– Вашингтон a, Iaьлбаг а цхьаъ вац. ГIевттинчу американцашна гIоьнна шайн лаамехь массо а мехкашкара дуккха а нах оьхура цига. Уьш дуьхьалбевллачу Англера а цхьаьна. Мила ву вайна орцахваьлла? Цхьа а вац-кх. Тахана кхузахь хуьлуш дерг атталла Россехь а ца хаьа. Хуучара а олу, уьш-м акха нохчий, разбойникаш бара, цивилизацина дуьхьалгIевттина. Къинхетамза таІзар даро бен совцор боцуш. Оцу пропагандо хьалха вайга къахетарца хьийсинчу оьрсийн муьжгийн ойла а хийцина. Вай толахь, кхузара шаьш дIадовла деза моьтту царна. Моттийтина-кх…
– Iaьлбаган и Iалашо йац, Дада. Цo нийсо лоьху. Кху махкахь дехачу къаьмнашна цхьатерра бакъонаш, цхьатерра латта.
Дадас куьг ластийра.
– Утопи! Цкъа а цахилларг йа хир а доцург! Кху махкахь дехачу къаьмнийн бала бу ткъа паччахьан правительствон? Шуна дIадиэкъа делла цо кхузахь хьолахошна эзарнаш десятинаш латтанаш? Латта а, нийсо а, маршо а лоьхуш гIуьттучарна динарг а, дийриг а ца хаьа хьуна? Европехь а, Россехь а, дуьненан массо маьIIexь а. Дуьненахь цхьаьнгге а ца йаккхайелла маршо а, нийсо а йаккха гIерта хьо а, хьан Iаьлбаг а!
– Къам а ма ду, доьзал санна, – элира Овхьада гIайгIане. – Вайшиннан доьзалерчу адамийн а йу тайп-тайпана ойланаш. Массо къомана йукъахь а ду иштта адамаш. Масала, Англис, Францис, Испанис, кхечара а колонеш йацайарх, оцу пачхьалкхашкара къаьмнаш а ма ду къелла къикъдоьлла. И къаьмнаш ма дац и колонеш дIалецнарш.
– Туьйра! – йуха а куьг ластийра Дадас. – Оцу къаьмнийн салтий бац ткъа и мехкаш дIалецнарш? Йа оьрсийн салтий бац ткъа тахана вайн маршо цамзанашца хьоьшурш?
– Нуьцкъах схьа ма лоьхку уьш…
– Хьан йина дуьхьало? Цхьаммо а. Шен цIе йилла а ца хуучу, шен махкахь ког тIе хIотта латта а доцчу салтичунна хьо а, со а адам ца хета. Шен и паччахь шеца мел къиза велахь а, цуьнан Iедалчаша ша хехкахь а, мацалла вуьйш валлахь а, цо дозалла до шен паччахьах. Иза воккхаве Россис дIа мел лаьцначу керлачу коржамах. Оцу хIор а коржамо стамйо цуьнан къоман пачхьалкх, ницкъ ло цунна. Ахь ца хуьлу бахахь а, пайда а хуьлу муьжгашна. Шайн махкахь латта а доцуш, сагIа доьхуш лела муьжгий керла дIалецначу латтанаш тIе дIакхелха. Бухарчу аборигенийн латта ло царна. Изза дина Сибрехь, Йуккъерчу Азехь а, Кавказехь а. Массанхьа а. Изза деш ду дуьне доладелчхьана а.
Хьалха дIаволавелла Хьусайн лохха мохь тоьхна кхайкхира Овхьаде. Шовданна тIe а вахана, голаш тIе а лахвелла, канашкахь эцна хи мелира Овхьада. Балдех чоин пхьош а хьаькхна, Дадина тIевирзира иза.
– ДоттагI, уьш дерриг а дика хаьа суна. ХIара къийсамаш БуритIехь а дукха хилла вайшиннан. Ахь хIуъу дийцахь а, со теша адамашний, къаьмнашний йукъахь нийсо хIуттург хиларх. Амма маршо а, нийсо а вайна хир йац, и ахь дуьйццург дуьйцуш, массо а таьIна Iаxь. Цаьргахьа къийса ма деза, вешан синош а ца кхоош.
Дадас доккха сaдaьккхира.
– ХІокху гIаттамах хиндерг хаьий хьуна? – xaьттира цо.
– Хаьа. Хьошур бу. Пугачевн, декабристийн, кхин-кхин гIовттамаш а санна. Дийна бисинчу гIовттамхошна тоьпаш тухур йу, ирхъухкур бу, каторге бохуьйтур бу.
– XIетте а, веана хьо хIокхарна йукъа?
– Веана. Халкъах ваьлла, ваха меттиг ма бац сан. Вайн халкъ цкъа а маршонeхьа къийсамна йуьстах ца Iийна. Иза цкъа а ца Iийна тийна, шена тIexь латто харцо a, Iaзaп a лoвш. Iийр а дац. Нагахь тхан идеяш хьайн даго къoбaлйеш йацахь…
Дада гIадвахана велавелира. Амма цуьнан велaвaлaрeхь доза доцуш гIайгIа хезира Овхьадна.
– Шек ма вала хьо, Овхьад, – ши белш лаьцна, иза вайн дIасаластийра цо. – ХIара гIуллакх айса дагахь мел къoбaл ца дахь а, кхyьнан дуьхьа сайн са дIалур ду ас. Нагахь хьалххе цхьанхьа ца вожахь, хIара сан маргIала дегI тангIалкхаш кIел кхозуш гур ду-кх хьуна, со йуха ца волуш!
– И хьехор дац вай, Дада. Вай эгнaчохь кхин гIовттур бу! ХIан, схьада хьайн дегІ. Марша Iойла хьо! Кестта гур вайна.
Каде ведда, Овхьад тархашна йуккъехула къайлаваьлча, корта а хьовзийна, доккха са а даьккхина, йухавирзира Дада. Цo ойла йора Овхьадан. Дадин боллу аьтто бара цуьнан ирсана тIе некъ баккха. Дадичул а тIех. XIетте а, шен лаамехь гIаттамна йукъавaхана. Шен лаамехь шен коча муш хьарчийна-кх…
3
Хьеха тIе богIучу некъаца, йукъ-йукъа шишша стаг хIоттош, кхаанхьа ха дара. Кхуза вогIург кхаанхьа теллина чекхвала везара. ХIор а хан шатайпа ишар йара, цхьанхьа галваьлларг мостагI вуйла хуийла долуш.