Читаем Кхолламан цхьа де полностью

Сих-сиха шаьшшиъ ІандагIна гергакхача йоллий а хьожуш, коьртехь уьйриг хилла хьийзаш йеза ойланаш а йолуш йоьдучу цаьршинна генна хьалхахьа, некъана иттех гІулч йуьстаха, Іуьллуш цхьа Іаьржа хІума а, цунна гуонах хьийзаш жІаьлеш а гира. Шаьш герга мел гІоьрти а, иза адаман дегІах тарлора цаьршинна, ткъа гуттар а гергакхаьчча, и шиъ тийшира хьалхахьа Іуьллуш гург баккъала а адам хиларх. ЙогІучу кхушиннах бІаьрг кхетча, ши жІаьла меллаша доладелла коьллашлахь къайладелира.

Воьжна Іуьллург беркъа вухавелла воккха стаг вара. Ма-боггІу лергашна тІеозийна тиллина, цкъа цхьана хенахь безачу мехехь хилла, шен холхазах боьхна, хІуманна меха боцу боьмаша холхазан куй бара цуьнан коьртахь. Дерзинчу дегІа тІе йуьйхина эттІа, коржамаш а тийсина аьхна тужурка а, эттІа меттигаш тешций, бехчалгашций леррина тІеттІаийзийна аьхна тиша хеча а, берзинчу когашна тІетуьйдина неІаран мачаш а йара.

Голаш мара а оьзна, горгвелла Іуьллура воккха стаг. Цуьнга дІа а хьоьжуш, ца соцуш тІехйелира хьалха йоьду Зану.

– Собардехьа, Зану, тхан эвлара Аюб ву-кх иза. Лаа Іуьллий-те хІара кхузахь воьжна? – сецира тІаьхьайогІу Хелипат. ТІаккха, воккхачу стагехьа дІа а йирзина, цуьнга кхайкхира иза.

Шозза-кхузза мохь тоьхча а, воккха стаг вист ца хилча, йа меттах а ца хьайча, тІейаханчу Хелипата цІе а йоккхуш меттахъхьавира иза.

– Миска Аюб- йаІ, – гІийла мохь белира леррина цуьнан йуьхьа тІе хьаьжначу Хелипатан. – ХІара-м велла Іуьллуш хилла…

Шена хезначу дешнаша хІумма а цец ца йаьккхира Зану, амма тІе а йахана, воккхачу стаге хьаьжначу цуьнан дагахь цкъа а дицлун доцу сурт дисира. Цунна хьалха Іуьллура кІайн йеха маж а йаьлла можа йуьхь. Аьрзунан зІок санна, хьаьвзина дукъ тІедаьллачу мера чуьра а, багара а охьаІийдадедла соьла мераІуьргаш чохь а, мекхашна а, можана а тІехь деттера. Набарна охьавижча санна, хьаббина лаьттара бІаьргаш. КІеззиг гІаттайеллачу багахь гора цхьа а талхаза шагатІулгаш санна, кІайн цергаш. Тужуркин эттІачу херошкахула гора шелоно сендина оза дегІ. Йуххехь Іуьллура мелла бертиг йихкина цхьа-ши кана хьаьжкІех буьзна жима пІаьлдиг.

– Йалохьа, Хелипат, дІагІо вайша. Со цуьнга хьежалац-кх, дог оьккхуш лаьтта-кх сан, – аьлла, шен хих буьзна бІаьргаш дехарца Хелипате хьовсийра Занус.

– Вайша дІа ма-йаьлли, схьадогІур ду-кх и жІаьлеш. Цхьа а стаг вац-те новкъа вогІу гуш?

Зану некъа дІасахьаьжира.

– Вац, Хелипат…

– Вайша хІун де-те, Зану?

– Новкъа дІасалелаш адамаш долуш тІе жІаьлеш гІертар дац хир ду цунна. Кхузахь лаьттачул, чехкка цІа а гІой, нахе хаийта вайша?

– Хаийта-м хала ма дацара, Зану. Хаийтича, хІара дІа а вигна, хІокхунна каш даьккхина, хІара лаьттах волла ницкъ кхочур болуш боьрша стаг тхан эвларчу нахана йуккъехь-м вац. Цхьаберш цомгаш эгна Іохку, важаберш шайн догІмаш халла ирахь лелош бу. Хаац-кха, хІун дер.

– И цхьа пхи-йалх стаг ву оцу гІуллакхна йукь йихкина лелаш. Цаьрга хоуьйтур вайша.

