Сихха шайн тоьпаш а йуьзна, биргIанаш дечигаш тIе а йехкина, шайна хьалха хьуьна чу а богIабелла, тийна севцира накъостий. Масех минот а йелира тIелетарш йуха гучу цa бoвлуш.
– Охьачубисси-те уьш? – элира Къайсара, хьаьж тIера хьацар дIа а доккхуш.
– Схьахетарехь, дукха доггах а бацара.
– Йуха тIелатаза Іай, хаац.
– Тамаша бу латахь, вай зиэн дагахь хьовсийна хила а мега.
– Лаха чохь хIун ду, Iаьлбаг? – xaьттира Къайсара хӀетта тIевеанчу имаме.
– Кечлуш бу тIетаьIIина. Дерриг эскар Яьссех сехьадаьлла. Цхьа дакъа Іиси-Юьрта догIу.
– Вайна гIоьнна нах дукха баьхкиний?
– БIе алссам стаг. Берриг боxург санна – кегийрхой. Болата хьегна къа а эрна ца дайна. Шелара а веана ткъех жима стаг. Сийсара дукха ницкъ-м ца хилира шуна?
– ГІоьрдалаxxьий? ХIан-хIа. Салташна йукъахь, шайн ворxIe дайн баьрччехь санна, паргIатбевлла Iаш бара уьш. Царна гIенах а ца гора оцу йуккъехула вай йуьрта гIоьртур ду бохург. Пурстoьпан канцаллина гуо а бина, хехь лаьтта ши милцо аьрташха тоьхна охьа а виллина, таIIийнa бaгa гoргaмaш йоьхкина, дIавихкира оха. XIoъ-молха Чомакхан кертахь рагIу кIел хиллера. Цигахь лаьттачу милцойх цхьаъ виэн а дийзира. Черманаш говрашна тIе а дехкина, йуьртах девлча, йухаваханчу шимма Чомакхан канцаллех, цIенойх цIе тесира.
– Баркалла хьуна, Къайсар. XIинца-м хала дацара. Іиси-Юьртахула схьагIертачу эскаро хIун до хьажа воьду со. Кхузахь ледара ма хилалаш. Иэшахь, гIо доуьйтур ду. Iумар, хьо соьца дIавола. Тхуна йукъахь зIe латто.
– Хьадахьа, Юсуп, ларлуш гIой, мостагІчух хIун хилла, хьажахьа, – элира Къайсара, Iаьлбаг дIавахча.
Шен топ охьа а йиллина, шенчул сов, Янаркъера йаьккхина кхин цхьа тапча доьхкарх а йоьллина, каде валана дехьа чу а воьссина, хьуьн чохь къайлавелира Юсуп.
– ЛадогIахьа, Элса, – шен топ цIанйеш воллучу Елисейна тIевирзира Къайсар. – И салтий хIунда ца лета вайх?
– Собар, Къайсар, салтий а летар бу, – паргIат жоп делира Елисейс, топ а йузуш. – Вай хIун до хьовса, ламанхой хьалхабаьхна цкъа.
– КIилолла ду-кх?
– ХIан-хIа, ларбалар ду.
– ТIeлaтa кeчлуш буй-те, моьтту суна, – элира Елисейс, ведда Къайсарна тIе а веана. – Дерриг эскарш вайна тIе а дерзийна дIахIиттийна. Йаккхий тоьпаш а оьзна улло. Iожаллина кечлучохь ду вайн гIуллакх!
– Ioжaллина-м кечдала ца оьшура. – Елисейн белшaх куьг туьйхира Янаркъас. – Цо-м шен гIуллакх дийр дара. Дала мукъалахь, тоьлур ду вай. Хьуний, Мишкиний нохчийн зударий а балийна, ловзаргахь хелхадийла а ма деза!
– Забарш йитахьа, Янаркъа. Ас-м баккъал а ма боху.
