Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Caьнгар гомха йу. Форштадт, тур-бастион а чІaгIйан йеза. Нагахь мятежникаша блокада йахь, хи тоьур дац. Бассейна чохь тIaьхьалонна хи IаIо деза. Лазарет мичахь йу?

Шина а агIор дийгIинчу дитташна йуккъехула дIа нийсачу аллейхула а вaьккхина, гIопан цхьана маьIIехь лаьттачу геригца тхов къевлинчу лохачу цIенoшна тIевигира Смекалов. Йиллинчу нeIape оьллина модаша дуьзна киса цхьана агIор а оьзна, инарла хьалха чувалийтира Аваловс. Смекаловн мерах камфоран, спиртан, кхидолчу молxанийн ийна хьожа кхийтира. Чохь тоъал сирла йара. Сени чохь походни маьнгеш тIехь Іохкура дархой. МаьI-маьIIера схьахезара церан узарш. Йай-й чевнаш хилларш, инарла гучуваьлча, хьалагIовтта гIоьртира.

– Іахка, Іахка, – куьг ластийра инарлас. – Муха ду шун гIуллакхаш?

– Вуон дац, хьан локхалла! – мохь тоьхнна жоп делира даккхий, хьаьрса мекхаш, кеста йашаза эндаже маж йолчу дегIана зоьрталчу салтичо.

ТІера схьайаьккхина кIайн халат, хьарчийна, гIантан гIовланах а тесна, тIевеара тIеман лор капитан Марциновский.

– Дархой дукха буй, доктор? – хаьттира Смекаловс.

– Дукха бу, хьан локхалла. Тахана а валийна бархI салти а, кхойтта туземец а.

– Хала чевнаш йерш?

– Ишттаниш а бу. Тахана шиъ велла. Йалханнан дийна висаре догдохийла а йац.

Лазарета чуьра арадевлча, логера ветанаш дIа а даьхна, вортанах йовлакх хьаькхира Смекаловс.

– Гатте а, бурко а йу цу чохь, – элира йуьхьа дуьхьал йовлакх а лестош. – Мотт-гIайба а дац цIена. Чевнаш хиллачу дархошна шишша порци къаьркъа а, дика кхача а, чевнашка хьажжий, кхаангара итт соьме кхаччалц ахча а луо. Дог-ойла айъа церан.

ШолгIачу дийнахь керла хаамаш кхечира отрядан штаб-квартире. Йоккхачу отрядца ЦIоьнтарна кIел сецна Іaьлбаг. Iумма йуха а ЧIебарлахь кхарставаьлла…

– Iабдул-Хьаьжа кхераме волчуьра дIаваьлла, – бохура Аваловс. – Цo дoш делла суна Iаьлбагна тIеIаткъам бан. Цахуьлучу далаxь, ша цунна дуьхьалвер ву а аьлла. Басса тIехь хIинца кхерамениг ТангIай ву, Iаьлбаган коьртачу гIоьнчех волу. Дочу-Борзера Бойсуев Ахьмад шайн цигара йарташ ирахIитто гIерта. Амма кхерамениг Нохчмахка йу. Лаьттан къоьллой, мацаллой карзахбаьхна кхузара бахархой. Оцу тIе, аренгахь санна, вай тIeтийжа хьолахой а, динан дай а бац кхузахь.

– ДаьргIахойн, белгIатойн, цІонтаройн ойла муха йу?

– XIинца цкъа тийна Iа. ЦІонтаройх Сулиманан цIийнах нах бен бац гIaттaмeхь дакъалоцуш. Йисина йурт дуьхьал йу цунна. Масех де хьалха йиттина цара Сулиманан цхьана гIоьнчина, говр схьа а йоккхуш. Оцу тIехула йурт, шина декъе а йекъайелла, вовшахлетта. Йуьртдeнa a, цуьнан кIантана а, вешина а чевнаш йина. Сулиманан ваша а вийна. ДаьргIахой а, белгIатой а йуьстаха Іа. Амма Чомакхера гIо дац. Соьга гIoьнна отряд йаийта а бохуш, ГІоьрдалаxь шен цIа а хиънa Ia иза. И стаг, кIордийна, хьех чекхваьлла суна.

– Хийца ца мега иза?

– Мегара, хийца стаг велхьара. Цуьнан метта прапорщик Мовсаров Элби хIотто ойла йу сан.

Суьйранна йоцца кхеташо йира Смекаловс.

– Господа, – долийра цо. – Кавказан эскарийн коьртачу штабан бертахь, Нохчийчоьнан гIаттам йоццачу хенахь хьаьшна дIабаккха аьлла, кхуза схьахьажийна со. Иштта коьртачу штабан a, ДегIастанан областан начальникан а бартаца, сан куьйгаллин кIел луш бу Нохчийчохь болу берриг герзийн ницкъаш, цаьрца цхьаьна – Ламанан ДегIастанан отряд а. Шуна ма-хаъара, Анатолехь тахана цкъа дика дац вайн гIуллакхаш. Цул сов, болчу хаамашца, хIара гIаттам ДегIастана баржа кхерам болуш а ду хьал. Цундела, тIаьххьара а, къиза а тохардар – иза ду вайна хьалха хIоттийнарг.

XIoрaммо шена хетарг аьлча, сацам тIеийцира: Веданна ши чаккхарма уллохь болчу Iаьлбагехьа бевллачу дишношкарий, эрсаношкарий амалтана нах а баьхна, отряд Нохчмехкан кIорге йига.


2


Смекаловн план шолгIачу дийннахьехь йуьйхира. И де дайъира цо дишношца барт бан гIерташ. Цара сацамболлуш дуьхьало йира амалтана наx бала а, Iедална муьтIахь хилла, совца а.

Дарвеллачу Смекаловс суьйранна йуха а кхеташо гулйира. ХIинца цо ша волчу кхайкхира берриг а батальонийн командираш. Деха ца дуьйцуш, сацам тIеийцира тIедогIучу дийнахь Iуьйранна Дишни-Ведана йоxийна дIайаккха.

Амма хIорш дIасакъаста а кхиале. ГIамар-Дукъахь тIом кхехкабелира. Схьакхехьа болийра чевнаш хилла салтий. ТIaьххье Эрсанан отрядан начальникан майоран Явченкон геланча веара, цига хьажийна кхоъ рота гуонна йуккъexь йисина, дукъа тIехь хин тIадам а бац, салташа Iуьйранна дуьйна хин къурд ца бина аьлла.

Явченкон отряде Эртана-Коьрте йухайала аьлла, приказ а дахьийтина, и буьйса тIамна кечамбеш йаьккхира Смекаловс. Iуьйранна ворхI сахьт долуш бивакера Апшеронски, Самурски, Курински полкийн батальонаш а, гIалгIазкхийн, гIалгIайн, дегIастанхойн а дошлойн сотняш Дишни-Веданехьа дIа а хьовсийна, царна тIаьххье шен штабаца Веданах аравелира иза.

Операцина тIехь куьйгалла дан, йуьртана тIекхачале долчу Ахкан лекхачу берда тIехь йуькъачу боьлакна уллохь сeцира Смекалов. Отряд, цхьа а тайпа новкъарло ца хуьлуш, Ахках дехьайаьлча, сапаргIатделира цуьнан. Амма, эвлан йистера шолгIа боьра хадо йоьлча, отряд цIарна кIел нисйелира. Эвлан йистерчу массо цIа чуьра схьа дошан дарц дeттара.

Перейти на страницу:

Похожие книги