Цхьана минотехь ойла йиначул тІаьхьа, Аюбна йуххера дІайелира Хелипат. Кийра даш доьттича санна, дегнаш дазделла, гІелйелла эвла йолайелира ши зуда. Цаьршинна хьалха хІуьттура, и воккха стаг санна, декъазчу Іожаллица беллачу шайн безачийн, гергарчийн суьрташ, шаьш хІинццалц схьа Іийшина баланаш, инзаре ирча тахане, кхин а ирча, буьрса тІейогІу кхане…

– Велла, кху дуьненара дІаваьллачун-м ирс дара, – элира Хелипата, шаьшшиъ цунна дикка генайаьллачул тІаьхьа. – Дийна дисинчу вай хІун дика хьоьгур ду?! Амма тамашийна бу-кх дуьненан белхаш. Масане хир дац моьттург хуьлу, ла ца дийгІинарг тІедогІу стагана. Хьажал хьо Аюбах хилларг. Цхьа шо хьалха боккха доьзал, шортта даьхний, йоккха ков-керт йолуш, нахана Іаламат дукхавезаш, хьанала вехаш стаг вара иза. Цхьа шо далале, доьзалх, бахамах ваьлла, гІаж санна, цхьалха висира. Ткъа мел онда, дегІехь ницкъ болуш, уьнах цІена стаг вара иза! Дезткъа шо гергга хан йара цуьнан, ткъа тхан йуьртахь балха тІехь цуьнца ларош стаг вацара, Колхозехь собрани хуьлуш, ударник ву бохуш, даим стоьла улло хьаькамашна йуккъе охьахаавора иза. Цул сов, хІара Іедал доккхучу хенахь Микли-паччахьна дуьхьал тІом беш масех чов а хиллера цунна. ХІинца а сайна гуш санна хета суна, вopxI-бархІ шо хьалха депутаташ хоржучу дийнахь йуьртахь дуьххьара йаьшки чу тосу кхаж цуьнга тасийтар. ХІинца шен коьртахь болчу куйнаца, исхаран чоица, цунна чухула йуьйхина атлазан гІовтал, йукъах йихкина детица кхелина шаьлта. Оццул нисвелла, хазачу цуьнан Іожалла кхерстачу жІаьлин санна хили. ТІехь деша-м хьовха, аттала къилбехьа верзо стаг ца хилла уллохь. OxIxIaй, Дела, хьан болх бу-кх! Хаац-кх, вайн Іожалла муха хир а, вайна латта мичахь доьгІна а…

– Пекъар, стенга воьдуш хилла-те иза?

– Стенга воьдуш хилла хир вара иза? Цхьа иэшам бац ткъа вай дерриге а арадаьхнарг! Кхалла хІума лаха вахана хилла хир ву-кх! Веза Дела, хьуна дика хаьа хир ду-кх. КІадйелла, настаршна чохь са ца дисина сан-м. Каррехь йегайо-кх. Жимма йал йей вайша?

Зану реза хиларе а ца хьоьжуш, гира махьаца цхьаьна тІуьначу лаьтта охьахиира Хелипат.

– Тамашийна стаг йу-кх хьо, Хелипат. Хьан амалех цецйолу-кх, со, –элира Занус ша, охьа а хиъна, паргІатйаьлча.

– ХІунда бах ахь?

Перейти на страницу:

Похожие книги

Дело Бутиных
Дело Бутиных

Что знаем мы о российских купеческих династиях? Не так уж много. А о купечестве в Сибири? И того меньше. А ведь богатство России прирастало именно Сибирью, ее грандиозными запасами леса, пушнины, золота, серебра…Роман известного сибирского писателя Оскара Хавкина посвящен истории Торгового дома братьев Бутиных, купцов первой гильдии, промышленников и первопроходцев. Директором Торгового дома был младший из братьев, Михаил Бутин, человек разносторонне образованный, уверенный, что «истинная коммерция должна нести человечеству благо и всемерное улучшение человеческих условий». Он заботился о своих рабочих, строил на приисках больницы и школы, наказывал администраторов за грубое обращение с работниками. Конечно, он быстро стал для хищной оравы сибирских купцов и промышленников «бельмом на глазу». Они боялись и ненавидели успешного конкурента и только ждали удобного момента, чтобы разделаться с ним. И дождались!..

Оскар Адольфович Хавкин

Проза / Историческая проза