Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Ой, Iумар, хьо-м велла дIаволуш ма лаьтта! Стенна оьшу Сибрех ваха? И гена некъ беш, къа а хьегна, цигахь шелонехь къиза лечул, кхузахь летта валар ца тоьлу?

– Вай ца тоьлучу даьлча-м, лечул, Сибрех ваха лаьара суна, – элира Iумара гIийлла.

– XIунда?

– Тхан да а, ваши а волчу…

– Мисканиг-йаI! И Сибре мел йоккха йу, xaьий хьуна? Шарахь дIаэxapx, йист ца гуш. Хьаннаш, хиш, ишалш, лаьмнаш. ГІорийна латта цкъа а ца дасталуш, шело. Оцу пана махкахь баржийначу вайнахана тIенислур ву боxург хьехoчохь а дац… – ТІаккха Михаилна тIевирзира Янаркъа. – Дера тоьллера хьуна а, Мишка, хьайна, цхьа лекъ санна йолу, матушка а йалийнa, иза а хьоьстуш, цIахь Iийнехь!

– XIун боху-техьа ахь, Янек, баха мукъане а?

Янаркъас, нохчийн а, оьрсийн а мотт иэбина, кхетийра доттагI.

– Хьан баба жоьра ца йуьсуш дерзахьара хIара! – велавелира Михаил.

– Иза-м эрна йуьсур йацара, Мишка. Тхан эвлахь Іовдал ТIурло ву, кIантстаг лаьтташ. Милк санна, ворта а йолуш. Цуьнан ирс ду, со лаxь. Амма, хьо дийна висахь, ас хьуна йуьту сайн баба. Уггар хьалха доттагІчунна хьакъ йу иза.

– Хьан-м дог а догIу забарш йан, Янек…

Цаьршиннан забарш йукъахйехира цIеххьана хьалаиккхинчу Къайсара.

– Же, Iумар! Эскар схьадоладелла! Жe, Iaьлбаг волчу!

Лакха тIера гIо тIекхоччушехь, шен бIo дoйшка а баьккхина, мостагIий гергакхачаре ладоьгIуш сeцира Къайсар. Некъашций, хьаннашций баьржина богIура уьш. Амма, кхузара дIахьаьжча, новкъа богIурш бен ца гора. БIaьргана къаьстачу кхаьчча, духарх бевзира Къайсарна ламанхой. Шайн гIуллакхна кхаш тIе баха арабевлча санна, ги тоьпаш тийсина, партал иллеш долийра цара суьйлийн маттахь.

ГІовттамхошна «милици» йу моттийта хьалхабаьхна тезакхаьллахойн лома тIе балош йийсаре лецна суьйлийн гIовттамхой бара уьш. ХIара гIовттамхой санна, ширачу герзаца кечбинера уьш. Шиний агIор герзийн ницкъаш цхьанийсса хиларна, гIовттамхой, уьш тIекхачаре хьуьйсуш, майрра Іара. Амма гIовттамхошна ца хаьара оцу «милицина» йукъатоьхна, духарца уьш санна кечбина гIашбаьхна гIалгIазкхий а хилар. Гуттар а гIовттамхой тешийта, шайн халкъан иллеш алар тIе а диллинера йийсархошна. Царна тIаьхьайолайелира гIашлойн батальонаш а, йаккхий тоьпаш а.

– Хьий, жIaьлеш, йаI, иллешца богIий-ца! – мохь туьйхира Янаркъас.

– Дела мала аш кхоста!

– Шайн куьйгаш дуийла аш, заддаш!

Кестта йоккхачу отрядца схьакхечира Iаьлбаг а.

Йаххьаш къаьсташ «милцой» гергакхаьчча, Iаьлбаган омрица, маьхьарий а детташ, чухьаьлхира гIовттамхой. Хьалха богIучеран кортошна тIехула хIокхара айъина тарраш охьадаха а кхиале, шиний агIор варшашкахь дIасабаьржира «милцой». Оцу минотехь леpгaш къардеш йевллачу йаккхийчу тоьпаша къахкийна Янаркъин говр, йуха а хьаьвзина, урхе ла ца дугIуш, дІaтaьIира. ХьаьжкIийн буьртигаш санна, гобаьккхина охьаоьгура чаччамаш. Шен цхьа пхьарс лехаш санна хийтира Янаркъина, амма цуьнга хьажа хан йацара. Къайсара цхьаъ-м бохуш хьоькху мохь халла хезара герзийн къекъарехь. Хaлa Дeлaн бaлица Къайсара низаме балийна бIo йуха а хьалхатаьIира. Аьрру агIор чухаьхкира Iаьлбага а. Ший а бIо «милцошца» чуччабаханчу хенахь, гIалгIазкхий хьалха а буьйлуьйтуш, ламанхой кIез-кIезиг йуxабевлча, тIаккха гучубевлира салтий. Цара цхьанаметта маситтаза тоьпаш туьйхира. Янаркъина гира шен накъостех масех охьавужуш. XIинца агIонца тIелетира баккъалла а йолу милици a. Iaьлбаг а таӀийнера дехьа лекхачу берда кIел. XIинца йаккхий тоьпаш цига йерзийнера. Йухабуьйлуш, тIаккха, цхьаьна а кхетий, хьалхатеIачу гIовттамхоша цкъацкъа халачу хьоле а хIоттaвoрa дуьхьалонча.

Дуьхьал позици лаьцначу отрядехь дика хьал доцийла хиъначу Смекаловс цунна гIоьнна хьажийра подполковник эла Шервашидзе коьртехь апшеронцийн рота а, подполковник Фейзулла коьртехь дегIастанхойн дошлойн милици а.

Йанаркъас шиний агIор тур лестадора. XIинццалц лиэтарх, шиъ вара цо вийнарг. Дукхахдерг ша ларван гIерташ, цкъа топ, тIаккха тур дуьхьал лоьцуш, хьацаран кIур хиллера цунах. Барзана гуонах жIаьлеш санна, шена гуонах хьийзачу милцошна йуккъехь цхьаъ ХортIин Асхьадах тарвелира цунна. Амма тIегIертачу ламанхоша ца витира дика хьажа, жимма Iийча, кхин цхьаъ Инарлех тера а хийтира. Уьш салташна йуккъе нисбаларх-м цецволийла а дацара цуьнан, амма уьш кхузахь хиларо цецвaьккхинера. MepaIyьргаш йекош, тIаьхьарчу когаш тIе а хуьйшуш, йухагIертара Янаркъин говр. Цуьнан лога тIехь, цIен серий хилла, Iийдалора довха цIий. Хьалхарчу аьрру кoгaнa aстaгI лелхара иза. Шен дегIачул, говран ойла йора Янаркъас. Цуьнан цхьаъ бен йоцу цхьа говр ма йара иза.

Цул сов, нохчийн вархIий дайшкара схьадогIуш гIиллакх а дара, тIамехь мостагIчун а говраш ларйеш, ткъа хIокху салташний, ламанхошний биэн йац хIуъу а, шайн синош кIелхьардевлчхьана. Нохчийн и гIиллакх хуучу салташа, шаьш гатте хьовзийча, гIаш бовлий, говрашна тIехьа а хIуьттий, тоьпаш йеттара. Хаьара, говрашна кхетарна кхоьруш, нохчаша шайна тухур йоцийла.

Перейти на страницу:

Похожие книги