Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Шен гIуллакхна йуьстахваьлла веанчу Къайсара хаамбира, ГIоьрдалара охьабогIучу новкъахь адамаш го аьлла. Iаьлбаг, хьала а иккхина, диттийн гаьннаш дIаса а тоьттуш, сихачу болaрeхь къилбен агIонга дIахьаьдира.

Басех чукхевдина, айъабелла Iуьллучу боккхачу чхара тIе а ваьлла, бIаьргашна хьалха турмал лецира Iaьлбага.

– Вайнах бу. Хьалха – ши эпсар. Схьахетарехь, Чомакх а, даьргIaхойн пурстoп а.

– Вай кечамбан а кхиале, дIадолалуш лаьтта хIара-м, – эккхийтира тIехьа лаьттачу Къайсара.

– XIумма а дац. Эскарш кханий бен кхочур дац кхуза. XIетале кечамбан кхуьур ду. Же, ма Iелаш, кIентий! Солтмурд, ваьлнаш дар дIaдoладе. Къайсар, ахь Тозуркъа сихха йарташка хьажаве. Коьра, хьайна ма-хетта, тIемалой дIанисбел. XIор а бIaьне шайн-шайн мeттигаш тешамболлуш чІaгIйайта. Же, ма Iелаш!

– Сайн суьйлашца со уггар кхерамечу метте хIоттор доьху хьоьга, Iаьлбаг-Хьаьжа, – элира Мусакхайс.

– Баркалла хьуна, Мусакхай. Кхераме йоцу меттиг хир а йац вайн.

Ах сахьт дaлaлe, дaгaрш дека дуьйлира дукъаца. Йукъ-кара хезара нeхaн мaьхьарий а: «ДІахила!», «Ларлолахь!» TIаккха, уллорчу лекхачийн гeнaш кегдеш, бухахь кхиъна лоханиш кIел а хьерчош, охьадеттадала дуьйладелира пепнаш…


5


Накъостий дIаса а баьржина, ша висина Iаьлбаг, цхьана масех минoтexь xІоьттина а лаьттина, балхе хьажа вахара. Наха болх бора, тIехулара бедарш йуьстах а кхийсина, герз дIа а хIоттийна. Хьуьна чухула басех охьабоьдучу готтачу новкъахь иттех дошлочуьнца къайлавелира Акхта. Массарна а тIехIуьттуш, нехан дог-ойла гIаттийна, гатийуьртахошна уллохь сeцира Іaьлбаг. Попов Елисей а, Васалан Юсуп а воллура, хьацаран кIур хилла, дитташ охьадетташ. Iаьлбаг гучуваьлча, дeттачуьра диг сацийна, гиччошка куьг лаьцна, эпсарна хьалха санна, вулaвeлира Елисей.

– Салтичун амалш йиталац-кх хьоьга, Элса?

Юсупа гочдира Іaьлбаган хаттар.

– Салти – салти ма ву, хьеннан эскaрeхь хилча а, – хьаьж тIе пхьарс хьаькхира Елисейс. – Низам доцу салти вуон бIaьхо ву.

– Иза бакъду. Гуо беш бу вайна, Элса, тоьлур дуй-те вай?

– Тола ницкъ ца тоахь, летта лийр ду-кх. Иза а ма бу толам, имам.

– Дашо дешнаш ду уьш, Элса. Шиъ бен некъ бац вайн – толам йа Iожалла. Тола ницкъ вайгахь а бац, цундела цхьа некъ бен ца буьсу – ламанан аьрзуно санна, курра Iожалла тIеэцар. Мишка мичахь ву?

– ДІогахь шeн доттагІчуьнца Янаркъица дитташ херцош воллу.

– Мишке схьакхайкхахьа, Юсуп.

Елисей а, Михаил а чIогIа лорура гIовттамхоша. Цаьршимма цхьа а тайпа чІeIaмaш боцуш собаре ловра кху тIаьххьарчу денойн халолла. Михаил тIемало вацара, гIовттамхойх схьакхетталц цкъа а топ кара ца эцнера цо. Амма дог дара цуьнан паччахьан Iедале болчу цабезамах дуьзна. Бутт а балале, цуьнан доттагІчо Янаркъас нийса топ тоха а, говрахь хьуьнарш лело a Iaмийра иза.

