ХIетахь Кавказан сардал хиллачу фельдмаршало эло Барятинскийс правительствон цIарах нохчашна хьалха тIелацамаш бира цаьргахь герз дита а, уьш салт ца баха а, цаьргара дIабаьккхина мохк йухаберзо а, церан гIиллакхаш, дин а лардан а, иштта дIа кхин а. Ткъа нохчаша тIелецира Iедална дуьхьало ца йан.

Шемал йийсаре лаьцча, Кавказ къарйар чекхдаьлларг леринчу правительствос Нохчийчохь тIеман-колониале режим хIотто йолийра. Сихха бицбира эло Барятинскийс оцу къомана хьалха бина машаран тIелацамаш а. ТIеман хенахь нохчашкара дIабаьккхина мохк йуха-м муххале а ца берзийра, мелхо а, церан долахь дисина латтанаш дIа а дохуш, уьш таIIийна дерзинчу лаьмнашка, уьшалечу хьаннашка боьхкира. Цаьргара дIадаьхна керла латтанаш совгIатана дийкъира xIapa мохк къарбеш правительствона гIо динчу гондIарчу элашний, нохчийн эпсаршний, динадайшний, совдегаршний. Маситта шарахь лаьттинчу тIамо чIанадаьккхина, ткъа хIинца латта доцуш дисина халкъ сагIадоьхурган хьоле дуьйжира. Цуьнан ницкъ бацара йа дезткъа шо хьалха хиллачу бахамаллин, йукъараллин а кепашна тIе йухадерза а, йа и шен дахар хIокху керлачу хьелашца нисдан а. ТIеман оцу буьрсачу дезткъа шаро аьттера къоман кхетамций, кхиарций йогIу бахамаллин, йукъараллин а кепаш, ткъа массо aгIop а кхиъначу Россина тIаьхьадисна а дара иза.

Цул сов, правительствона дага а ца догIура хIокху халкъан кхолламан ойла йан. Шен оьрсийн халкъ къизачу Iазапехь латточу цо хIун диканиг дохьур дара хIокхунна? Латта дIадаьккхина ца Iаш, шен коча тIеман-колониале уггар къиза кепаш Iитта йолийча, собар кхачийна халкъ, тIаьххьара ницкъаш тIе а гулбина, гIеттира. 1860-чу шеран май баттахь Нохчмахкахь болабелла гIаттам сихха массанхьа а нохчийн лаьмнашка баьржира. ГIаттаман коьртехь бара Шемалан наибаш хилла БойсагIар, Атаби, Iумма а. Ткъайасна баттахь дукхе-дукха дера дуьхьало йира гIаттамхоша паччахьан таIзарийн эскаршна. Царна тIехь масех толам а баьккхира. Амма, Нохчийчу керла-керла эскарш далош, и гIаттам хьаьшира йуьйцу ца хезначу къизаллица. 1861-чу шеран февралехь Бена уллохь, ламанан хьехахь, схьалецира, чов хилла, масех накъостаций, доьзалций къайлаваьлла БойсагIар. ГIаттам тIаьххьара а хьаьшна баьлча, шаьш бахьанехь адамашна таIзар ца дайта, шайн лаамехь инарла-адъютантна Святополк-Мирскийна тIевеара Атаби а, Iумма а. БойсагIар ирхъоьллира Хаси-Юьртахь, цуьнан доьзал а, герггара гIоьнчий а Сибрех бахийтира. ГIаттаман вукху шина куьйгалхочух мелла а къинхетам а бина, и шиъ ссылке вахийтира: Атаби – Псковн губернерчу Порхове, Iумма – Смоленске.

ЦхьакIеззиг ханна буьрса тийналла хIоьттира Нохчийчохь. Амма гена дIа ца йахара иза.

Имаматан тIаьххьарчу шерашкахь Шемала махкахваьккхинчу шайхо Кунта-Хьаьжас, имамат йоьжначул тIаьхьа Нохчийчу а вирзина, кхузахь динан керла вирд а кхоьллина, иза даржорехь а, чIагIдарехь а жигара болх болийра.

Сацам боцуш иттанаш шерашкахь бахбеллачу тIамо а, къизачу паччахьан инарлаша, адамаш дойъуш, йарташ йагош, талош, хIаллакьхуьлучу хьоле хIиттийнера ламанхой. Халкъ гIелделлера, кIадделлера. Цунна кIордийнера и чаккхе гуш йоцу тIом. Ткъа Шемала а, цуьнан имаматан лакхенаша а халкъ хаддаза гIазоте кхойкхура. ГIазотехь беллачарна йалсамани хир йу, бохура. Амма адамашна кху дуьненахь машар, маршо, синтем а оьшура.

Перейти на страницу:

Похожие книги

Отверженные
Отверженные

Великий французский писатель Виктор Гюго — один из самых ярких представителей прогрессивно-романтической литературы XIX века. Вот уже более ста лет во всем мире зачитываются его блестящими романами, со сцен театров не сходят его драмы. В данном томе представлен один из лучших романов Гюго — «Отверженные». Это громадная эпопея, представляющая целую энциклопедию французской жизни начала XIX века. Сюжет романа чрезвычайно увлекателен, судьбы его героев удивительно связаны между собой неожиданными и таинственными узами. Его основная идея — это путь от зла к добру, моральное совершенствование как средство преобразования жизни.Перевод под редакцией Анатолия Корнелиевича Виноградова (1931).

Виктор Гюго , Вячеслав Александрович Егоров , Джордж Оливер Смит , Лаванда Риз , Марина Колесова , Оксана Сергеевна Головина

Проза / Классическая проза / Классическая проза ХIX века / Историческая литература / Образование и наука
Живая вещь
Живая вещь

«Живая вещь» — это второй роман «Квартета Фредерики», считающегося, пожалуй, главным произведением кавалерственной дамы ордена Британской империи Антонии Сьюзен Байетт. Тетралогия писалась в течение четверти века, и сюжет ее также имеет четвертьвековой охват, причем первые два романа вышли еще до удостоенного Букеровской премии международного бестселлера «Обладать», а третий и четвертый — после. Итак, Фредерика Поттер начинает учиться в Кембридже, неистово жадная до знаний, до самостоятельной, взрослой жизни, до любви, — ровно в тот момент истории, когда традиционно изолированная Британия получает массированную прививку европейской культуры и начинает необратимо меняться. Пока ее старшая сестра Стефани жертвует учебой и научной карьерой ради семьи, а младший брат Маркус оправляется от нервного срыва, Фредерика, в противовес Моне и Малларме, настаивавшим на «счастье постепенного угадывания предмета», предпочитает называть вещи своими именами. И ни Фредерика, ни Стефани, ни Маркус не догадываются, какая в будущем их всех ждет трагедия…Впервые на русском!

Антония Сьюзен Байетт

Историческая проза / Историческая литература / Документальное