Николай Кузьмичан йуьхь цІеххьана йекхайелира. Нохчийн халкъан истори а Іамийна, школехь дешархошца исторически суьйре вовшахтоьхча? ДуьххьалдІа, цхьа бахьана а доцуш иза дар-м дика а хир дац. Машас ма-аьллара, ас гІалат далийта а тарло. Нохчий реабилитировать бан гІертарг хир ву со. Дерриге а дІадоло деза иссалгІачу классехь. ТІекхочуш йолчу дІадаханчу бІешарахь ламанхоша шайн къоман маршонехьа латтийначу къийсаман темина тІера. Оцу урокашна дика кечам а бина, берийн тидам царна тІехьовзо беза. Кхузахь гІо далур ду Машега а. Оьрсийн йаздархойн дахар а, кхолларалла а Кавказца чIогІа йоьзна ма йу. Оцу дерригенах лаьцна йолу литература гул а йина, школан библиотекехь выставка йича?
…Массо а цецваьллера хьехош а йоцу педсовет директороцIеххьана гулйарх. Школехь болх а дика дІабоьдура, дерриге гул а делла, дийцар дан оьшуш гучудаьлла гІуллакх а дацара. Берриге членаш схьагулбелча, чувеанчу Николай Кузьмича, ша хиьна Іачуьра хьала а ца гІоттуш, цхьа а тайпа официале кепаш йукъа а ца йалош, хьехархошна дІадийцира оцу дийнахь берашна йуккъехь хилла дов.
– Шуна ма-гарра, сан Іалашо йац, и гІуллакх дийцаре а диллина, къамелаш дойтуш, заседани йахйан, – элира цо. – Вай советски хьехархой ду. Ас шуна хьеха оьшуш йац къаьмнийн хьокъехь йолу ленински политика. Йуьртахь хьалха а хезна суна, шуна хезна хила а тарло, лахара кхетам болчу цхьацца наха нохчийн халкъах лаьцна даржийна цхьа а тайпа бух боцу эладитанаш. Вайна цхьанне а хууш дац и халкъ махкахдаккхаран бахьана. Гитлеровски мехкашдІалецархойх вайн Даймохк маьршабоккхучу тІамехь дакъалоцуш ду вайн махкара дерриге халкъаш. Доккхачу халкъо, ша доккха хиларе терра, доккха дакъалоцу, жимачу халкъо, шен жималле хьаьжжина жима дакъалоцу. Амма массара а Іенориг цхьа цІий ду. Нохчийн халкъан дуккха а кІентий бу тахана а фронтехь майра леташ. Хьанна хаьа, оцу жимачу халкъана йукъахь цхьа йовссарш йевлла а хила тарло, советски Іедал ца дезаш, Даймахкана дуьхьал йамарт куьг айбина. Ишттаниш массо халкъа йукъахь а хилла, болуш а бу. Амма нийса хир дац, и йовссарш бахьанехь, вай дерриге а халкъ бехкедича. И бераш, зударий, къена нах хІуманна а бехке бац. Вуон, зуламе адамаш массо къомана йукъахь а ду; амма вуон, зуламе халкъ дуьненахь хилла а дац, хила йиш а йац. Халкъ – халкъ ду. Хила а хилла, хир а ду. Аш дика ойла йича, шуна хуур ду, нохчашна хилла бохам вайна массарначул a тlex беза a, хала а хилар. Цундела церан догъэца деза вай, церан деган чевнах хьакхадаларх лардала деза. Со парторг а, вайн коллективан куьйгалхо а хиларе терра, ас декхарийла до шу, деха а доьху шуьга, оцу эладитанех дешархой ларбар а, бахархошна йуккъехь и тайпа хабарш дуьйцуш стаг нислахь, иза, кхетош, нисвар а.
Хьехархой дІа а бахийтина, ша висина Николай Кузьмич, багара ца ходуьйтуш цигаьрка а уьйзуш, вехха Іийра оцу гІуллакхан ойла йеш. Цо тоам ца бора ша накъосташка диначу къамелах. Приказ – приказ ду, амма коьртаниг цара шаьш лелориг кхеташ а, тешаш а лело дезар дара.
Школехь кхин долу гІуллакхаш дерриге Іадда а дитина, шолгІачу дийнахь районе ваханчу Николай Кузьмича и де дерриге а, партбиблиотекехь а, райбиблиотекехь а книгаш кегош дайъира. Цуьнан болх дІаболабелира тІаьххьара а арахецначу Советски йоккхачу Энциклопедин ткъе итталгІачу а, кхузткъе цхьаалгІачу а шина тома тІера. Царна тІера нохчийн исторех лаьцна статьяш йешча, цуьнан шен а боккха тидам тІебахара нохчийн халкъан историна.
Николай Кузьмича дагалаьцначу гІуллакх тІехь доккха гІо дира Мария Петровнас а. Классал арахьа урокашкахь дешархошца цо йоьшура Пушкина, Лермонтовс, Толстойс йазйина произведенеш, литературни кружокехь кІорггера довзуьйтура оцу сийлахь-баккхийчу йаздархойн Кавказца доьзна дахар а, кхолларалла а.
Цул тІаьхьа цхьанне а цкъа а ца хезира нохчийн берашна тІехбеттамаш беш а.
Оцу хьелашкахь тасаделира Николай Кузьмична а, Берсина а йукъахь и шатайпа доттагІалла…
IV
ТІаьххьара бисина болх а теллина, дегІана жимма йал йан дагахь дІатевжинчу Николай Кузьмична сема наб озийра. Амма иза самаваьккхира велха волавеллачу Вовас.
– Ца оьшу тхуна дечиг, бабушка, ца оьшу! – хезара цунна уьйтІахь хІусамнанас цхьаьнга бен латкъамаш. – Шу дийнахь цхьа-шиъ веана Іийча а, цхьа хІума дара, шу-м масийтта вогІий. Ас хІун лур йу шуна? Бац-кх сан аьтто!
«Йуха а нохчий бу-кх, мисканаш!» – аьлла, доккха садаьккхира Николай Кузьмича. ТІаккха, хьала а гІеттина шен протез цІийзош, неІаре а вахана, арахьаьжира иза. Гихь тІедачу дечиган кегийра маххьаш а долуш уьйтІахь догІанехь лаьттара ши зуда.
– Маша! Схьа чукхайкхахьа и шиъ.
Дуьхьал жоп ца луш, чуйеана Мария Петровна неІарехь а сецна резайоцуш майрачуьнга хьаьжира.
– ХІун дан воллу хьо, и шиъ чу а йалийна?
– ХІун дан воллу бохург, хІун ду? Вайн йерг цаьрца йоькъу-кх.
– ХІан-xIa, сан хьомениг, тоьар ду. Вай ваьш а ду халла лол бетташ хене довла гІерташ. ТІехула тІе, ас оццул хала кхиийна йалх котам а лачкъийна сан цара. Сийсара тІаьххьара йисинарг а йаьхьна.
– Оцушимма лачкъийна хьан котамаш?
– Хаац суна. Нохчаша-х лачкъиний уьш.