МІaьчиган ойланаш хьаьвззина Коьрина тIе йирзира. Шийтта шарахь сатийсира цо кIанте. Дийна ву-вац а ца хууш. Амма дог ца дуьллура. КIантах догдиллича, валий бен са дацара цуьнан. Иза вара къена МIaьчиг дахарх тийсаволуьйтург. Коьра а ца гуш, валарна кхералора, корта лезна а, шена сиркхо кхетча. Сатуьйсура изa дaймахка йухаверзаре. Цунна зуда а йалийнa, вoIaрий хьеста. ТIаккха, велча а, шек ца волура.
Эххар а тIекхечира сатийсина де. Ши бутт хьалха цхьана буьйсанна Къайсарца цхьаьна MIaьчиган мискачу хIусаман неIарх чоьхьавелира маж-корта а даьлла, беркъа вухавелла къона стаг. Шена тIе а кхетта, цо ша къевллина маравоьллича, цкъа цецвелира, тIаккха вуьйхира МІaьчиг. Дага-м дeара цунна, ша дукха сатийсина кIант ву-те хIара аьлла. Цунна маракхеттарг Коьра бен хуьлийла дацара. Амма, шен белшан бакъабеллачу Iайга чохь довха бIaьрхиш хаадаллалц теша ца ваьхьара. Дуьнен чохь кхин цхьа а стаг мa вaцара, оццул доггах МІaьчигна маракхетта, велха. Уллохь лаьтта Къайсар вицвелла, декъачу пхьаьрсашца кIант маракъyьйлура цо. Куьйгаш хьоькхура букъах а, йуьхьах а. Ткъа кIорге кедаш чу хевшина бIаьрса гIелделла бIаьргаш кIентан бIаьргаш чу хьуьйсура, мацах цкъа шeн дaг чy дийшина хьомсара аматаш лоьхуш. Мел къонахалла тIегулйарх а, ницкъ ца тоьура кийрара арагIерта мохь сецо. Массо пха тIебаьллачу озачу логаца хьала-охьа уьдура иpa лoгaшад. МIaьчиган чIeниг а, балдаш а дего дуьйлира. Эххар а, иза вилхира, шен къоьжа корта кIентан ондачу некха тIе а таIийна…
Вилхира. Дог Iаббош. Мацах, шийтта шо хьалха, Хонкарахь цкъа цхьана йоьхначу буса, йоьIан докъана улло а хиъна, вилхичхьана, сих-сиха воьлхура МIaьчиг. Изий, цунна хьалхий-тIаьхьий дIаихна гIайгIане йеха буьйсанашший дага масазза йогIу. Хаддаза дагахьбаллам боллура, доьзал эцна, ша хийрачу махка вахарна, цигахь зудий, берашший мацалла даларна. Цо ма бигнера уьш цига. Зудчун а, берийн a бeртаза.
