Читаем Йеха буьйсанаш полностью

– Понт Эвксинский хIордан тулгIешна тIехь инзаре дукха ламанхой хIаллакьхили, – дуьйцура цхьана эпсаро Михаил Тариэловична. – Инзаре эрчо йара иза, амма кхин а ирча дара дехьа бердашка дIакхаьчначийн хьал а. И Кавказан майра аьрзунаш эзарнаш хIаллакьхуьлу, боху, туркойн шахьарийн урамашкахь…

Ламанхойн бохамах шайн ницкъ ма-кхоччу пайдаэца гIертара массо а. Паччахьан правительство – xIapa маршо йеза къаьмнаш хIокху махкара дIа а даьхна, шен тIеман стратегин Iалашонца кхузахь колонизаци йан. Оттоманан Порта – и майра ламанхой дIа а бигна, империна чоьхьара къоман маршонехьа болам церан куьйгашца хьеша а, кхузахь шен мостагIчунна – Россина – дуьхьал царах пайдаэца а. Туркойн и къиза планаш даггара къобалйора Европин пачхьалкхаша а. БIе шо ма дара цара массара а, йукъа питанаш туьйсуш, Iехош, хIокху лаьмнашкахь барт, машар хила ца буьту.

Ламанхой кхалхош шина а правительствона гIo дора меттигерчу феодалаший, динадайший. Россехь хиллачу реформо кхерийна уьш, шайн долара ахархой а эцна, Турце сихбелира. Цигарчу деспотин Iедалехь шайн политикин а, динан а идеологин идеал гучу царна хаьара цигахь шайн феодалийн бакъонаш, йукъараллин хьелаш шайгахь дуьсур дуйла.

Баккъал a, xIapa ламанхой некъашкахь а, дIакхаьчча, Турцехь а, мозий санна, хIаллакьхуьлуш, и феодалаш а, динадай а тIехдика дIатарбелира цигахь. ТIаьхьа царах дукхахболчара Турцехь пачхьалкхан а, тIеман а лаккхара гIуллакхаш дIалийцира, шайн даймахкахьчул эзарза дика баха а хевшира.

4

ХIаъ, Михаил Тариэловична дика хаьа Турце кхелхинчу ламанхошкара хьал. Къа а, дера, хета царах. Амма империн гIуллакхаш коьрта ду дерригенал а. Империн дуьхьа, бIаьрнегIар ца тухуш, тIаьххьара нохчо-м хьовха, кхузара дерриг къаьмнаш а лаххьийна цига дIакхалхо а реза ву иза.

Кубанал дехьара ламанхой кхалхоран гIуллакхна тIехь дуккха а къахьегна цо, амма цуьнан къинхьегаман стом кхечара буу. Иза дара цунна халахетарг. Мила ву ткъа и ирсениг? Евдокимов! И аьрта солдафон. …Оцу Аьрру фланго, цигарчу акхароша, легашкахь йисинчу даьIахко санна, дукха хенахь дуьйна диллина дIа сагатдо правительствон. Цкъа а ца хилла цигахь машар, хIинца а бац. Хир а бац и, Нохчийчоь тIаьххьара гуттаренна а гора ца хIоттайахь. Ах бIе шо хьалха, шайхана санна, и гуш, хууш хиллера А. П. Ермоловна.

