Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Салатавера йухаваьлла Iаьлбаг, винчу хьаннашкахь ца соьцуш, Зандакъ-Араний, Гендарганний йуккъера кордонан зил а хадийна, Сесанхула чу а воьссина, Яьссин аьрру агIонна тIе велира.

Цуьнан ойла йара, хIуъу халонаш хедийна а, Хулхулол дехьа а ваьлла, Басс хица йолчу йарташка восса. Цигара бахархой гIовтто Iабдул-Хьаьжиний, ТангIайний гIоьнна Болат хьажийнера цо.

МахкатIехь, Хоттанехь, Тевзанахь а кхиам хилахь, цуьнан догдохийла йара гIаттам Органан лакхенца баржо.

Амма Свистуновс хьалхейаьккхира хIинца а. Iаьлбагна лаьмнашкий, йуxaнeхьа Симсаран хьаннашкий доьлху некъаш къовла сихойира цо.

Шен жимачу тобанца хIинца кхозлагIа гуонна йукъа хьовзийра Iаьлбаг. Коьртеxь полковник Авалов а волуш ДаьргIара охьайогIу отряд доккхачу декъана ДаьргIан, ЦІоьнтаран, БелгIатан, ГIоьрдалан йарташкарчу бахархойх вовшахтоьхна йара. Цуьнан декхар дара, ГIоьрдалахула охьа Шоьна а йеана, цигахь позици лаца.

Эртан-Коьртера схьайолайелира Курински полкан шиъ ах батальонах а, ламанан батарейн взводах а лаьтта подполковникан Кнорринган отряд.

Хулхулон чIожахула Iаьлбаг охьа ца валийта, Эвтарний, Эрсанний йуккъера меттиг дIалаьцнера Навагински полкан йалх ротех, Соьлжан полкан кхаа сотнях а лаьттачу полковникан Нуридан отрядо.

Къилбаседа-малхбузехьа Iаьлбаг аренга ца валийта, Ойсхарний, УстаргIарданий йуккъexь лаьттара полковникийн Долговн а, Шимановскийн а отрядаш. Уьш вовшахтоьхнера Тамански полкан шина батальонах, ГIизлара-Гребенски гIалгIазкхийн полкан сотнях а, шина йоккхачу тоьпах а.

Iумхан-Юьртахь тIаьхьалонехь йитира Тамански полкан шиъ рота. Гуобaьккхина кевнаш дIакъевлича, Яьссиций, Ямсуций хьалайолайелира полковникан Батьяновн отряд. Цуьнан ницкъ алсам бара: ГІeбaртойн полкан кхоъ батальон, виъ бIе дошло, йалх йоккха топ, гIумкийн, гIалгIайн, Салатаверчу суьйлийн дошлойн сотняш а.

Шен Iалашонах догдиллина Іaьлбаг, Сесанахула Яьссин аьрру агIон тIе а ваьлла, ткъe шийтта шо хьалха нохчийн наибаша эла Воронцов воxийначу Коьжалкан-Дукъахь чІaгIвелира.

Iаьлбаг сихха кхийтира мостагІчун Iалашонах. Цкъачунна Коьжалкан-Дукъахь чІaгIвелла, мелла а шен ницкъ алсамбаккха, йа кхузахь летта вала сацамбира цо.

Дукъа тIе хьала ма-веллинeхь, шен гIоьнчашца йоцца кхеташо а йина, орцанна гондIарчу йарташка геланчаш хьовсийра цо. ГIаттам болабалале иза догйовха хиллачу ЦІоьнтаран, ДаьргIан, БелгIатан, ГIоьрдалан йарташкара гIо хир ду бохург хьехoчохь а дацара. Уьш тоххарехь мостагІчуьнгахьа йевллера. Цигахь лаамхойн отрядаш вовшахтоьхнера пурстоьпаша Пруссаковс а, Ойшиевс а.

Залмин Дада сиxxa Органан лакхенга хьажийра Іaьлбага.

