Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Областера дерриг некъаш участкашка декъна. ХIор а участкана гуттаренна а тIечІaгIйина билггалйолу йарташ. Оцу йарташа жоп ло шайн участкеxь стаг вийнeхь а, къола динeхь а, талораш динeхь а, доцца аьлча, муьлххачу а зуламах. Нагахь зуламхо муьлхачу йуьртара ву хиънехь, амма бехкениг ца каравахь, йерриг а йуьрто жоп ло зуламах. Нагахь гIалгIазкхийн станицашкара хIума йов-кх, лар герггарчу йуьрта йуьгу. Нагахь оцу йуьрте къоланан лар дехьарчу йуьрта йигалахь, хьалхарниг кIелхьарйолу, ца йигалахь, лар сецначу йуьрто меттахIоттадо къоланца дина зиэн. Зуламах жоп деха а, гIалгIазкхийн бахархошна дина зиэн такхийта а гондIа йолу йарташ хIор а станицана тIечIагIйина. Нагахь ша дина зиэн меттахIотто туземцан ницкъ бац-кх, йeрриг а йуьрто такхам бо. Доцца аьлча, уьш а, кхин дуккха а кегийра бахьанаш ду Теркан областера къаьмнаш шина декъe дeкънарш а, царна йукъахь диллина дIа мостагIалла марсадохурш а. Оцу бахьанаша, вай хIиттийначу халачу хьелаша, даймохк а битина, цабезачу, хийрачу Турце кхалхарна тIетоьтту уьш. Ткъа иза цара шаьш шайн куьйга байъар санна ду.

Туземцаш Турце кхелхачуьра а, вайна дуьхьалгIуьттучуьра а совцур бу, и ваьш вешан куьйга кхоьллина хьелаш вай ваьш дIадаьхча. Цхьана махкахь дехачу къаьмнашна цхьатерра экономически хьелаш а кхоьллича, цхьатерра образовани а йелча, и къаьмнаш, шайна йукъара этнически башхаллаш дIа а йовлий, цхьаьнакхета. Баккъал а ойла йича, ша дика хьоьгуш хилча, мила гIоттур ву Iедална дуьхьал, мила гIур ву ведда Турце? И шиъ бен, царна кхин некъ мa цa битина правительствос25.


* * *

Кхузарчу туземцийн экономически хьелаш эшорехь боккха болх бина правительствос, амма царна серло йалaрeхь хIинццалц схьа цхьа гIулч а ца йаьккхина. Ала тарло, кху тIаьххьарчу бIe шараxь гергга бахбеллачу тIамо таронаш ца хуьлуьйтура кхyзахь и гIулч йаккха. Амма кхузахь машар хIоьттинчул тIaьхьа а ма даьлла берхIитта шо. Оцу берхIитта шараxь кxузахь йиллинарг йеккъа цхьа школа йу. Иза а – кхузарчy хьолахойн а, динадайн а берашна…

Бехк буьллийла дуй ткъа правительствона? Олалла дечу классашна ма ца лаьа шайна бухарчу къинхьегаман халкъана серло а, кхетам а бала. Иза бодане мел ду, атта хуьлу дацо a, Iexo a, адамийн барт ца хилийта а. Цундела, вайн оьрсийн муьжгex пхи дакъа дича, деа декъана шайн цIе йилла а ца хаьа. ТIаккха хIумма а цецволуьйла дац правительствона хIара туземцаш серлонга баха дагацадарах.

Правительствон а, меттигерчу къорзачу мундирийн а бертаза цхьамзанийн а, набахтанийн зIaрашна а йуккъехула схьа кху лаьмнийн чIажашка йаьржа российски культурин зIаьнарш. Уьш кхуза йeaрa декабристаша, Пушкина, Грибоедовс, Лермонтовс, Бестужев-Марлинскийс, Толстойс. Цара дуьххьара бакъдерг элира кху махках, кхузарчу адамех. Дуьххьара дийкира ламанхоша шайн маршонeхьа латто турпала къийсам хестош долу церан майра аз. Оцу озо ламанхошкахьа безам, лерам кхоьллира хIор а оьрсийн стегaн дaг чохь.

И серло кху къомана йукъайаьржа правительствос дихкинчу йа цунна дагахь а доцчу некъашца – вайн прогрессивни эпсаршкахула, могIарчу адамaшкaxyлa. Кхиболчу туземцийниш санна, Iедало Петербурге, Москва, Владикавказе деша дохуьйту цхьаболчу нохчийн бераш. Халкъана гIуллакхна ца бохуьйту. Царах эпсарш, чиновникаш, талмажаш бан йа, вуьшта аьлча, кху къомана йукъахь царах Iедалан гIортораш йан. Амма гIаланашка, Iилманан хазни тIe, культурин зIаьнаршна кIел нисбелча, царах дукхахболчийн ойланаш правительствон Iалашонна тIера дIайовлу. Цара уггар хьалха тIеоьцу оьрсийн къоман лакхара культура, революционно-демократически идеяш. Уьш шаьш а самабовлу, шайн халкъ бIeшерийн боданера схьадаккха чIагIо а йо цара. Лаьа шайн халкъан диканиг, адамаллиниг, турпалаллиниг гучудаккхa a, даржо а. И шайн халкъ, официальни мундираша ма-дуьйццу, акха доцийла хаийта, кхидерш санна, иза диканиг, оьзданиг дезаш, безам, тешам, лерам а болуш халкъ хилар хаийта. Цара шайн халкъана гIуллакхдар башх-башха некъашца хуьлу. Берса а, Овхьад а саннарш цуьнан маршонeхьа къийсaман байракх кIел хIуьтту, ткъа кхечара мeттигерчу зорбанан гIоьнца массарна а йовзуьйту шайн къоман турпала истори, халкъан исбаьхьа барта кхолларалла. Шаьш а кхуллу къоман хинйолчу литературин бух.

Оцу шина а новкъа боьлхучийн Iалашо цхьаъ йу: халкъ Iазапах a, кхетамбацарх а маьршадаккхар.

И сан цхьаьнакхетарш хилла Берса а, Овхьад а тахана къexo ву. Цаьршингге а хьоьжуш хьалха лаьтта тангIалкхаш йа каторга. Цаьршиннен аьтто бара, кхиболу шайн хьолахой санна, хьоле, ирсе ваха. Амма, схьaхетаpexь, и шиъ верриг а революцин идеяша йийсаре лаьцна хилла.

Перейти на страницу:

Похожие книги