«И нохчий Iаламат нуьцкъала а, кхераме а халкъ ду, – йаздора цо оьгIазе. – Цул сов, луларчу халкъаша a гIo до кхунна. Йа нохчашка безам болуш, йа вайца мостагIалла долуш а дац иза. Лаьмнашкахь и доккха, майра, нуьцкъала а халкъ, эшна, вайн кога кIел дагIахь, цуьнца цхьаьна шаьш а оьрсийн Iедална кIелдахарна кхоьруш. ГIебарта хIун йу? ХIумма а йоцург! Шайн кIордамечу ловзаршца вай девне-м кхойкху гIебартоша. Амма цхьана ханна уьш лан деза сан. Уггар кхерамечу йовсаршца – нохчашца – дерг чекхдаллалц. Нохчий дIаьвше лаьхьарчий ду. Ткъа важа дисина ламанан къаьмнаш – чуьркаш. Лаьхьарчаша цIий муьйлуш хилча, чуьркийн араш хаалац. Кху крайхь кхерамазалла, машар, тийналла а хир йац, Теркан лахенан аьтту aгIop долу нохчийн латтанаш вай дIа ца лецахь. И нохчий бу xIapa Кавказ карзахйохурш. Уьш къарбой, Кавказ къарлур йу. НеIалт хилла къам! ХIара тIаьххьара зама тIекхаччалц оццул дукха а ма бацара уьш. Шайн махкахь цхьацца зуламаш дина, бевдда баьхкина кхечу къаьмнех болу шаьш санна талорхой гIадбоьлхий тIелоцу цара. Уьш тIелецна Iаш белара. Вайн салтий а ма уьду Нохчийчу. Кхечу ламанхошна тIе ца бовду, ткъа – Нохчийчу. И нохчий, цхьа а Iедал къобал ца деш, шайн лаамехь маьрша болу дела. Уьш санна, шаьш а талорхой болу дела. Цундела, гIадбоьлхий, вовшашна мар-мара лелха! Массо тайпанчу талорхойн, вайн уьдучу салтийн а бен ма бу и Нохчийчоь. Ас даим а ультиматум хIоттайо оцу йовсаршна хьалха: бевдда шайна йукъабаьхкина салтий соьга схьало, йа ас адамашна дуьйцу ца хезна таIзар дийр ду шуна тIехь. Цкъа а цхьа салти а схьа-м ца велла! Цундела ас хIаллакйора церан йарташ. Цул сийдоцуш, боьха къам кху маьлха кIел хир дац. Кху дуьненахь адам хьоькхуш лела и Iаьржа ун а къехка царах, церан вуолла. Со Iебар вац царах, тIаьххьара веллачу нохчочун чарх Ставрополан музейхь сайн шина бIаьргана гичий бен!»

Оццу жамIашна тIевеара, Ермоловн къизалла тIехйаьлча, иза мукъа а ваьккхина, Николай I-чо «ламанан къаьмнаш къарде, ткъа ца къарлурш хIаллакде» аьлла, кхуза ваийтина фельдмаршал Паскевич.

– Кхидолу къаьмнаш къарда-м хала дацара, – паччахье балхамаш бора цо. – Церан коьртехь-м мехкадай бара, шайна чинаш, совгIаташ, ахча делчахьана, шайн халкъаш-м хьовха, да-нана а духкур долуш. Халаниш нохчий бу. Шайн акхачу маршонах хаьдда, шаьш вайн комендантийн Iедална кIел дахар деккъа цхьана дагадаро а карзахбоху уьш…

Баккъал а, хьекъале корта хилла Александр Петрович Ермоловн. Халахета государа хьалххе иза кхузара дIавигар. ТIехула тIе, цуьнан тIех къизаллина цунна барта чIогIа таIзар а деш. ХIетахь цхьана масех шарна иза кхузахь витина хиллехьара, цо шен къинхетамзачу куьйгашца тоххара караIамийна хир йара и неIалте Нохчийчоь.

Перейти на страницу:

Похожие книги

Отверженные
Отверженные

Великий французский писатель Виктор Гюго — один из самых ярких представителей прогрессивно-романтической литературы XIX века. Вот уже более ста лет во всем мире зачитываются его блестящими романами, со сцен театров не сходят его драмы. В данном томе представлен один из лучших романов Гюго — «Отверженные». Это громадная эпопея, представляющая целую энциклопедию французской жизни начала XIX века. Сюжет романа чрезвычайно увлекателен, судьбы его героев удивительно связаны между собой неожиданными и таинственными узами. Его основная идея — это путь от зла к добру, моральное совершенствование как средство преобразования жизни.Перевод под редакцией Анатолия Корнелиевича Виноградова (1931).

Виктор Гюго , Вячеслав Александрович Егоров , Джордж Оливер Смит , Лаванда Риз , Марина Колесова , Оксана Сергеевна Головина

Проза / Классическая проза / Классическая проза ХIX века / Историческая литература / Образование и наука
Дикое поле
Дикое поле

Роман «Дикое поле» принадлежит перу Вадима Андреева, уже известного читателям по мемуарной повести «Детство», посвященной его отцу — писателю Леониду Андрееву.В годы, когда Франция была оккупирована немецкими фашистами, Вадим Леонидович Андреев жил на острове Олерон, участвовал во французском Сопротивлении. Написанный на материале событий того времени роман «Дикое поле», разумеется, не представляет собой документальной хроники этих событий; герои романа — собирательные образы, воплотившие в себе черты различных участников Сопротивления, товарищей автора по борьбе, завершившейся двадцать лет назад освобождением Франции от гитлеровских оккупантов.

Александр Дмитриевич Прозоров , Андрей Анатольевич Посняков , Вадим Андреев , Вадим Леонидович Андреев , Василий Владимирович Веденеев , Дмитрий Владимирович Каркошкин

Фантастика / Приключения / Биографии и Мемуары / Проза / Русская классическая проза / Попаданцы / Историческая литература / Документальное