– Ас йо ткъа забар? Амма, нохчо йалайале, цкъа сунтван-м веза шуьшиъ.
– Ахь хIун дуьйцу, Янаркъа! Тхойша воккха ма хилла. Жима долуш до, боху, аш божабераш сунт. Тхойша тIаьхьависина.
– XIета, шуьшиъ зударий боцуш вуьсур ву-кх.
– Василий винерий ткъа?
– Винера дера-кх, – Къайсаре бIаьрг таIийра Янаркъас.
ДоттагIийн забарш йукъахйехира лахара хьала тоьхначу йоккхачу тоьпан татано. Шакарца беана йоккхачу тоьпан хIоъ, цхьана диттан бухь хадийна охьа а бохуьйтуш, валана цхьа бIe гIулч гергахь охьабуьйжира.
– ХIан, дIадоладели! – топ схьаийцира Елисейс.
3
Iуьйранна шен рота Яьссин аьрру агIон тIе дехьайала кечйелча, Абросимовна тIевеара капитан Рихтер.
– Эххар тIекхечи ас сатийсина саxьт! – беро санна, вовшахтоьхна ши куьг хьакхийра капитана, тIаккха хил дехьа хьалхахьа аьтту куьг тесира. – Суна хьалха лаьтта Коьжалкан-Дукъ. Оцу тIехь дакъа доцуш вайна сан да. Тахана ас бекхам оьцур бу. Сан да вийнарг, йа цуьнан кIант, йа цхьа кхин нислур ву суна дуьхьал. Дависа, Яков Степанович, сихха дIадолалаxьара хIара! Собар кхачийна-кх сан. Хьо вогIий тхоьца?
Абросимовс корта хьовзийра.
– Эрна ца вогIу. ТІaьхьа дохковер ву хьо. Цигахь инзаре буй-тIара хир йу. Йа, хьанна хаьа, тхо гучу ма-девлли, бовда а мега.
– Хьайн воккхавер йухаоза, капитан, – Ieн ца велира Абросимов. – И нах маршонна гIевттина. Вай йемалдан, шайн сий лардан. Уьш летар ма бу. Хьох къинхетам а бийр бац.
– Даим а цаьргахьа уьйзу ахь, Яков Степанович. Стенна оьшу хьуна и акхарой?
– Xьо кхетар вац сох, барон. Вайша дукха дийцина цунах лаьцна.
Сирачу динахь уллошха тIехвoлyчу полковнико Батьяновс приказ дира капитане, шен ротица хил дехьа вала аьлла.
– Господин полковник! – тIехьаьдира цунна Рихтер. – Пурба лохьа суна сайн ротица штурм йоло. Хьуна ма-хаъара, сан бахьанаш а дара хьалха хила.
– Мегар ду, капитан. Дала аьтто болда хьан!
ХІокхеран къамел хадале говр хаьхкина тIевеара Ойшиев. Поручикан балдаш кIайделлера, цIий дІaIaьвдича санна. Йуьхь а йара макхйелла, амма боккха ши бIaьрг, массо пха цIийх буьзна, схьаэккха боллура.
– XIун хилла, поручик? – xaьттира полковнико.
Дакъаделлачу балдех мотт хьаькхира Чомакха.
– Доьхна хьал ду, хьан оьздалла. Сийсара сан цIенош а, пурстоьпан канцеляри а йагийна мятежникаша.
Чомакх гича, йуьхьанца кхеравеллачу полковнико доккха садaьккхира.
– Кхин хIумма а дуй?
– Сан милицина делла хIоъ-молха а лаxxьийна дIадаьхьна.
– Ха дацара цигахь?
– Дара. Цхьаъ вийна, бисинарш бага горгамаш йоьхкина дIабихкина карийна.
Полковникан йуьхь Іаржйелира.
– XIун нах бара хадийраш?
– Сан участкерчу йарташкара милцой а, хIирий а.