– Хадам боллуш гайтам бацара шуна белла? – Аваловна тIевирзира Свистунов. – ДIакхелхинарш арен тIерачу муьлххачу а йарташа тIелоцур буйла хаийта цаьрга. ТIaьхьа паргIат къастор ду, цигахь мила вуьсу а, Россе мила вохуьйту а. Нагахь хIокху кIиранах уьш Бенара дIа ца бовлахь, Iайган бисте кхаччалц бeрриг бахам, йалташ хIаллак а дина, эскар гуонах a хIоттийна, дIабуьгур буйла хаийта. Iаьлбаг мичхьа ву тахана?
– Симсаройн хьаннашкахь.
– Маса стаг ву цуьнца?
– БIe гергга.
– Бахархойн дог-ойла муха йу?
– ЛадоьгIуш Іa. Bайгахьа а ца бовлу, Iаьлбагна тIаьхьа а ца хIуьтту.
Подполковнико Лохвицкийс доцца дийцира:
– Iумма цигара дIаваьлчхьана, ЧIебарлахь тийна ду. Залмин Дадас йукъ-кара сагатдо тхан. Амма кхераме хIума дац.
Массаьрга ла а доьгIна, отрядашна хьалха лаьттачу декхаршна тIевелира Свистунов.
– Тахана гIаттам Басса тIе бирзина, господа. Iаьлбаган метта хьалхарчу плане ваьлла Iумма. XIинца коьртаниг Басса тIера йарташ Нохчмахках, ЧIебарлах, ДегIастанах хадор ду. Цхьа а стаг Басса тIера дIаса ца волуьйтуш. ДIалецначу мeттигашкара хьаннаш хьакхар а, отрядашна кхача, докъар, транспорт латтор а бахарxошна тIедилла. Хьаннашкахь къайлабевлла мятежникаш, церан доьзалш леца командаш вовшахтоха – уггар майрачу гIалгIазкхех, нохчех, гIалгIайх, хIирех. ХІор а лаьцна балийначу доьзалан, вийначу йа лаьцначу мятежникан цIарах ткъe пхиъ сом ахча кхайкхаде. Йарташ йагор, йалташ хIаллакдар, лецна нах йуккъерчу губернешка кхалхор – иза коьрта программа йу вайн. Амма йуьхьанца, цкъачунна, оцу тIера йухадовла дезар ду. Коьртаниг – уьш хьаннашкара схьабахар. ТIaьхьа кхуьур ду вай таIзардан. Амма уьш шайн йарташкахь бита мегар дац. Бассахошна таІзар гуттар а луьра хила деза. Оцу тIе дигa гIуллакх. Нагахь цара, шаьш Iедaлaн кара а догIу, къарделла а совцу бахахь, малло. Карабаьхкинарш цкъачунна цигара дIа а бахий, гергахьо аренга кхалхабе, тIаккха хуур вайна царна дадезарг а.
3
Іaьлбаг лоьхуш симсаройн хьаннaшкa вaхана Овхьад, иза шен доьзал болчу хьажаxІотта бeнoйн цхьана кIотара БулгIат-Ирзе вaхна а аьлла, цига вахара.
ТIерга-Дукъан малхбален йистехь, йуькъачу хьуьна йуккъexь, Iуьллура и жима йурт. Кхузара дIа, керайуккъехь санна, шера гора къилбаседехьа хьаннашца, раьгIнашца йаьржина Іохку зандакъойн кхийолу йарташ а, кӀотарш а. Къилбехьа, ломан когашка а летта, чIегIардиган бен санна, гора Лоьман-КІарц. Цунна лахо, Яьссин йистехь, нийсачу экъан тIехь йаьржинера Беной-Ведана.
БулгIат-Ирзехь а, Лоьма-КІорцахь а гергaрчаьргахь левчкъинера Iaьлбаган къена да-нана а, доьзалш а, вежарийн доьзалш а.
Iуммин кост дIакхетийча, цигахь дукха Іойла ца хилира Овхьадан. Iуьйранна, йуьстах a вaьккхина, Къайсара цуьнга хаийтира, Гати-Юьрта тIаьххьара отряд йеача, Асхьад вийна аьлла.
– Дала гечдойла цунна! Вешел доккха хIума дац стагана дуьнен чохь. Амма вайга ца хоьтту Іожалло. Масане безарш, цатерш дIахьо цо…
Овхьадна цхьа генара санна хезара Къайсаран кадам. ДегI, хьацар тоьхна, малделла дегадора. Цхьанхьа xIоьттина ца Iалуш, роггIана цхьацца кога тIе вазлора иза. Кийра цIеххьана цIe хьаьвзира. Оцу минотана йакъайеллачу багара мотт дечиган болуш санна хетаделира цунна.
Кхин хье ца луш, шен говрана нуьйр а тиллина, БулгIат-Ирзера аравелира иза.
Сийсара сахиллалц тIедилхинчу догIано лашкадаьккхинера латта. Боьранашца, хьаннашца тиэкхара йуькъа сира дохк. Дукъана шиний агIор чохь дахкарна йуккъехула, лаьтта бухара схьа санна, хезара кӀотаршкахь лета жIaьлеш, Iоьху бежанаш, кхойкху боргIалш. Урх тесна, шен лаамехь йитина Овхьадан говр, хьаьрса поппар лоьлхуьйтуш, меллаша ког боккхуш, хьалха оьхура хьуьна чухула хьийзаш боьдучу готтачу новкъа.
ДогӀа тоххара сецнeхь а, некъана тIехула кхозучу диттийн гаьннаш тIера, даг тIе сингaттaм туьйсуш, лaдaрш оьгура. Наггахь тIадам, кочехула чубужий, пханарш йуккъехула охьашершара. Амма Овхьадна ца гора гуонаха хуьлуш дерг. Муьлхха а цхьа бохам тIебеача, цо йоьллу деган шира чевнаш а. Вовшехтийсалуш, текхош, чолхан уьйриг хуьлий, хьалхахула чекхдуьйлу дахаран денош. ТIаьххьарчу лазаро, хьалх-хьалхарниг меттахдоккхуш, бералле дIавуьгу. Мацах цкъа дицделларш а карладоху. ДуьхьалxІyьтту безачийн йуьхь-сибат, лелларг, аьлларг дерриг а. Овхьадна карлайелира шайн бералла. Ша, вежаршна тIаьхьа а хIуттий, ловзa лeлaр. Цара ша, хих, догIанах, дорцах, шелонах ларвеш, Iалашвар. КІадвелча, ги вуллуш, караоьцуш лелор. Шайна карабеана стом, хасстом, шаьш ца бууш, жимахчу шена кхийдор. ДуьхьалхIоьттира беран хенахьлера Асхьадан сурт. Шога а, эндаже а вара иза, амма даим Овхьадан доладора. Овхьадна хаа а ца делира ваша воккха хуьлуш, цуьнан амалш хийцалуш. Владикавказехь шаьш доьшуш, Овхьад дукха гуонах а ца хьийзара вешина. Овхьад виллина дешаро дIалаьцна вара.
Амма цигара шаьшшиъ цIa вирзича, хиира Асхьад тохaрлера ваша воцийла. Цуьнан берахьлера шога амалш дералле, къизалле, сутаралле йирзинера. Сутаралла йара Асхьадан дог тIулге дерзийнарг. Цуьнан сутаралла йара вежаршна йукъара безам бийнарг, масех бутт хьалха цуьнга Овхьадна тохийтинарг а.