– Хьовсур вай, – эндаже велакъежира подполковник. – Областехь чолхе хьал ду. Къаьсттана кху округехь. Къайлах-къулах адам карзахдоху социал-демократаша. Нагахь санна хьайн хьалхалерчу новкъа ахь цхьа ког баккхахь, хьуна луьра таIзар дийриг хилар дIахоуьйту хьоьга. КхидIа хьан вахар Гати-Юьртахь йа ахь къастийнчу цхьана йуьртахь хир ду. Цигара дIасавалар пурстоьпан бакъонца хила а деза хьан. Хаттарш дуй?
Некъахочо корта ластийра.
– ХIета кхуза куьг йаздел, – къолам, кехат цунна хьалха теттира подполковника.
Некъахочо, кехата тIехула бIаьрг а кхарстийна, масех чIуг йеш, даржийна, куьг йаздира.
– ХIинца мукъа вуй со? – къолам, кехат йуханехьа дIа а теттина, дегI нисдира некъахочо.
– Некъ дика хуьлда!
1
Сих-сиха меттамотт хуьйцура Зеламхас. Масех дийнахь-буса цхьанхьа Iен кхераме дара. Ша обарган новкъа валлалц адамаш дика девзаш ца хиллера цунна. Моьттура, дерриг а адамаш догцIена, тешаме, къинхетаме ду. Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Шайна сом делча, Iедало хьаьстича йа кхерийча, шайн да-нана а духкур долуш берш а хиллера. Ишттачарех лечкъа дезара. Даим дIа сема, Iожаллина дуьхьалхIотта кийча. Делахь а дика, тешаме, къинхетаме адамаш а ду. XIоpa йуьртахь а, гIалахь а. Лаьмнашкахь а, аренгахь а.
Цхьа доккха гIуллакх хилла, тахана Ведана герга веана иза. Лаьмнашна йуккъехь Iуьллучу хIокху жимачу кIотара. Готта цхьа некъ бу кхуза тIебогIуш. Ламанан тархашца сетташ, хьийзаш. Вукху кхаа aгIop атталла гIаш кхуза вогIийла а дац. КIотарна тIе а кхозаделла, нийсса ирх лаьтташ мокхазан бердаш ду. ХIусамден ши кIант ву и некъ сема ларбеш. ХIетте а Зеламхин цхьа лерг ара ладоьгIна ду. Маьнги тIехь, сонехь, цунна уллохь хIоттийна карабин-топ а, охьайиллина шиъ бомба а йу. Йукъахдихкинчу доьхкарх кхозуш а, кисанахь а шиъ тапча а йу, цкъа а дегIах дIa ца къастош.
Товханахь йоккха летта цIе йогу. ЦIарах самукъадолу Зеламхин. Цуьнга хьоьжуш, ойланаш дика йало. Делкъан ламаз а дина, чуьчча когаш а бехкина, шен устазо Кунта-Хьаьжас тIедиллина вирд доккхуш, хиъна Ia иза. Ша Далла Iамал йеш, йерриг ойла Далла тIеерзайо цо. Амма хIинца, иза мел дIакъехко гIертарх, коьрте кхин ойланаш хьийза. Мухха а вирд даьккхина ваьлча, дехха доIа а дина, суьлхьанаш маьнги тIе охьа а тийсина, оцу ойланийн йийсаре вахара иза.
ЗеламхагIеран доьзал машаре бехара. БIe цхьа шо хан йолу ден да БIаьхо а, да ГушмацIа а, цуьнан виъ кIант Хаси, Зеламха, Солтамурд, Бийсолта а. Бийсолтин итт шо бен дац. ЗеламхагIеран нана йелча, йалийначу Билкъиса вина ваша ву иза. Веа вешех воккханиг, Хаси, даим цамгарш лехьош, хьегIаш, эгIаза, Iаламат эсала стаг ву. Хасин а, Зеламхин а зударий, бераш а дара. Солтамурд зуда йалоза вара. Ден ваша Хьамза а, цуьнан ши кIант а вара. И шиъ шичой бу аьлла, дага а ца догIура веа вешина. Шайн нанас шайн дена бина вежарий санна хетара.
Зеламха обарг волучу хенахь цуьнан а, Бецин а ши бер дара: Муслимат а, Энист а. ГушмацIин а, Хьамзин а доьзалша бежанаш, уьстагIий кхобура. Хьун хьаькхна даьхначу ирзош тIехь хьаьжкIаш, кхоьаш, гIабакхаш, картолаш а кхиайора. Берриг а нохчмахкахошна санна, оцу ирзошна тIера даьлла йалта Iаьнах бовла а ца тоьура царна. Дохнан дохкуна духкуш, йалта оьцура. Цул совнаха, накхарш а дара церан кхобуш. Цаьргара шарахь шозза моз схьаоьцура. Иза духкура Веданарчу базарахь. Цунах хиллачу ахчанах бедарш, бахамехь оьшург а оьцура. ХIокхеран доьзалш къен а, хьоле а бацара, йуккъерчу тIегIанахь бехара.
Цхьаьнцца а хьагI-гамо, мостагIалла а дацара церан. Амма уьш мел машаре белахь а, цара мел ца лехахь а, ден дегара охьа, церан кочара ца долура xIapa обаргалла.