Читаем Дарц полностью

Шоззе а и шиъ йолчу вахча, цаьршимма дуккха а дийцира шайн дех лаьцна. Суьрташ, ширачу газетийн материалаш гайтира. Ца дийцинарш цхьадерш Гатуев Константинан книги тIера а хаьара суна. Гатуевн а хиллера цаьрца цхьаьнакхетарш.

Ссылкехь шаьш йаьккхинчу хенахь Лом-Iела а, Ахьмад а велча, шайн бIарзделла хьийзар а, цигарчу оьрсаша шайн догъэцар а дийцира. Къаьсттина бовхачу безамца йуьйцура ссылке йахийтина къона революционерка Валентина Михайловна Карташева. Цо шаьш йоза-дешарна Iамор а, шайна гIoдар а.

– Тхуна цIa дерза бакъо йелча, тхо новкъа даха йеара Валентина Михайловна. Тускарш чохь булочкаш, кхехкийна хIоаш, шура, нехча, кхин дуккха а хIуманаш йохьуш. Новкъахь эшахь а аьлла, ахча а делира цо. Тхан да вийна аьлла, газеташ тIехь дешча, тхоьга кадам беш Соьлжа-ГIала кехат даийтира цо Минусинскера схьа. Дика адам дара иза, догцIена, къинхетаме, комаьрша.

ТIаккха, Зеламха вийча, цуьнга хьовса шаьш дигар а, иза дIаволлар а дийцира Муслимата.

– Тхо Соьлжа-ГIала далийра. ЦIерпошта тIера охьадиссийча, салтийн а, жандармийн а ха хIоттийра тхуна гонаха. ХIара суьрташ хIетахь даьхна тхан. Сой, Энист къаьсттина хIоьттина йу, доьзалехь тIаьххьара йуьсур йуйла хууш санна. Йарташка даха бакъо ца лора. МирзоевгIеран цIeношкa дIатардира. ЦIеношна гонаха а ха хIоттийра. Уггар хьалха Мухтаров веара тхо долчу. Тхан ден хьаша, хьолахо, азербайджан. Мохьмад, Энист деша дIатардан лаар хаийтира цо. Тхуна дешар оьшу, бохура. Энист хIетахь цомгаш йара. Иза деша йохуьйтийла ца нисделира. Мохьмад реальни училище дIатарвира цо.

– Даа, тIедуха, кхин оьшург мичара хуьлура шуна?

– Iедало баттахь ткъе пхи сом лора тхуна. КIезиг ахча-м дара иза. Гергарчара гIo деш хене довлура. Ахьар, дама, жижиг, кIалд, кхиерш латтайора. ТIаккха оцу ткъе пхеа соьмах тхаьшна тIедуха, когадуха оьцийла а хуьлура. Генадевлла кечдала гIерташ тхо а дацара. Иштта, цхьа гIедакх дан гIертар-кх.

– Зеламха воций, муха хиира шуна?

– Оцу дийнахь цхьацца кега-мерса xIyмa эца базара йаханера со, – элира Эниста. – Цигахь дуьйцуш дара, Зеламха вийна бохуш. Йедда цIа а йеана, нене элира ас, дада вийна бохуш, дуьйцу базарахь аьлла. Нана цомгаш йара оцу деношкахь. Нана а, Зезаг а ца тешара. Бакъ хилча, газеташ тIехь хир дара иза, бохура. Мохьмада, ведда вахана, газет деара. Цу техь хIумма а дацара дадех лаьцна. Дукха хан йалале цхьа полковник веара тхо долчу. Цо дийцира тхуна, дада вийна, дакъа Шела деана, иза билггал Зеламха хилар хаа деза Iедална, нана цига дIайан йеза аьлла. Нанас, ша цомгаш йу, цига дIайалур йац, элира. Полковник, ца тешаш, хьаьжира меттахь Iуьллучу нене. ТIаккха дIа а вахана, цхьа ах сахьт далале йухавеара иза, лор а валош. Лор леррина хьаьжира нене. Ша хьаьжна ваьлча, нана цомгаш хилар чIагIдира цо. ТIаккха, Зезаге йола, элира полковнико.

Муслиматна а, Энистана а шера оьрсийн мотт хаьара. Соьга а, шина гуьржичуьнга а акцент йоцуш ца бийцалора иза, ткъа цаьршимма, цхьа а акцент йоцуш, цIена буьйцура.

