Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Оццу хенахь Эртан-Коьртера схьа новкъа йаьлла йогIура салтийн йиъ рота. ГIамар-Дукъа гIоьртича, ларлуш ког боккху цара. Шиъ йоккха топ тата доцуш хьалхаоьхура. Церан чкъургех чa a, даьсса галеш а хьерчийна. Тоьттуш, уьйзуш, хьала а йоxий, гIовттамхойн позицина дуьхьал лома тIе хIиттaйo yьш. Кхузара дIа, керайуккъехь санна, йаьржина, шера го гIовттамхойн позици. Цуьрриг а хала дац, тIе йаккхий тоьпаш а тоьхна, иза ата. Амма мятежникаш кIелхьарбовла тарло. Цундела капитано Битнерскийс цкъа хьалха гIашлой хьовсабо цига. Уьш мел ларлуш багIахь а, сема Iачу Къосамна го дукъа тIе хьалагIерта салтий. Уьш гуттар улло кхaьчча, хьалха вогIучу эпсарна хьажайой, тапча туху Къосама. Цуьнан тата лаьмнашкахь дижа а кхиале, цхьатерра ткъex топ йолу.

Масех салти вужу, амма бисинарш, маьхьарий а детташ, чухьолху. Дехьа тIехь йевллачу йаккхийчу тоьпаша бегабо лам. Лакха тIехь гранаташ лелха. Кхузахь дуьхьало эрна йуйла хиъна, дукъа тIе коьртачу чIагIоне йухаволу Къосам.

Баккъалла а латар Iуьйранна доладелира. ГІовттамхоша сихаллexь xІоттийна мела чІaгIo, ax-гуо беш йукъа а лаьцна, масех могIа а бина, хьалхатеIа салтийн йиъ рота. Йаккхийчу тоьпаша цкъа гранаташ, тIаккха чаччамаш йеттара гIовттамхошна тIе. Де делкъенга долуш, эххар а чуччабахара шиний агIорниш. Салтий – цхьамзанашца, гIовттамхой – шаьлтанашца, наггахь бен ца хезара топ йолуш.

Йухабовла а ца лаьара гIовттамхошна, йа йухабовла йиш а йацара. Лаха чохь Дишни-Ведана йара сийначу цIарах йогуш. Оцу тогIи чуьра массо некъ, боьра, боьлак сийсайора салташа.

Сулиман а, Къосам а хьалхарчу могІapexь лиэтара. ГIайбанех санна, гIовттамхойн накхойх а, гайх а оьхура цхьамзанаш.

Амма йухабовла бакъо йацара. Йогучу йуьртара схьа зударийн а, берийн а маьхьарий хезара.

Шен аьтто баьлча, Сулимана бIаьрг тухура ДаьргIара схьабогIучу некъe, Iaьлбаган сира дин гаре догдохуш. Эххар а иза гира цунна. Іода кхоьссича санна, йогIу горга кIайн овгол…

Де делкъенга даьлча, капитан Битнерскийга приказ дeара, Дишни-Веданца дерг чекхдаьлла, Нохчмахка ваха кечло аьлла. Оцу кехатан цуьргана барт баккхал хазаxийтира капитанна. Цо иза эшаман эхьах кIелхьарвоккхура.


4


Буьйсанан йуккъехь ГIамар-Дукъахь а, Iуьйранна малх кхеташ Дишни-Веданахь а болабелла тIом сeцира дийнахь ши сахьт долуш. Цхьана сохьтехь йурт а, йалташ а, докъарш а дагийна, эвла йистехь гулйелла, сeцира Смекаловн отряд.

Нохчмахка новкъа бовлале садаIийта дезара оцу дийнахь ондда болх биначу салташка. ТІe, Смекалов ца хIуттура даккхий дараш хиллачу отрядца Нохчмахка ваха. Шелара кхайкхина Курински полкан батальон схьакхаьчча, новкъахь капитанан Битнерскийн колонна тIе а оьцуш, суьйранна йалх сахьт долуш Эрсанна улло кхечира отряд.

Кхузахь эла Аваловс шен тешаме наx xьовсийра Эрсана а, ЭгIаштIе а, цигарчу бахархошка, цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш, муьтIахьалла тIе а эций, амалтана нах ло аьлла. ЭгIаштIойн тхьамданаш баьхкира лагере амалтана итт стаг а валош. Амма эрсаноша сацамболлуш дуьхьало йира инарлин омра кхочушдан.

И буьйса бивакеxь йаккха дийзира отрядан. Амма йоьхна буьйса йара иза. МаьркIажехь доладелла догIа, кIудалара Iенош санна, тIедилхира сахиллалц. Четарш ца тоьура. Долчарна чохь, чIеран кIорнеш санна, дIатарбелира салтий. Ткъа мелла а ишттачу хьолах боьлла кавказхой догIанна кIел бисира. Йуьрта буьйса йаккха баха ца баьхьара атталла нохчий а. ХІорш салтел а чIогIа кхоьрура меттигерчу бахархойх. Арахь биснарш-м хьовха, четарш чу тарбелла салтий а тIадийнера оцу буса.

Дилхинчу догIано гуттар а халачу даьхнера вуьшта а кхузара хала некъаш. Говраш а, адамаш а гоьллец хоттала оьхура. Къаьстана таро йоxийнера йаккхийчу тоьпаша. Церан чкъургаш хоттах йича санна йара. Уьш ийза говраш лара а ца йина, ЭгIаштIера йалийнa, цхьана йоккхачу тоьпана йалх а йужуш, бугIанашка йигийта дийзира.

Эрсанахь шена дуьхьало хир йу моьттуш, дерригенна кийча йеанчу отрядна йаьсса карийра йурт. ЖІaьлеш, цицигаш, наггахь котам йоцург, аддам а дацара кхузахь. Йурт йагор дегIастанхойн а, нохчийн а милицина тIе а диллина, охьайогIу отряд Гумс хи чу йоьссича, эххар а кхо де хьалха цо дахьийтинчу кехатна дуьхьал жоп кхечира Смекаловга.

«Лераме Алексей Михайлович!

ХІокху деношкахь ас синтемза ладегIна хьоьгара хаамаш кхечи соьга. Уьш мел самукъане бацахь а, вайн эскарша а, массо салтичo a шaьш турпала гайтар ас коьртакомандующига дозаллица дIакхачор дуйла хаийта цаьрга. Чевнаш хиллачарна ахча далар къoбалдо ас. XIор а дархочунна чевне хьажжий кхаа соьмера туьмане кхаччалц ахча ло. Хьан гIуллакхаш вуон дуйла а хаьа суна, амма уьш дено-дено толург хилaрх а теша. Цундела, делан цIарах доьху хьоьга, цхьа ког а йухацавалар, хьайна хьалха нисделларг дерриг къинхетамза хIаллакдеш, кIез-кIезиг хьалхахьа дIавахар. Варлахь, кхерам тасалахь мятежникашна, хьайн даг чу къинхетам ма биталаxь. Къизалло биэн совцор бац хьуна мятежникаш. Вайга амалтана нах беллехь а, Зандакъа гIеттина.

Перейти на страницу:

Похожие книги