ХIан-хIа, Зеламхас бекхамза йуьтур йац Iедалан и акха къизалла. Цо къинхетамза бойур бу и къизалла лелийна хьаькамаш, салтий, гIалагIазкхий, дегIастанхойн дошлой. Моргания, Кибиров, Донагулов. ТIаьхьарниг вуьйр вац. Цуьнан вешина тIехь диннарг дийр ду. Иза дина а Iийр вац. Схьа а лаьцна, вoIуp ву. Уггар хьалха ден дезарг и Кибиров боху хIирийн зуд ду. Цхьана йоццачу хенахь Ведана-округан начальник лаьттина иза. Цига кхин хIоттаваллалц. ХIинца кхин ву начальник. Подполковник Каралов. Муьлхачу къомах схьадаьлла ца хууш, цхьа къутIа. Мекара ду хIара Iедал. Хьалха оьрсийн эпсарш хилла, боху, кхузахь нохчашна и тайпа таIзарш деш. ТIаккха къизалла лело царна кIордийнера, хаац, йа шайгахь товш ца хеттера, хаац. Йа шайн куьйгаш бехдан ца лиънера, хаац, и эхье болх кхечу къаьмнех нахе белла оьрсаша. ДегIастанхошка, хIирашка, гуьржашка, абхазашка, эрмалошка. Нохчашна, гIалгIашна йукъахь а карийна и тайпа чаьлтачаш. Бакъду, хIокхара къайлах бо и болх. Iедална тIе къайлах мотт кхоьхьуш. Ахчанах. Уггар эхье болх бу цара бийриг. Шайн къоман вежарий, бусалба вежарий къайлах бухкучул, герз карахь, даррехь летар гIоле ма йу. Стешха чагIалкхаш!
Зеламхас дукха ойла йина, Iедалх бекхам муха оьцур бара-те бохуш. Иза дан хала ду тахана. Массо а йарташкахь эскарш ду лаьтташ. Уьш а нохчашка шайга кхобуьйту. Шайн хIусамашкахь. Салташна кхача а, мотт-гIайба а латтош. Церан говрашна докъар, хIоъ латтош.
Шен а, халкъан а коьрта мостагIий кхузахь байарх а сатуьйр дац цуьнан. Iедало нахера даьккхина ахча, нахана дина зен меттахIотто деза цо. Iедалера ахча а даьккхина. Оццул ахча кхузарчу банкашкахь хир дац. Зеламха уьш тало воьлчахьана, дукха ахча ца дуьту банкашкахь. Россин къилбехьарчу шахьаршкахь Iалашдо. Москох, Петарбухе дIадаьхьнарш а бу. Йаккхий йоцчу харжашна банкашкахь дитинарг а, лардеш, чохь Iалашдо. Церан неIарш а, догIанаш а борзан ду. Ха а алсамдаьккхина.
Дуккха а ойла йинчул тIаьхьа Зеламхас сацам бира кIирандийнахь Соьлжа-ГIалара йармарка тало. Цига мах бан богIу гондIарчу шахьаршкара совдегарш а. ХIирийчуьра, ДегIастанара, ГIебартара, Ставрополера. Кхин генара а. Шайн товар дохка а, кхузара шайна оьшург эца а. Масех совдегар талийча а, атта гуллур ду цуьнга итт эзар туьма. Иза кIезиг хир ду. Иза нахера даьккхина ахча ду. Цул совнаха, нехан цIенош дохийна, даьхни дигна, сал-пал йаьхьна. И дерриг меттахIотто итт эзар туьма кIезиг хир ду. Лаххара а ткъа эзар туьма дезар ду.
ГIалара цхьа банк тало йеза. Уьш йиъ йу цигахь. Царах дукха ахча хуьлуш шиъ йу, боху. И шиъ мичахь йу, хаьа Зеламхина. Цхьаъ – Александран урамехь, хьолахой сакъера гуллучу гIалин бешана дуьхьал. ШолгIаниг, мацах Зеламха шен мостагI Вербицкий вен Iалашо йолуш ваханчу «Франция» отелана бухахь йу. Хьалхарниг, Азовско-Донски коммерчески банк, тало аьтто болчахь йу. Беша уллохь.
Йамарка а, банк а цхьана дийнахь талийча, Iедало орца цхьана агIор дерзийча, вукхарна шайн гIуллакх дина дIабаха аьтто хила тарлора. Амма цхьана дийнахь шина тобане бекъна гIали чу бига накъостий бац Зеламхин. Цундела йармарка хьалхайаккха сацам хилира цуьнан. Иза кхиаме чекхдаларан тешам болуш гIуллакх ду. Банкаца дерг тIаьхьа дийр ду цо.
Амма хала хир ду и Iалашо кхочушйан. Хьалха-м масех йа маситта стаг цхьаьна а кхетий, боьлхура уьш ишттачу гIуллакхе. ХIинца хала хир ду. Массо йуьртахь, некъашкахь салтий, гIалагIазкхий лаьтта. Жимма а шаьш шек болу стаг, сацавой, дегIах хьуьйсу. Лоций, вуьгу.
Цул совнаха, хьалхалера накъостий а бац Зеламхин. Ши шо гepггa хьалха цуьнца ГIизлара баханчарех а бац. Саламбек, Аюб, Абубакар, Жабраил. Кхин дуккха а. ГIизлара рейд йеш, шина отрядан коьртехь вара Саламбек а, Аюб а. Зеламха, шех санна, тешара цаьршиннах. ХIинца вац и шиъ. Кхин дуккха а.
Ярмаркера совдегарш тало ткъа стаг къастийра Зеламхас. Царах ши тоба йира. Церан коьрте уггар майра, доьналле виъ стаг а хIоттийра. Ткъа стаг цхьаьна-м хьовха, пхиппа цхьаьна гIали чу ваха а кхераме дара. Говрашкахь бахар а дихкира. ГIуллакх чекхдаьлча, говраш ярмаркехь шортта хир йу. ГIали чу хьалхарчу суьйранна даха дезар ду. Шайн хьешашкахь цхьацца-шишшаммо цхьаьна буьйса а йаьккхина, шолгIачу дийнахь базар тойеллачу хенахь билгалйинчу меттиге дIагулдала. Ярмарке ворданашкахь догIур ду, герз вордан чохь гIодмашна йа алана кIел дIа а лачкъийна. ГIуллакх эха сохьтехь чекхдоккхур ду. ТIаккха ярмарке баьхкинчу нехан говрашкахь чехкка цигара дIадовла деза. Шайн говрашна тIекхаьчча, ярмаркера лецна говраш дIахеца.
Цхьаьнакхета меттиг – Дубин-Эвлан йистехь.
Дерриг а дийцина, лерина, терзанца санна, оьзна дара. Шена накъостий къастош, Соипан цIе ца йаьккхинера Зеламхас. Цунах вас хилла, Зеламхина тIевеара иза:
– Зеламха, Соьлжа-ГIала буьгучарна йукъахь сан цIе ма ца йаьккхира ахь?
– Хьо ца вуьгу ас сайца.
– ХIунда?
– Ца вуьгу.
– Сох ца теша хьо?
– И дага хIунда деана хьуна? Хьенан ву а, мила ву а ца хуучу хенахь салташкара ас схьа ца ваьккхина хьо?
Соипан йуьхь цIийелира.
– Хьан ненан хьо цхьаъ бен вац. Хьан ши бер ду. Тхо кхерамна тIедоьлху. Цхьа а дийна вуьсий а, хаац.
– Чермойн ломахь бацара кхерам?