Сайга йола ас аьлча, хьо охьа ма теІа,
Хьох болу сан безам бан тигац, Аьлбика.
Марша я хьо бІаьсте, мел хаза йолуш ю,
Марша я, Аьлбика, мел хаза кхуьуш ю,
БІаьстенца ахь къийсахь, бІаьсте-ма дІаер ю,
Хьо тхуна юьсур ю, бос хаза Аьлбика.
ДІаяздинарг Зайнди Джамалханов
33. ПОГОВОРИМ ЕЩЕ РАЗ О ГЛАГОЛЕ
1. Перепишите из ниже приведенного текста переходные и непереходные глаголы, поставив их в инфинитив.
2. Напишите в инфинитиве однократные глаголы, преобразуя их в многократные.
3. Образуйте из глаголов прошедшего времени глаголы настоящего времени, показав, какого они спряжения.
4. Определите в тексте глаголы прошедшего времени, подчеркивая их суффиксы. Выпишите производные глаголы, поставив их в инфинитив, подчеркивая суффиксы.
5. Выпишите из текста классные глаголы, выделяя их классы.
6. Выпишите из текста глаголы, указывая их лица и множественность.
7. Выпишите из текста глаголы и образуйте из них масдар.
8. Выпишите из текста глаголы в вопросительной форме, определив их время.
9. Образуйте из настоящего времени глагола две формы будущего времени.
10. Образуйте от глаголов текста повелительные наклонения, подчеркнув окончания.
11. Глаголы текста поставьте в инфинитив, составьте предложения с участием этих глаголов.
12. Образуйте от глаголов текста условные наклонения.
13. Выпишите из текста причастия.
14. Выпишите из текста деепричастия, определяя время, подчеркивая суффиксы.
Кавказхой
(«Александр Чеченский» повеста тІера дакъа)
Дежурни инарла велира Кутузов полчу цІа чу
- Хьан сийлалла, рапорт кхаьчна Давыдовгара.
- Схьайтал, - олуш, куьг кховдийра къеначу фельдмаршало.
Инарлас дІаделира кехат.
Леррина дийшира Кутузовс лехат. Юьхьа тІера хебарш тІаьхь-тІаьхьа шарлора. Эххар а велакъежира иза. Хаза кхаъ бара кхаьчнарг. Кутузовн ойланаш чІагІйира кехато.
- Эрна вахийтина ца хилла Давыдов мостагІчун тыле. Боккхачу тІамехь бан а ала ду мостагІчунна ищтта бохамаш, Ткъа шен хІаллакьхилларщ дукха а бац.
- Суна хетарехь, хьан сийлалла, кхин а яхийта езара армейски частиш мостагІчун тыле.
- Цуьнан хьокъехь со ойланаш еш волу дукха хан ю. Оьшуш гІуллакх ду иза! Амма вайн кехаташ тІехь «партизанаш» алий дош ма хьахаделахь. Пет ерубргехь и муха дезалур ду, ала хаац, - кІорга садаьккхира Кутузовс. - Оьшуш хила-ран-м шеко яц. Гой хьуна, дохийна эскаран дакъош, йийсарди-на карабалийна, схьаяьхна ворданаш, тІехь хІоъ-молха а, юург а йолуш, Мел гіо хир дара мостагІчунна, и дІакхаьчнехь, вуьшта а мацалла хьоьгуш волчу цунна! Дуьйцийла яц, дика гІуллакх ду Давыдовс дІадолийнарг.
Юха а кезата тІе вуьйлира фельдмарщал. Жимма Іийна-а элира цо:
- ГІоьнчий а диканаш нисбелла цунна. Храповицкий, Темиров, Чеченский… Собардел, тохара даийтинчу рапорташ тІехь хьехош а вацара Чеченский?
- Вара, хьан сийлалла.
- Каде, майра ву бохуш, вуьйцу кху тІехь Чеченский. Мила ву хьовха иза?
Дежурни инарлас элира:
- Суна хетарехь, Раевскийс кхиийна кавказхо ву иза. Дуьйцуш хезна суна.
- Хила там бу. Вайн нана-махкана тІе кхерам хІоттарна, доллу къаьмнаш а гІевттина, ойланашка велира Кутузов. Юха а хьаьвззина тІеяхара уьш. Элира цо. - Нохчех-м вац и Чеченский?
- Ву боху хьан сийлалла. Долчунна даре дан деза, майрачу къомах ву иза, - элира дежурни инарлас. - Кхин цхьа масал а ду, нохчо Россина гІуллакх деш хиларан.
- Дийцал, дийцал, - гІентахь меттахъхьайра Кутузов, ладогІа кечлуш. Хилла долу, истори юкъа дахана хІуманаш дезаш, хаа лаьара цунна гуттар а.
- Дикка хьалха хилла иза. ХІинца дагадогІу суна, цхьанхьа-м дийшира ас. Тохара польско-литовски шляхтичаша, тІе а летта, Москва дІалацар, исторехь дуьйцуш, хьуна а, хьан сийлалла, хууш ду.
Корта тесира Кутузовс.
- ХІетахь мостагІчух Москва, Россия паргІатйоккхуш доккха гІуллакх дина Нижегородски думо. Цу хенахь цигахь вехаш хилла эла Черкассм/ІЙ Дмитрий Мамстрюкович1
(1 М. Н. Загосткина шен «Юрий Милославский» цІе йолчу романа тІехь а, революци хилале хьалха ваьхначу историка М. С. Соловьевс а шен оцу романах лаьцна язбинчу балха тІехь а Черкасский Д. М - нохчо хилар яздо), нохчех схьаваьлла а волуш, Цуьнан цІенош чохь гулъелла хилла дума кхеташонна. Цу чохь цо аьлла боху: «Москва схьаяккха цавогІург, ямарт стаг а, шен халкъ, мохк мостагІчунна дІабелларг а ву». Ткъа цу чохь хиллачара массара а жоп делла: «ДогІу ихо», - аьлла. Октябрь баттахь 1612-чу шарахь Нижегородски ополченис Москва схьаяьккхира, Кремль чу уьш боьлхуш, коьртехь говрахь вогІуш эла Дмитрий Михайлович Пожарский хилла, цунна аьтту агІор говрахь вогІуш эла Черкасскй хилла, аьрру агІор ~ Минин. Ишта истори юкъа вахана-кх Черкасский Дмитрий Мамстрюкович.- Ша винчу махкана санна, хьанал хилла иза Россина.
- Хилла те, Вайн Чеченский а ву ишта.
- ПаргІатехь и ган, юххера вовза хьожур ву со. Дикка самукъадаьккхи ахь сан, цхьана минотана мукъана, - даг тІе куьг диллира Кутузовс, - махкана тІе беана бала кхузара байбеш.
Дежурни инарла тамхилла жимма дІатийра. Ойланашка ваьлла Іара ший а. Тийналла эххар а йохийра дежурни инарлас:
- Хьан сийлалла, кхин мила вахийтича бакъахьа хета хьуна мостагІчо дІалецначу меттигашка?