– Цхьана кетаран мезий ма ду уьш.
– Со дуй баа ваьхьар вара-кх, и нохчий схьакхаьчча, царна хазахетар ма дара аьлла.
– Хазахетта а Iийр барий ткъа, цаьргахьа бевр бара-кх!
ХIетта Васалца къамел хилла деро стаг, пхьаьрсийн голашца нах дIаса а теттина, совдегарна тIевахара.
– Хьуна вуон болх биний оцу нохчаша?
– Цара хIун дийр дара суна? Суна хIума дан куьйгаш доца ду церан!
– Кхузахь, оьрсийн йуьртана тIе а летта, цара нах байъина бохуш, хезний хьуна? – мохь туьйхира кхечо.
– Массо а вуьйр-м дера вара, вайн ирсана, ницкъ вайгахьа бацахьара.
– Амма собаре халкъ ду-кх и нохчий, шу тайпа нах кхузахь ловш Iен!
– Церан хьолаx, цIийх а ца йиллина аxь и гайн тIингар?
Васална ша лоьху меттиг карийнера. Цo сaцамбира кхузахь хIоьттинчу хьолах пайдаэца. Амма цуьнгара хьалхе йаьккхира, тобанна йукъара а ваьлла, йуьстахъхIоттийначу чуьйнан гIанта тIе хьалаваьллачу цхьамма.
– ЛадогIал, адамаш! – мохь туьйхира цо, куьг хьала а лаьцна. – ЛадогIал, дика адамаш! Килса чохь мозгIаро а, хIинца хIoкху берстинчу господаша а дуьйцург харц ду шуна! Вай а, нохчий а вовшехлоьтуьйтуш, шайн Iедал а, хьал а лардан гIерта уьш. Цара сийсазбен и нохчий къинхетаме а, тешаме а, оьзда а адамаш ду. Россехь помещикан лай хилла ваьхна сан ворxIe дa a. Латта а доцуш, йаа сискал а, цхьа а тайпа бакъо a йоцуш. ТІаккха «маршо» йелира, амма помещикан буйнара ца велира со. Латтий, йалтий доцуш, доьзалца эрна араxь висира. Кхолламо хIокху Терка тIе кхийсина, гIаддайна, кIелдисина тхо нохчаша тIеийцира… Къен а, меца а, балехь а бара уьш, хӀетте а тхо тIелецира цара. Оьрсий ду, керстанаш ду аьлла, йуха а ца теттира. Цхьаммо а ца йина терго йира тхан. Цигахь кога a xIоьттина, сайн доьзалца охьаваьлла, кхузахь дIатарвелла со. ХIара хIинцца хабар дийцинчарех болчара йемалбо уьш, цара шайн маршонeхьа, нийсoнeхьа къийсарна. Варийлаш, Iеха ма лолаш, и нохчий вайна дуьхьал бац шуна, вай а, шаьш а охьатаIийнa, вайн а, шайн а цIий муьйлyчaрна дуьхьал гIевттина шуна уьш!
ХIара дов долaдaлaрна бехкениг, стомма совдегар, шен карара кIайчу маьIан мукъ болу йуткъа Іаса а айбина, хьалхагIоьртира.
– Схьалаца иза! Схьалаца нохчийн лазутчик!
– Йиэтта цунна!
Йукъ-йукъара масех тIулг кхоьссира ораторна. Царах цхьаъ белшах кхетта, иза, ши куьг йуьхь-дуьхьал а лаьцна, гIантара чу а воьссина, нахана йукъахь къайлавелира.
ТІаккха карзахйелира тоба.
– Вежарий, йетта господашна!
– Лахка уьш!
– Вайн баганаш тега гIертий-ц!
Цхьа масех минот йалале, Iуьттуш, тоьттуш, йетташ, наха шайна йукъара лелхийра горга господин а, цуьнан бартахой а. Царах цхьаъ Iедале орца ала дIахьаьдира.
Baсaлa дIалeцира хьалхарчу ораторан мeттиг. Тоба жимма дIателлац а Iийна, ший а куьг хьалалeцира цо.
– Вежарий! Сол хьалха къамел динчу муьжгичо бакъдерг дийцира. Сан кхоллам а бу цуьнчух тера. И санна, йа шу массо санна, барино xьийзийна со. Iазапexь бу нохчий а. ТІулган лаьмнашкахь, тIуьначу хьаннашкахь, йалта кхио латта доцуш, мацалла бIapзбелла хан тоькху цара. Хьаьнгахь бу цаьргара дIабаьккхина мохк? Дера, ца белла иза салташний, шуний-м. Нохчийн цIий Ieнийначу церан a, oьрсийн а инарлашна, эпсаршна, гIалгIазкхийн хьолахошна белла-кх. Уьш туркошна гIоьнна оьрсашна дуьхьал гIевттина бохуш, дуьйцу шуьга. Оцу aьшпех ма тешалаш, вежарий. Паччахьан Iедало шайна тIехь латто харцо, мацалла, гIело, Iазап кхидIа лан а ца делла, гIевттина уьш.
ТIeттIа тIегуллучу адамо тийна ладоьгIура Васале. Лакхара охьа бIаьрг тоьхча, тобанна йукъахь цунна ца гира хьолахойх а, церан йалхойх а цхьа a стaг. Цкъа а хIара тайпа къамел ца динчу Васалх хьацаран кIур хиллера.
– Нохчаша оьрсийн бахархой бойъур бу бохуш, эладита хеза гIалахь. Бакъ дац иза! Нохчаша тIеман заманахь а ца дина шун цхьана а станицина тIелатар. Цара, вайн инaрлaша санна, зударшца, берашца, къеначаьрца ца бо тIом. Нагахь шу герз карахь шайх лата дагIахь, летар бу уьш, ткъа машаречу оьрсичунна, даим а санна, кхерам бац цаьргара. Амма цара къинхетам бийр бац вайн цIий муьйлучу БелликгIарах, ЧермоевгIарах, ЭристовгIарах, хIинцца кхузахь харц эладитанаш даржош лелачу cтaммийчу совдегapex. ГIевттинчу нохчаша нийсо лоьху. Іедало шайгара дIа а баьккхина, инарлашна, эпсаршна, кхечу хьадалчашна белла шайн мохк шайна схьабеза царна. Шаьш адамаш ларар лоьху цара. Изза дацара ткъа бIeшeрийн йохаллехь вайн дайша, муьжгаша, лехнарг? Иза лаха бакъо йац ткъа нохчийн?
– Бакъ бу уьш!
– Дала аьтто болда церан!
Амма Васална хаьа ладегIархойн ойланаш а цхьатера йоцийла. Шаьш Iедало таIийнехь а, цунна мел резадацахь а, кхузахь Iедалан а, туземцийн а йукъаметтигаш галйевлча, дуккханийн а ойланаш Iедалехьа хаьрца. Иза мел къиза делахь а, шайн къоман Iедал хета. ХIокху махкахь оцу Iедало уьш ларбо туземцех. Базарахь, некъахь, миччахьа а царна йукъа дов деача, хIокху «шенчаьргахьа» ма хуьлу. ТIе, хIокху Васала хIуъу дийцахь а, и нохчий толахь, шаьш кхузара дIалахкарна кхоьру. ТIаккха мича гIур бу уьш? Россе йухий? Цигахь латта а, цIа-цIе а ма дац церан. Йа хир ала меттиг а ма бац. Йуха а хьалхалерра помещикан дукъ коча эца деза.