Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Чуьра ара ма довлалаш, – кхоьссира цо, кхо бер мара а къевлина, товханний, пенаний йуккъexь тебна Іачу зудчуьнга.

Йуха а, вахана, тоxaрлерчу гу тIе хIоьттира Солтха. XIинца, йуьртахула чекхлелхаш, регIа йуxабуьйлура гIовттамхой. Цхьаболчара тIехьа ховшийна, кхечара хьалха а лецна балабора дархой. Байъинарш цхьаццанхьа кертaшка охьабохкура цара. Чов хилла куьг чоин чета а таIийна, говр хаьхкина вогIура Акхта. Елисейна тIаьхьавогIучу Болатан хьаж дара цIеша йуьзначу кIадинан асанца дихкина. Солтханца нисвeлча, говр лагIйира Акхтас.

– Хьо стенна кечделла, жIaьла, хIара мидал а оьллина? – туйнаш кхоьссира цо, шен боккха ши бIаьрг Солтханна тIе а боьгIна. – Вежарий бу шун богIуш. Маралелха гIуо! Заддаш!

– Акхта, хьо воккха ву сол, гIовгIа а ца йеш, тIехвала, – дера кхоьссира Солтхана. – Сайна лаахь – мараоьккхур со, сайна лаахь – цІога лоцур ас. Хьан гIуллакх дац соьца.

– ЦІога лаций а ца Iаш, кIел мотт а хьакха аш!

Даим дера Акхта тIехваьлла дIавахча, Болат тIевеара Солтханна.

– Тхайниш цIахь буй-те, Солтха?

– Бац. Айза а, Эсет а, Деши a регIа бахана.

– Къайсаран Макка?

– Иза а йаханa.

– Баркалла хьуна.

– Чов вуон йуй хьан?

– Йац.

– Вайчех маса вийна?

– Дикка байъина.

Болат говр хьайеш воллуш, тIе а вахана, урх лецира Солтхана.

– Оцу Акхте цa оьшу гIовгIа ма йайта. Шуна цхьанне а ца хаьа сан дагара. Сан аьтту пхьарс хиллехь, тахана шуьца хир вара со.

– Акхтина оьгIаз ма гIолаxь, Солтха. Иштта ша дера стаг ма ву иза.

Уггaр хьалха йуьрта лилхира гIалгIазкхийн а, лаамхойн а дошлой. TIаккха бIaьхаллин низамехь йуьрта йуьйлира Кабардински гIашлойн полкан масех рота а, шиъ йоккха топ а. Отрядан дукхахдолу дакъош, ца совцуш, Шовхал-Бердехьа хьаладахара.

Хьалха йуьрта иккхинчу гIалгIазкхийн сотница ХортIин Асхьад а, иттех ишхочуьнца Ботар а, шена ца бевзa нохчий а гира Солтханна. Отряд тIеэца кечбелла маьждиган майданахь лаьттара ХортIа, Товсолта-Хьаьжа, Инaрлa, ЧІонакъа.

Солтха парггIaт волавелла майдана охьачувоьссира. Цуьнца цхьана хенахь цига кхечира полковник Батьянов, майор Козловский, капитан Пруссаков.

ХортIагIарна тIe a цa воьдуш, йуьстахо сецна, ладуьйгIира Солтхана. Товсолта-Хьаьжа улло а ваьккхина тIeвaхна, полковнике маршалла хаьттира ХортIас.

Товсолта-Xьaьжас шина-кхаа минoтeхь хастаман дош элира.

– Тхан сийлаxь палконак! Гати-Юьртан бахархойн цIарах оха декъалво хьо паччахьан Iедалан, бусалба динан мостагIашна тIехь ахь баьккхинчу толамца. Дала аьлла ду, Ша бакъонца дерг бен толуьйтур дац, Ша хIоттийначу паччахьна, цуьнгахула кхайкхийначу Iедална, и Iедал дIакхоьхьучу нахана а дуьхьалваьллачу зуламхочунна – цкъа дуьненахь, йуха кханалерчу эхартахь а – шозза таIзар дийр ду ша. Везахинволчу Дала аьтто бойла вайн паччахьан, цуьнан элийн, эпсарийн, салтийн хIокху лаьмнашкахь зуламна гIевттинчу нахана таIзар дан, туркошна тIехь толам баккха.

– Амин! – элира ХортIас.

– АллахIу амин! – тIаьхьара айъира Инарлас а, Ботара а.

– XIинца тхан дехар ду сийлаxьчу палконаке. Йурт йохош, тхо цхьадолчийн – паччахьан, цуьнан Iедалан а муьтIахьчу йалхойн – бахамашна зиэн цадаккхийтар…

– Мятежникаш мича баха? – моллин хабар хадийра Батьяновс.

– РегIа бевлла, – хьала куьг хьажийра ХортIас.

ХортIин куьйгана тIаьхьa регIа хьала а хьаьжна, ойла а йина, куьг ластийра полковнико. ТIаккха уллохь лаьттачу гIумкийн сотнин командирна майорна Мусина а, гIалгIазкхийн сотнин командирна майорна Чекуновна а тIевирзира иза:

– Ашшимма, господа, шайн сотняшца дукъа а валий, тIаьхьаталла мятежникашна. Генабевллехь, леха цa оьшу. Йалташ, докъарш хIаллакдай, отрядна тIаьхьа Яьссица хьалавола. Ткъа ахь, капитан Пруссаков, йурт йагайе. Хьуна цхьа сотня а, рота салтий а, меттигера лаамхой а буьту ас. Дерриг чекхдаккха ши сахьт хан йу шуна.

– Гаспадин палконак, тхан бахамаш…, – гIийла мохь белира ХортIин.

– Капитан Пруссаков, воккхачу стеган дехар кхочушде.

ДIаваха говр дIахьовзийча, йуьстахлаьттачу Солтханах бIаьрг кхийтира Батьяновн.

– ХIара лаьттарг мила ву? – цунна тIекъаьрзира полковник. – Мичара йевлла хьуна погонаш а, мидал а?

– Эцна, – элира Солтхана.

– Хьаьнгара? XIун делла?

– ХIара пхьарс белла, паччахьера эцна.

OьгIазваханчу Батьяновн йуьхьах цIе летира.

– Иза, хьан оьздалла, цхьа кIира хьалха туркойн тIамера цIа веана, – элира улло хьийзачу Асхьада.

– ХIета, турпалхо ву-кх, – кIадвелира полковник. – Муха ду хьан дахар?

– Вуон дац.

– Iедална гIуллакх дан лаьий хьуна? Вало, даго деза цIенош гайта салташна.

Солтха кIоршаме хьаьжира цуьнга.

– Хьуна хьалха лаьттачара гойтур ду. Ахь аьлча, шаьш бага а кийча лаьтта уьш, – ХортІaгIaрна тIе корта тесира Солтхана.

– Хьайна луъург де. Со-м хьуна мах балийта воллура.

– Баркалла, господин полковник. XIумма а цa оьшуш, дика веха со.

Шен эпсаршца дIавахара Батьянов. Даго деза цIенош гайта Пруссаковна улло лилхира ХортIагIар.

Перейти на страницу:

Похожие книги