– Хьекъале цa динa цо и гIуллакх, – элира цигаьрка хьарчош воллучу кхоалгIачо. – Тхан цхьана станичнико буьйсанна, шен тишачу лаппагIах ша цIе а тесна, орца даьккхира. ЦIe муха йаьлла бохуш, хетта боьлча, нохчий бехке бира цо. ЦIe а тесна, ведда иза шен шина бIаьргана гира аьлла, дуй биира. ТIаккха Iедало хIун до? Кхин дIаса хьийзораш а ца йеш, луларчу йуьртера ахча даьккхира. ХIай-хIай, даьгначу цIийнан лаккхара мах а хIоттийна. Ткъа станичнико керла цIенош дуьйгIира, хьалхалерчул дуккха а дика28
.– Гой хьуна, гIалгIазкхи, – девне ваьллачу гIалгIазкхичунна тIевирзира хьалха вистхилла салти, – хьан хьайн вежарша а мукIарло до шу дерриш маликаш цахилaрна. ХIара нохчий-м басурманаш хиларна ца безара хьуна. Ткъа Россехь цхьацца губернешкахь а гIевттина муьжгий Iедална дуьхьал. Муьлш бу уьш хьоьшурш, каторге хьийсориш? Вайн вешан керста бакъдинан оьрсийн салтий а, гIалгIазкхIий а бу-кх. Цкъацкъа салташа дуьхьало йо муьжгий хьаша. ТIаккxа гIалгӀазкхаша уьш а, вуьш а таррашца цоьсту, говрашца хьоьшу. Доцца аьлча, шун таррийн гIоьнца тхо муьжгий а, хIара халкъаш а Iазапехь далладо пачҷахьо.
– Ларлуш хила, салти, – кхерам тесира гIалгIазкхичо. – Государана лийча, ас могуьйтур дац хьуна!
– Шаьшшиннен нанна гихь воллийла хьо а, хьан государь а…
– Тоийта, тоийта, – маслаIатна йукъавуьйлира кхин салти. – Стенна оьшу дов? Шуьшинга къа а ца хьоьгуьйтуш, нохчаша шаьш вуьйр ву шуьшиъ.
– Нохчий-м хьовха, тхан а бац шуьгахьа безам, – цa соцура важа. – Паччахьан йолахой!
– Собар, муьжги, собар! Ас эпсаре дIакхачор ду хьуна хьан дешнаш-м!
– Дала хьеха! Тхуна мотт бар а, шодмаш йеттар а шун говзалла ма йу.
Церан девнна тIекхечира къона прапорщик Северцов. Иза полке гIуллакх дан веана дукха хан а йацара. Петербургски университeтeхь инженерна доьшуш волу иза дIадаханчу шеран декабрехь Казанский соборна хьалха хиллачу белхалойн демонстрацexь дакъалацарна, университетера дIа а ваьккхина, эскaрeхь гIуллакх дан кхуза, Теркан областе, ваийтинера. Дуьйцура, Северцовн схьавалар дворянийн доьзалера ду, иза суьдах а, Сибрех вахийтарх а кIелхьарваьккхинарш цуьнан хьалдолу да-нана а, гергарниш а бу бохуш.
– Йуха а дов деш вац хьо, Петрович? – хаьттира цо девне ваьллачу салтичуьнга.
– Цхьаъ ца дийцича сингаттаме ду, хьан оьздалла.
– XIун къyьйсу аш?
– ХIара станичник ву-кх, шаьш Делан маликаш ду бохуш, дуйнаш бууш. Амма, мел лерина тIехьежарх, гуш тIемаш а дац цуьнан дегIа тIехь. Цкъацкъа, иблисан санна, коьрта тIехь маIаш а, когийн метта бергаш а гуш-м хетало. Нохчий безац шена, боху. Ткъа ас боху, шуна-м муьжгий а ца беза. Цундела царна а, вукхарна а шу а ца деза. ХІокхарна шаьш элий ду моьтту, ткъа мyьжгий шайл лахара лайш хета.
– Ой, оццул хьалдолуш ву хьо, станичник? – хаьттира прапорщико гIалгIазкхичуьнга.
– Далла бу хастам, даа бепиг ду сан.
Прапорщик царна йуккъе охьалахвелира.
– Ткъа муьжгийн а, xIoкxy нохчийн а дац гай йуззош даа бепиг.
– Хир ду, оха санна къахьегахь. Царна лаац къахьега. Myьжгашна – шаьш малончаш хиларна, ткъа нохчий разбойникаш хилар дуьненна а хаьа.
– Иштта ма ала, Агеич, – йукъавуьйлира цигаьрка уьйзу гIалгIазкхи. – ГIaлгIазкхий а бац цхьаъ. Вайшиннан латта ду паччахьна гIуллакх дийриг делла. Ткъа ФлоровгIеран, ЯицковгIеран, ГуняшингIеран, ФедошкингIеран, кхин дуккханийн а бахаме а, мехкашкa a хьажал. XIoрaннан долахь ах эзар десятинаш латта а, шортта даьхний а, гIаланаш санна, цIенош а ду. Шен долара мохк эзар десятине бовлурш а бу. Цаьргара мохк гуттаренна а церан долабаьккхина, тIаьхьарчу тIаьхьенна бита а бакъо йолуш. Ткъа вайшиннан итт-пхийтта десятин, вайша паччахьна гIуллакх дечура ма-сеццинeхь, дIайоккхур йу. ТIаккха мила хир ву вайшиннах? Myьжги йа нохчо! Оцу ФлоровгIеран, ФедюшкингIeрaн йалхо.
Северцовс леррина ладоьгIура салтийн а, гIалгIазкхийн а девне. Церан къийсaман дуьхе кхиира иза.
– Хьо бакълоь, Астафьев, – элира цо. – Амма Петровича буьйцучун а бу цхьа бух. Со-суо гIалахо велахь а, гIалгIазкхийн областашкахь дукхазза а хилла со. Церан Iep-дахар, ойланаш, амалш, гIиллакхаш а девзина. Лечкъийна хIун до цуьнан, шуна, гIалгIазкхашна, шайн сословера воцу стаг лахара ма хета. Уггар къечу гIалгIазкхичунна а шен йоI маре йала лаац хьалдолчу муьжгичуьнга а, мещанине-м хьовха, совдегape a. Церан йоI йало а лаац. Уьш шайл лахара хеташ. ГIалин белхало-м гуттар а лахара ма лорийца. Iедало шатайпа шуна хьелаш даларо курадаьхна шу.
– Тхоьлахь а бу къехой а, латта доцурш а, – йукъаиккxира Агеев.