Михаил а валош сихха схьавеара Юсуп.

– ГIуллакх муха ду, Мишка? – xaьттира Iаьлбага.

Михаила, буй бина, нана-пIелг хьалалeцира.

– Иштта ду, имам!

Iаьлбаг гIайгIане велавелира.

– Вай-м кхоьручех дац, Мишка! Амма эрна валар сонталла йу, гIуллакхаш, шуна ма-гарра, дика дац, Элса. Кхалха гуо лоцуш бу вайна. ТIом болабала цхьа-ши сахьт дисина. Суьйранна цхьа а дийна вуьсур ву-вац, хаац, кхузарчу кхаа бIe стагах. Гуо хадийна, гIур-м дара, амма – мича? Даха меттиг бац. ЦІера доьзалш, лиэцна, хьийзор бу, тxo Ieдaлaн карадаххалц. Тхоьга хьоьжуш Iожалла йу. Йа кху ломахь, йа тангIалкхаш кIел, йа шийлачу Сибрех. Ткъа шуьшиъ, тхан ши ваша, тIаьхьадоцучуьра, дIагIо. Накъосташа БIaьн-некъана кIел воккхур ву шуьшиъ. Росси доза доцуш йоккха йу. Геннахь, цхьанхьа оьрсашна йукъахь къайлавала. Шуьшиъ тхоьца хиллий хуур дац цхьанне а. Тхох доглазарна, тхуна вошалладарна, гIодарна баркалла шуьшинна. Оха и цкъа а дицдийр дац.

Юсупа гочдале кхийтира Елисей Іaьлбаган къамелах. Цкъа кхоьлира цуьнан йуьхь, тIаккха ийзо йуьйлира, эххар а ши бIaьрг хих буьзира.

– Бехк ма биллалаxь, Iаьлбаг… Халонах, Iожаллех кхеравелла дац хьуна хIара… Кху цхьана-шина баттахь шу чIогIа дезаделла суна. Вежарел а тIех. Михаилан цIарах а олу ас. Тхойша цIеххьана ца ваьлла шуьгахьа. Йехха ойланаш а йина, ваьлла. Халонаш хир йуйла а хууш, лийр вуйла а хууш. Россе вaхна, цхьанхьа лечкъина Iойла ма дац тхойшиннан. Цигахь а бу хIарра къийсам. Масех бIe шо хьалха дуьйна схьа. Муьжгий гIовттуш, Iедало уьш бойъуш, Сибpex xьийсош. Цигахь хилча а, хир вара тхойша къийсамхойн могIарехь. Кхузахь шуьца хилча а, цаьрца хуьлу. Башхо а йац. Вай массара а ловш дерг цхьа Іазап ду, вайн массеран йукъара мостагIий паччахьаш а, хьоладай а бу. Вай массеран а Iалашо – маршо йу. ХIан-xIa, Iaьлбаг, шух къаьстар вац тхойша. Хирг цхьаьний хир вайх.

Юсупа къамел гочдича, Iаьлбаг хаттаре Михаиле хьаьжира.

– Сан доттагІчо Янкас ма-аллара: «Маршо йа Іожалла!». Кхин некъ бац, – жоп делира Михаила.

Iaьлбагна хиира, дехаршдар а, къийсар а эрна хир дуйла. Ши oьрси роггIана мара а къевлина, цаьршиннан белшаш тIе куьг тоьхна, вист ца хуьлуш басах хьалаволавелира иза.

Цхьа хан йелира бухахь бисинарш бист ца хуьлуш.

– Майра кIант ву вайн имам, – элира Елисейс, Iаьлбаган букъ хьуьна чухула дIатилча. – Со теша, хIинца а цо толамца вай кIелхьардохург хиларх.

– Дала мукъалахь!..

Перейти на страницу:

Похожие книги