ТІaьххьара ха долчохь шен накъоcтца буьйса йаьккхира Ишин БугIас, цхьа а тайпа кхерам ца хаалуш. РоггIана набарна охьа а вуьжура и шиъ. Сатосcучу хенахь, гIеттина, шен накъост вижа а витина, дIахьаьжча гIаш некъ берриг гучу тарха тIе а хиъна, улло топ а йиллина, кетарх хьаьрчиpa БугIа. ТІyьна а, шийла а йара гуьйре. Кхузахь йохлуш йац малх лакхабаллалц. Тховса ха дича, шина буьйсанна мукъа ву иза. Кхузахь деш хIума дацарна йахло хан. Ойланаш йеш хан йацйан а гIерта БугIа. Дага ца лоьцуш хIун дуьсу? Йурт, доьзал, гергaрниш, йуьртахой. Йурт-м йагийнера цуьнан, ткъа йуьртахой мичахь бу хаац-кх. Цхьаберш, салтий дIабахча, йуха а баьхкина, дерзина пенаш а къевлина, чубирзина. Гуттар а шаьш бехке хетарш хIокху лаьмнашкахь левчкъина. Цхьадика, БугIин шен доьзал бац, ткъа да-нана а, хIокхул кегийра бераш а хьалххе арен тIера цхьана йуьрта гергaрниш болчу бахана.
Шен бералла а дагалийцира БугIас. ТІаккха, цхьацца де йа шераш хоьрцуш, къоналлина тIе a вeapa. Шен йезарцa шa Iийна синкъepaмaш, ловзарш карла а дехира. Гила борз санна, хIокху лаьмнашца хIара болар идийна вер вуй-те ша аьлла, ойла а йира. Дена неIалт хиларг, церан йуьртда Базо ма ву хIокхунна бехке! БугIа тIехьийза Азни ма йигнера цо шен кIантана, йоьIан бертаза, нуьцкъах. КIанта йадийнера, ткъа йоьIан вежарий а, БугIа а бекхам эца гIоьртича, Базос Iедале даьккхира. Пурстоьпо, милцой а бахкийтина, лаьцна вигна, Шуьйта-гIопеxь масех буьйса йаккхийтира БугIе. ХIара цIа хоьцург, дов ца кIамдира дас, тIаьххьара йетт а боьхкина, ахча делира йуьртдена. Цунах ах йуьртден кисанахь дисира. Кхерайелла сeцира Азни а. Вежарий а йуxабевлира. Машарна йукъабевллачу нахах бахьана а дина. Йуьхьанца дуьйна а цара лелориг доггах ца хийтира БугIина. Уьш бехказлонаш йуйла хиира тIаьхьа. БугIа хIумма а вац. Къехочун кIант. Ткъа Садо йуьртдeн кIант ву. БугIе хьаьжча, хьолахо ву иза. Залмин Дадас кхайкхам бича, БугIа уггар хьалха хIоьттира цунна улло. Базох бекхам эца. ХьастагIа шен куьйга цуьнан цIенош дагийра БугIас. Йеa мaьIIe a вуьйлуш, цIе туьйсуш. Пайда бац, Базо а, Садо а ца вийча. Амма вуьйр-м ву.
Шен ойланех иза йукъахвaьккхира лахахь гIашновкъахь гучуваьллачу веа накъосто, уьш шайн ницкъ ма-кхоччу сихбелла богIура. Чхерашна тIехула кхийсалуш, некъ вуочохь биълара тийсалуш.
– XIун хилла? – xaьттира БугIас накъостий гергакхаьчча, тарха тIера чу а иккхина.
– Салтий бу богIуш!
– Ой, топ хIунда ца кхоьссира аш?
– ТІаккха тIаьхьара бевр бацара уьш. Лахара йуxабоьрзур бац-те аьлла, лечкъаш схьадогIу тхо.
Сихбелла богIу хехой уггар хьалха Дадина гира. Цара биначу хаамо меттахбехира йуург схьайаларе хьоьжуш Iен хьехара нах.
– ТІамна кечдала деза вай, – элира, Іуммина тIе а вахана, Дадас.
– Тодакх! – кIанте хьаьжира Iумма. – Эпcap ву, Дала витахь! Цара сарале, цхьогал санна, кIур бина, схьалоьцур ду вай хIокху хьехахь. Довда кечло сихха! МитIа, некъ гайта хьалхавала! Кхузахь дала йиш йац вайн. Къийса деза.
Сов-ков хIуманаш Iадда а йуьтуш, герз, диг, кхин цхьацца оьш-оьшург схьа а эцна, арабовла кечбелира нах. Йеккъа цхьа Марха йара очакх тIехь кхехкачу йай уллохь, ши куьг охьа а хецна, хIоьттина лаьтташ.
– Хьо стенга хьоьжу? – цунна тIевирзира Іумма.
– Со ца йогIу.
– Ца йогIу боxург хIун ду? Же, ма Iе!
Мархас корта ластийра.
– ДІaгIo, Iумма-Хьаьжа. Со лелалур йац шуьца лаьмнашкахь. Шаьш кIелхьардoвла хьовса.
– Йолало, цa боху хьоьга?!
Марха гIийлла йелакъежира.
– Ца йогIy co, сox бала хир бу шуна. ДІaгIo. Салташа зудчунна хIумма а дийр ма дац.
Цхьана минoтeхь ойла а йина, куьг ластийна, дIаволавелира Iумма.