…МІaьчига ойланаш йора, мангал а лестош. Дагалоьцура Хонкарара цIа вогIуш шаьш бина хала некъ. Дийнахь – лаьмнашкахь, хьаннашкахь лечкъаш, буьйсанна – некъ беш…
Ткъа винчу махка цIа кхаьчча, хIун хилира МІaьчигна? Схьа а лаьцна, Хонкара йуxaнeхьа вахийта хьовзийра-кх. Оцу жоьжахате. Амма МIaьчига чІaгIo йинера, шена чохь са а долуш, кхин Хонкара ца ваха. ТIаккха Сибрех вахийтира иза. Цигахь кхо шо a дaьккхина, цIа веара МІaьчиг. Даймахкахь буоберах хан такха. Къанвеллачу хенахь…
Коьра цIахь ву хIинца. Даймахкахь. Амма МIaьчигна моьттург ца хили. КIантана зуда йалор бохург-м хьехoчохь а дацара. ХIара гIаттам болабелчхьана, шоззий бен ца гина цунна иза. КІетIахула говр-бере чекхволуш а, шега цхьаъ кхайкхича а, са кIажийн пхенаш чу хьоду. Вийна аьлла вогIу-те, йа лаьцна аьлла, веа-те бохуш…
МІaьчига мангал тоьхча, цхьа хIума цIевзира. Мангалан йуьхьигца буц тIекIелйаьккхича, хьозанан кIорнеш карийра цунна. Цхьаъ йуккъехула йекънера цо, вукхуьнан корта хадийнера. Генадоццуш кулла тIехь Іaдийна мохь хьоькхура церан нанас. Меллаша голаш тIе а лахвелла, тIера пхьарчо а балаза, цIеша йуьзна, хIинца а йовха ши кIорни кара а лаьцна, цаьршинга хьежа хIоьттира иза. КIорнийн гIорасиз цIийзаро а, нанас хьоькхучу маьхьаро а даг чу туьйсура тIом болчу хенахь хийлазза шен а, нeхaн a дoхийнa бaннaш, декъий, зударийн маьхьарий. XIетахь МІaьчигагIаьргахь хилла бала бу-кх хIинца хIокху жимачу доьзале хIоьттинарг а…
Шегара даьллачу зуламо дог дохийнa MIaьчиг, мангал бIaьллинган бурсанечу кoндaршна йукъа а боьллина, шен чоа тIе а кхоьллина, йаьсса чІyьжалг кара а лаьцна, Iаьрчхе чу охьаволавелира.
Адам хир дац аьлла хета меттиг а къастийна, чхара тIе чоа а кхоьссина, бертал воьжна, Iаббалц хи мелира МIaьчига. ТIаккха, тIулга тIе охьа а хиъна, ша санна шийлачу хи чохь, вовшехъхьекхош, когаш ловзо хIоьттира иза. ТIулгашна йукъахула, хьийзаш, тIехула кхийсалуш, чехка догIучу сирлачу хино, дегIе ницкъ луш, дог йуха паргIaтдaьккхира цуьнан. ГондIа адам дацарх тешна, цхьа йуьхьиг озийна, хуьнжар а даьстина, хеча охьа а йoжийна, боккхачу чхара кIел хIоьттинчу айми чу а ваьлла, канашца схьаоьцуш дегIах хи а хьаькхна, кIез-кIезиг лахлуш, хи чу вуьйлира иза.
Дикка чукерчаш а Iийна, хьалаваьлла, шен беркъа барзакъ тIе а оьзна, ламаз эцна, бай болу меттиг лeхна, къилбехьа а вирзина, ламазна дIахIуттушехь, лакха гу тIера схьа Расун мохь хезира цунна.
– Ва-а-а нах, чехкка йуьрта дуьйла! Йуьртдас ХортIас цIа кхойкху шу! Полконак вогIу, боху! ЦІа ца веанчунна таІзар дийр ду, боху!
Цхьадолу дешнаш кег а деш, сиxдина, мухха а ламаз чекх а дaьккхина, Iинца хьала некъа тIе хьаьдира МІaьчиг. Новкъа ваьлча, цунна дуьхьалкхийтира сихачу болaрахь, хьацаран кIур хилла, регIехьа хьалавогIу Янарса.
– XIун ду хилларг? – xaьттира МІaьчига, чоин ветанаш дIа а духкуш.
– Салтий бу йуьрта богIуш!
– XIинца хIун до цара?
– XIун дара-дацара ду церан? Диканна ца богIу. Схьахетарехь, нах леца бохку.
– Ахь хIун до?
– Шал-Дукъа воьду-кх.
МІaьчиг цецваьлла хьаьжира.
– ЦІa цa вeaнчунна таІзар дийр ду, ма боху ткъа?
– ДIаваьллахь! – куьг ластийра Янарсас. – Уьш-м бевзара вайна. Ахь хIун до?
– Йуьрта воьду со-м.