– Зезаг кечъелча, со а, Мохьмад а тIаьхьахIоьттира, тхойшиъ догIу аьлла, – къамел шега дIаийцира Муслимата. – Полковнико дуьхьало ца йира. Автомобилахь Шела дигира тхо. Базаран майданахь лаьтташ дукха адамаш дара. Йарташкара нохчий, суьйлий, Соьлжа-ГIалара, станицашкара баьхкина оьрсий. Суьйлийн дошлоша а, гIалагIазкхаша а майданара дIалоьхкура нах, амма уьш йуха а цига дIагуллора. Дена тIедигира тхо кхоъ. Тишачу черта тIехь Iуьллура иза. Хьерчийна гIевланга диллина цуьнан шен тиша чоа дара. Бедарш тIехь дакъадалаза детта цIий дара. Суна ца вевзира да. Ши шо хьалха суна гинчух тера вацара. Суна тIаьххьара гинчу хенахь дегI дуьзна, йуьхь горга йара цуьнан. ХIетахь маж-мекх хуьлура доцца лергина. Ткъа суна хьалха Iуьллург кхин стаг вара. Оза, йеха йуьхь, буткъа мара, деха маж-мекх, чуэгна беснеш йолуш. Къаьсттина ца девзара куьйгаш. Тхо цо хьоьстуш, дадин куьйгаш даим кIайн, цIена, кIеда хуьлура. Ткъа суна хьалха Iуьллучун куьйгаш Iаьржа, эндаже дара.

– ХIapa Зеламха вуй? – хаьттира тхоьга полковнико.

– Аса, вац, элира. Зезага, ву, элира. ТIаккха тIегулделла адамаш дIаса а лаьхкина, ден дакъа йуьртден канцеляри чу даьхьира. Дакъа лоьраша этIо деза, бохура. Тхо цигахь а долуш, дIавоьллира дада. Салтийн говраш кхобучу божална улло. ЦIан а ца веш. Марчо а ца хьарчош. ЦIеша йуьзначу бедаршца. Иштта дIаволлар-м, гIаддайча, тардолуьйтура оха. ГIазотехь велларг лийча ца веш, марчо а ца хьарчош, Йасин, ЗаIам ца доьшуш дIаволла магош хиларна. Амма кешнашка а ца вуллуш, божална уллохь, кхелли кхийсинчу маьIIехь иза дIаволлар дагахьбаллам буьтуш дара.

Муслимата дуьйцурш цхьадерш суна керла а дацара. Амма шина гуьржичо, цхьа дош тIех ца туьлуьйтуш, ладoьгIypa. Цхьадерш шен блокнота тIе дIайаздора Зураба.

– Да дIавоьллича, цуьнан кошан борза тIе а хIиттина, Соьлжа-ГIала йухадирзира тхо. Полковнико автомобилахь далийра. Нана ца тешара дада вийна бохучух. Цо йух-йуха а хоьттура, цуьнан дакъа дарий иза бохуш. Ас, дац, олура, Зезага, ду, олура. Зезагах тийшира нана. Мичахь, муха дIавоьллина иза, хаьттира. Оха дийцира. Нанна чIогIа вас хилира.

Перейти на страницу:

Похожие книги

Хромой Тимур
Хромой Тимур

Это история о Тамерлане, самом жестоком из полководцев, известных миру. Жажда власти горела в его сердце и укрепляла в решимости подчинять всех и вся своей воле, никто не мог рассчитывать на снисхождение. Великий воин, прозванный Хромым Тимуром, был могущественным политиком не только на полях сражений. В своей столице Самарканде он был ловким купцом и талантливым градостроителем. Внутри расшитых золотом шатров — мудрым отцом и дедом среди интриг многочисленных наследников. «Все пространство Мира должно принадлежать лишь одному царю» — так звучало правило его жизни и основной закон легендарной империи Тамерлана.Книга первая, «Хромой Тимур» написана в 1953–1954 гг.Какие-либо примечания в книжной версии отсутствуют, хотя имеется множество относительно малоизвестных названий и терминов. Однако данный труд не является ни научным, ни научно-популярным. Это художественное произведение и, поэтому, примечания могут отвлекать от образного восприятия материала.О произведении. Изданы первые три книги, входящие в труд под общим названием «Звезды над Самаркандом». Четвертая книга тетралогии («Белый конь») не была закончена вследствие смерти С. П. Бородина в 1974 г. О ней свидетельствуют черновики и четыре написанных главы, которые, видимо, так и не были опубликованы.

Сергей Петрович Бородин

Проза / Историческая проза