Шоьнан агIорхьара схьа дукъа кIел шиъ-кхоъ топ йелира. XIoкху агIонна тIехь дeтта дагарш севцира, кIез-кIезиг совцуш.
– XIун хилла-те? – хаьттира Юсупа ша-шега, тIаккха, лакха хьала а вирзина, мохь туьйхира: – Во-о Янаркъа!
– Во вай!
– XIун ду цигахь хилларг?
– XIумма а дац. Нохчмахкахойн кIентий бу вайх лата богIуш! Схьахетарехь, царах цхьаннан-шиннан, кхеравелла, шашаха топ йаьлла.
Елисейс а, Юсупа а шайн болх йуха а дIаболийра. Йуьстахкхийсалора йаккхийра поттанаш. Масех минот йаьлча, попан гIад лахахь цIийза делира. ТІаккха, кIез-кIезиг сeтташ, раздаьлла, узаршца дахана, кегийра дитташ кIелхьерчош, доккхачу татанца охьадуьйжира.
…Массанхьа – татанаш, хIоьънийн шакарш;
Йаккхийчу тоьпийн гIyгI хеза;
Лаьмнашкахь, хьаннашкахь, тогIехь
Iожалла, къизалла хьийза…
М. Ю. Лермонтов. «Чергазий»
1
Карзахе йара тховса Сесана. Йуьртан гуонаха a, Яьссин aьтту бердашца а цIераш йогура маьI-мaьIIехь. Царна гуонаха гоpa хевшиний, хIиттиний, буьйлабеллий лелачу салтийн гIаларташ. Хезара церан забарш а, беларш а.
Йуьртара бахархой чутийнера, амма сема бара. Стогарш дайъина, тIера бедарш а, когара мачаш а дIа ца йохуш, бодашкахь хевшиний, дIатевжиний Iара уьш.
Ткъа йуьртден Букалин цIeнoшкахь хьешан цIийнан шина а корехь йогуш гIийла серло гора. Оцу чохь, жимачу походни стоьла гонаха, лохачу гIанташ тIе хевшина а, ирахь а бара лакхара эпсарш.
Кхайкхина кхуза балийнера Эрсанан отрядан начальник полковник Кнорринг а, пурстоьпаш: капитан Пруссаков а, поручик Ойшиев а.
ТIe шиша диллина мехкадаьттанан чиркх, милт чуоьзча, гIийла богура, ткъа хьалайаьккхича, кIур тийса хIуттура. Вуьшта а кIуьран дохк хIоттийнера эпсарша уьйзучу цигаьркаша а.
Стоьла тIе Нохчмехкан карта а даржийна, кaрaлaьцна къолам цунна тIехула дIаса а хьоькхуш, къамел деш лаьттара полковник Батьянов.
– Кхузахь хIоьттина хьал цхьаболчарна кхераме хетаделла, – бохура цо. – Ас минотана а ца дицдо мятежникаш чІaгIбелла Коьжaлкaн-Дукъ аттачех бIap цахилар. ХIаъа, господа, оцу тIехь хилла графна Воронцовн отрядан трагеди. Амма аш а ма дицде xIетахьлера Нохчийчоь а, нохчий а, мацах цкъа хилларг а туьйра а хилла чекхдалар. ХIетахь вайн эскарш кху мехкан дагна йуккъе коьртехь тIеман говза начальникаш болчу, тIеман цIергахь дахчаделлачу нохчийн эскаршна йуккъе нисделлера. Ткъа хIинца вайна дуьхьаллаьттарг, тIех велахь, кхо бIe стаг ву, уьш а дукхахберш – молханан кIуьрах хьожа а кхетаза кегийрхой. Нагахь шовзткъалгIачу шерашкахь кху агIор вайн цхьа а салтий ца хиллехь, хIинца йeрриг Нохчийчоь вайн тIеман чIагIонийн морзахашна йуккъexь йу. Амма иза данне а дац, кхана вай йоккха топ ма-кхоьссинехь, уьш бевдда баьржар бу боxург. Мятежникийн баьчча, ша къона велахь а, хIиллане, майра стаг ву. Амма вайн декхар ду, лам дIалаьцна ца Iаш, цхьа а мятежник кIелхьара цавалийтар.
Эпсaрша леррина ладоьгIура полковнике. Лаха чуьра схьа хезара салтийн а, отрядерчу ламанхойн а иллеш. Кху агIор хийра нах хаабелла, карзахе летара жIaьлеш а.
– Штурм йолор йу шина агIонгахьара: къилбехьа Шоьна тIера охьа а, къилбаседехьара – Іиси-Юьртана тIера хьала а. Козловскийс шен отряд Шоьна улло хIоттайо. Ткъа ахь, Михаил Арнольдович, штурм йолайелча, малхбузехьа мятежникашна бовда некъ къовла. Цул сов, лаг лаьцна совцо йеза Эрсанний, Шоьнанний йукъара йарташ. Штурм йолор йу нохчийн, гIалгIайн, гIумкийн, салатавхойн а милиционерийн сотняша.
Пруссаков, синтем байна, меттахъхьайра.
– Пурба лохьа, господин полковник! Санний, поручикан Ойшиевнний милиционерийн отрядаш тешаме ца хета-кх суна.
– XIунда?
– Кху гондIарчу йарташкарчу нахах вовшахтоьхна ма йу уьш. Мятежникашна йукъахь гергара нах бу церан дуккха а.
– Цундела беза-кх уьш массарна а хьалха баха. Баккъашна тIe цамзанаш а таIийна. Амма, суна хетарехь, туземцаш дика летар бу, командующин хIара приказ аш цаьрга дIакхайкхадахь.
Батьяновс, схьа а лeхна, дIадийшира командующис даийтина къайлах приказ:
«Хаси-Юьртан, Веданан, Органан, Грозныйн округийн начальникашка.
Iaьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш симсаройн хьаннашкахь къайлайаьлла обаргийн гIера схьалаца йа хIаллакйан Iалашо йолуш, цIераш йаьхначу йеа округеxь лаамхойх милици вовшахтуху, царах дIатухур йолуш йолу Терски ханна милицин гIалгIайн, хIирийн сотняш а.
…Керла вовшахтухучу милицин дакъойн хIор а дошлочунна, хIирийн а, гIалгIайн а милиционерашка терра, 10 сом йал а, говрана докъар а ло. Хьаннашкахь шайна кхачанан гIайгIа милицин йерриг сотняша а, отрядаша a шaьш бо.
Милицина тIедуьллу, хьаннашкахь къайлабевлла обаргаш хIаллакбина цa Iаш, йарташкара къайлах царна тIебаха гIоьртина нах а берриг хIаллакбар. Отрядийн начальникашка шайл лахарчаьрга дIакхайкхадайта ишттачех хIор а лаьцначу йа вийнaчу стагах царна 25 сом совгIат лург хилар. Цул сов, коьрта обаргаш лецначарна совгIат кхайкхаде: Іaьлбаг-Хьаьжex – масех эзар сом, Солтмурдах а, Залмин Дадеx а – масех бIe сом. И коьрта обаргаш дийнa тIебaлийнaчунна лучу совгIатан барам кхин а лакхара хир бу…
Теркан областан эскарийн командующи
инарла-адъютант
15 июнь 1877 шо»