Шена хьалхарчу коше леррина хьежа хІоьттира Николай Кузьмич. Цунна шера девзира Маилан каш. Шина фронтовикна, шина заьІапхочунна йукъахь чІогІа гергарло тасаделлера цига нохчий балийначу дуьххьарлерчу деношкахь дуьйна. Амма цунна ца хиънера Маил цомгаш хилар а, иза дуьххьалдІа мацалло кІелвитина хилар а. Цунна ца хиира иза вала воллучу хенахь а. Маил дІавуллучу дийнахь нахаца цхьаьна кху кешнашка веара Николай Кузьмич, амма, баккхийчу нахана ша кешнийл чоьхьаволийла ца лаьийла а хиъна, арахьа сецира иза.
– ХІаъ, доттагІ, декъаза хили хьан Іожалла, – элира цо, доккха са а даьккхина. – «Даймахкехьа! Сталинехьа!» бохуш, шийла автомат хьалха а лаьцна, фашисташна тІе хийла атаке ихна хир ву-кх хьо. Иштта – эзарнаш нохчийн кІентий а. Мила ву-те хьуна а, хьан жимачу халкъана а бохамна харц дош аьлларг? И хаттар ахь дукхазза а дира соьга. Ткъа суна ца хаьара хьуна жоп дала. ХІинца а ца хаьа. Амма, хуур ду. Хено къастор ду дерриге а. Бехкеволчуьнга луьра жоп доьхур ду. Цунах тешалахь… Ткъа хІинца паргІат Іилла хьо.
Догдоьхна Николай Кузьмич, Іасанна тІе а тийжаш, Зануна тІевахара. Йуьхь-куьг дилина а йаьлла, шен йуьхьах йургІанан маьІиг хьоькхуш йоллура иза.
– Гой хьуна, хІинца цІанйели хьо. Дийцал хьайна хилларг.
– ХІумма а ца хилла…
Занун бІаьргаш йуха а хих дуьзира.
– Бакъ дац и. ХІуъу хиллехь, а цхьа цатам хилла хьуна. Суна цкъа а ца гина хьо иштта гІийла, догдоьхна.
– ХІумма ца хилла, Николай. Дуьххьал дІа са а гатделла, Маилан коша тІe хІотта йеанера со…
– Ткъа мотт-гІайба стенна лелайо ахь гихь?
Шен бІаьргех хьаьлхина хиш къайладаха дагахь, карара диг охьа а дожийна, иза схьаоьцучуха охьатаьІира иза.
Цкъа ойла хуьлура цуьнан шена хилла бохам цхьаьнгге а ца бийца. Амма зудчунна кийрахь сецо тІех беза бара цуьнга кхаьчна бала. Ша иза балхийча, жимма а синна паргІато хир йолуш санна хетара. Ткъа мила ву цул тІаьхьа, Николайна санна, Маил везнарг? Цхьа а вац. ХІуъу хилахь а, дуьйцур ду цо. Амма Зануна Іаламат кІезиг хаьа оьрсийн мотт. Ткъа цуьнгара бала балхо-х ненан мотт а тоьур бац.
– Чуйаха меттиг боцуш йисина со…, – элира цо, беснеш тІера бІаьрхиш пІелгашца дІа а хьоькхуш.
– И бохург хІун ду? Хьо марваша волчохь Іаш йу, ма элира ахь селхана. Цо ара-м ца йаьккхина хьо?
– ХІан-xIa! Нохчийн закон дац хьаша йа гІаддайнарг а чуьра аравоккхуш. Уьш шаьш а халла бохкура…
– Ткъа хьан хьайн гергара нах бац?
– Бу. Амма мичахь бу а хаац.
– ХІаъ, хьо-м царах хаьдда лелий. Дицделлера суна. Мичахь бу хиъча а, царна тІегІойла а ма дац хьан, – ша-шега луьйш санна, элира Николай Кузьмича. ТІаккха цІеххьана, эсала вела а къежна, тІе а вахана, Занун пхьарс лецира цо. – ХІумма а дац, Зану! Чуйерза хІусам йоцуш а, меца а йуьтур йац вай хьо. Йало, Зану, ийза ма ло. Дика денош тІекхаччалц оха тхайца кхобур йу хьо. Цхьадика, кху некъехь цхьа уборщица балхара дІайаьлла тхан. Цуьнан метта балха йохуьйтур йу ас хьо. Ткъа хенан йохалла гергарниш а карор бу. Ас дош ло хьуна, мацца а цкъа хьо а эцна хьан нах болчу хьошалгІа ваха. Хьанна хаьа, шу-м шайн махка цІа дерза а мегий. Дийнна халкъ махках а даьлла дукха латта йиш йац. Гур ду хьуна, тІом чекхбаьлча, дерриге къасто аьтто нисбелча, партис шаьш цІа дерзош…
Занун йуьхь, ша шен нахана тІекхаьчча санна, цІеххьана йекхайелира.
– Маила а олура иза. Ткъа Маил цкъа а харц ца лоьра…
– ХІаъ, Маил догцІена стаг вара. Шена тІехь мел къиза харцо йинехь а, иза тешара и гІалат нисдийриг хиларх. ХІан, уьш хьехор дац вай. Йала, цІа доьду вайша. Хьо тхан кора уллохула тІехйолуш а гина, Машас хьо чукхайкха ваийтина со.
Занус шен дегІа тІехула бІаьргаш кхарстийра. ТІеда, хотташа йуьзна бедарш. Ги тесна тиша мотт-гІайба. ДегІ а дац цІена. Довхачу цІа чу ма- йеллинехь, йуха а кІамдала доьр ду иза. Шаьшшиъ ишколан кевне кхаьчча, Зану сецира.
– Николай, ахь чІогІа сапаргІатдаьккхи сан. Хаийти cо цхьа йоцийла. Ас цкъа а дицдийр дац тахана ахь сан догъэцар. Баркалла!
– Хьалхе ду ахь суна баркалла ала. Нагахь санна мацца a цкъа дерриге а вайн дегнаша ма-боххура нислахь, тІаккха эр ду вай вовшашна баркалла.
– XIaн-xIa, Николай, хІумма а хьалхе дац. Дуьззинчу шарахь зийна оха шу. Ткъа хІара хала шо бІешеран новккъа ду. Шаьш халонехь бохккушехь, кхузарчу цхьаболчу оьрсаша а, гІиргІазоша а, узбекаша а доккха гІо до тхуна. Иза дицдан йиш йац тхан. Ахь суна тахана динарг доккха вошалла ду. Баркалла хьуна, Николай. ХІинца арайаьлла, ас сайна цхьанхьа хІусам тарйийр йу.
– Муха? Хьо тхоьца Іен барт ца хилла вайшиннан?
– Шуьца Іийр йу бохучух гІуллакх хир дац сан. Амма, ахь со балха йахийтахь, суна берриге дика болх бинарг ву хьо.
– Ой, хьуна тхоьца Іен ца лаахь, ас школехь хьайнна Іен жима цІа лур ду хьуна.
Занус гІайгІане корта хьовзийра.
– ХІан-хІа, Николай. Со-м хазахета а Іийр йара шуьца. Суна сайна а атта хир дара. Амма шена луург дерриге дан а ца тарло.
– ХІунда?