Оцу буьйсанна маьI-маьIIера орца кхечира царна. ШолгIачу дийнахь Iуьйранна хьесап дича, кхо бIe тIемало вара цуьнан байракх кIел.

Шен гIоьнчашца цхьаьна дукъ а теллина, цуьнан чIогIий, мелий меттигаш билгал а йина, Яьссин берда йистехь сeцира Iаьлбаг.

Лахахь, готтачу тогIи чохь, сетташ, гIергIаш, аренга сихделла доьдура Яьсcи. Масех де хьалха ломахь даккхий догIанаш доьлхуш, дистина деанчу цо текхийна чхернаш а, орамашца бухдаьхна пепнаш а гора тогIи йуьйдина.

Кхузара дIахьаьжча, керайуккъехь санна, шера гора тогIица хьалий, охьий йолу йарташ. Шена орца мичхьара догIyp-те бохуш санна, царах хӀорранга а бIаьрг туьйхира Iаьлбага. ТIаккха, доккха са а даьккхина, чоин тIемаш хьарчийна кIел а дохуьйтуш, голаш тIехь шаьлта а нисйеш, охьахиира.

Шен карара кIезиг ницкъ дукъа тIехь дIанисбан хьалххе дуьйна ша сацам тIеэцнехь а, гIоьнчех дагавала а дезара цуьнан. Хьалхара дош делира массарал воккхачу Солтмурдана.

– ХIара агIо тешам болуш йу вайн, – элира Солтмурда, бердехьа корта а тесна. – Суна хетарехь, берриг ницкъ Iиси-Юьртехьа хIотто беза.

– Шоьнахьа агIонна хIун до ткъа? – xaьттира Къайсара.

– Цигахула тIегIоьртур бац уьш.

– XIoъ-молханца муха ду гIуллакх, Коьра?

– Дика дац.

– Кхоо дезар ду.

– Мел кхоорах, тоьур дац, тIе цa дахьахь.

– Мичара?

– ГIоьрдалаxь Чомакхан кертахь масех черма молха ду, боху. Вайнехан милцошна деана.

– Муьлш бохуьйту цига?

– Баха луурш.

– Со гIур ву цига, – элира Къайсара. – Бодаш а болийтина.

Шайн синойх догдиллинчу наха деха ца дора къамелаш. Дукхахдерг дийцале а кхеташ дара.

– Коьра, ахь хIун олу? – xaьттира Іaьлбага, доттагІчуьнга хьала а хьаьжна.

Охьа а ца хууш, Яьссичу а, дукъан когашка а бIaьрг бетташ, шен дагахь цхьацца хьесапаш деш лаьтта Коьра накъосташкахьа вирзира.

– Цхьана агIор бакълоь Солтмурд. Амма мостагI a вaц сонта. Цунна хаьа, меттиган чIагIонах a тeшна, вай иза ледара йуьтур йуйла. Гимра, Ахульго, Гуниб а йаьхначу салташна хIумма а йоцург йу хIара берд. Цундела, кхин йукъ ца йулуьйтуш, сихха чІaгIдан деза хIара дукъ.

– XIета, Солтмурд, чIагIонаш йарна тIехь куьйгалла хьуна тIе дуьллу вай. Хьуна изa дика карадирзина хиларна, – элира Iаьлбага.

– Кхуьур дуй-те?

– ГондIарчу йарташкара гIо далийча, кхуьур ду. Воккха а, жима а дагаршца, стерчашца, бугIанашца схьахьебан беза. Тозуркъа коьрте а xІоттавай, иттех стаг хьажаве. ТІe, кхачанца дерг а ду вайн ледара. Кхузахь шина-кхаа дийне довлахь, мацалла хIуттур йу вaйга.

– XIop а стеган цIарах кхоккха сискал-м хила йеза. Цхьадика, хи-м дара кхузахь.

Перейти на страницу:

Похожие книги