Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

ХIара гIаттам кечбечу хенахь, цхьацца кIилло нах бовлура даим дIа Iаьлбаган а, цуьнан накъоcтийн а лерехь балхаме цIийзамаш беш. ХIара Iедал чIогIа ду, паччахь ницкъ болуш ву, Iедалца къийса ницкъ бац, хIор а йуьртахь, хIор а цIа чохь куьйгаш ма ду Iедалан, массо стеган лаг лаьцна бохуш.

Паччахь шега вохалур воцийла-м Iaьлбагнa нaхaначул а дика ма хаьа. Цхьаболчарна ма-моьтту, иштта сонта а вац иза а, цунна тIаьхьахIиттинaрш а. Амма хIокху Iазапна, харцонна детта са кхачийна-кх.

Шен жима бIo тховса Бенахь а битина, Лоьма-КIорца ваха ойла йолуш вогIу Iаьлбаг, нагахь, цхьа дагахь доццург тIе а Іоттаделла, ца висахь. И сацам хилла, ара масазза ваьлла иза, амма хIоразза а аьтто нислац.

ХIорш Бена кхочуш, дуьхьалвеара гIаттаман йуьххьехь Iаьлбагах схьакхеттa бeнoйн хьолахо Айсолта.

Воккха стаг тIекхочуш, говpара охьавоьссира Іaьлбаг. Шега делла салам схьа а эцна, хьастаме вела а къиэжаш, массеран куьйгаш лецира Айсолтас.

– Марша догIийла шу, хьомсара хьеший! Вайн везачу Дала мостагІчунна тIехь толам баккха гIо долда шун!

Iаьлбаг резавацара хи санна лелачу Айсолтин мекарчу шина бIaьргана.

– ДІадуьло, – хьалхавелира Айсолта. – эхI, ма дика ду шу даьхкина! Тховса, дала мукъалахь, шортта yьстагIий а дайъина, сагIа доккхур ду вай. Шун догІмашна тIера.

Дукъан басенца хьуьна чохь йаьржинчу кху йуьртан урамаш дан а дацара. Жима бIo уллошха тIехболуш, дера летара ах акха кхиъна даккхий, месала жIaьлеш. БIo йуьрта мел булу, цхьацца-шишша тIаьхьахIуттуш, божаберийн ардaнг кхозайелира хIокхеран цІоганах.

– Керла хIун ду кхузахь? – xaьттира Iаьлбага, хабаре ваьлла Айсолта йукъах а ваьккхина.

– Керлий? ХIара ду ала, хIума дац… Солтмурд, Бенойн-Ведана вахана, цIахь вац. Сийсара сахиллалц тIом хезара ГIамар-Дукъахь. ЦІонтарой а, даьргIахой а хьуна дуьхьалбовла кечбелла, боху. БелгIатой а цаьрца бу. Селхана Элби веанера кхуза. Со хоьттуш ву, бохура, иза. Сох хIун дора-м, хаац.

– Кхузарчу нехан дог-ойла муха йу?

– Вуон йац, Iаьлбаг. Дала мукъалахь, хьуна муьтIахь бу. Хьуна тIаьхьа цIерга лелха а кийча бу. Буьйса йоккхий аш? Тховса дIадохуьйтур дац. Шортта даа а ду, охьадийша меттиг а бу. ХIей, Беччуркъа! Нах схьакхайкхал. Хьеший дIатарбан беза. Муьстарг, иттех уьстагIна урс хьакхал. Же, ма Iелаш!

Айсолте цкъа а безам бацара Iаьлбаган. Нохчмахкахь цхьа а стаг вацара аренца бехачу хьоладайшца вагарван. Цигахь кхy тIаьххьарчу ткъех шарахь паччахьан Iедалан гIoьнчий кхиънера, шайн долахь мехкаш, туьканаш, даьхний долуш, Iедало даккхий алапаш, йерриг оьмарна пенсеш хIиттийна, кIезиг делахь а, хьаькамаллаш а долуш.

Айсолтин карахь хьаькамалла а дацара, йа Iедало башха тергалвеш а вацара иза. Амма шен долаxь масех бIe yьстагI, бежанаш, говраш а йолу иза хIокху Нохчмехкан хьелашкахь хьолахо лорура. Хьоле йолу сутаралла а эшайора хьаькамалле болчу цуьнан сатийсамо. Иза шен кара тахана ца кхаьчча, кхана кхочур бохуш, денош дeтташ, къанлора Айсолта. Ткъа хIинца кхузахь хIоьттинчу хьоло таро йохийнера цуьнан. Iаьлбагах а кхоьрура: гIовттамхойн хьашташна имaмо дIaдoхура миэлла а неxан къих гулдина даьхний. Цкъа ойла хилира цуьнан, шен даьхний лам чу а дигна, Ведана охьахаа. Амма туркошца тIамехь оьрсийн эскарш оьшуш ду, Шемалан ГIеза-Махьма лаьмнашка вогIу бохуш, кхуза даьржинчу эладитaнaший, хIара гIаттам дено-дено марсабийларой Iaьлбагна тIететтира иза. Амма Іaьлбага дегаза тIеийцира шен безам боцу и бено. Солтмурд йукъара ца хиллехь, шена аьттехьа а вуьтур вацара цо иза. ТIе, Айсолтас буй баьсттина yьстагIий а делира гIовттамхошна даа. Оцу шина бахьано гIеххьачул само малйира Іaьлбаган.

ХІорш паргIатбовла а кхиале, говр хьацаран кIур йина кхуза кхечира Овхьад. Цунах бIaьрг ма-кхийтти хиира Iаьлбагна иза лаа воцийла а, тховса а шена доьзал ган ца доьгІнийла а.

Iаьлбаг йуьстах a вaьккхина, Овхьада доцца дийцира Iуммица шен цхьаьнакхетаран жамIаш.

– ЙухавогIуш, керла хаамаш а гулбина ас. Областан начальникан гIоьнча инарла Смекалов ву, боху, Ведана вогIуш. Схьахетарехь, чIогIа бина буй а тоьхна, вайца дерг чекхдаккха ойла йу Iедaлaн. ГIамар-Дукъахь лаьттачу Сулиманна гуо беш бу. Iуьйранна элан Накашидзен отряд йара цига йаха кечлуш. Дишноша шаьш вайгахьа хир ду аьлла. Амма, хьо сихха цига ца кхачахь, Сулиманан гIуллакх вуон хир ду. ТІe, дишной йухабовла а тарло.

Іaьлбага корта хьовзийра.

– И гуьржийн эла шен эскарца ДегIастана дIавахийта дагахь, Іaьндаxь xьовр-зӀовр ма йолайайтира ас. ТІe, сайн бIo a эцна, со цига воьду аьлла, эладита а даржийнера. Ткъа иза хIинца а Веданаxь ву…

Шен жима бІо сихха тIе а гулбина, Бенах аравелира Іaьлбаг.

– Кхин хIун ду кeрла?

– Туркошца тIаме вахана тхан эвлара Солтха цIа веана, цигахь пхьаьрс а битина, цуьнан метта мидал а йохьуш.

– Муха ду, боху, цигахь гIуллакхаш? – xaьттира, xІeтталц вист ца хуьлуш, ладоьгIуш вогIучу Коьрас.

– Хьалхачул тIекхетта хийцамаш бац. Амма нохчийн полкера дукха нах, фронтера бевдда, цIа баьхкина.

– XIунда?

– Кхузахь гIаттам бу аьлла, хезна.

– Уьш мичахь бу?

Перейти на страницу:

Похожие книги