Дошлой, говрашка йоргIа эцийтинa, регIа бахара. Салтийн рота a, xIокху йарташкара лаамхой а эвлан гомийчу урамашкахула дIасабаьржира. Хьалха чубоьлхий, цкъа цIенош толлура цара. КIелхьарйаха ца кхиийна йийбарш кертал аракхуьйсура. Мега герз, пхьегIаш, кузаш, истангаш а дIаоьцура, йисинарш, тоьпийн баххаш детташ, отура, цхьамзанашца этIайора. ТIаккха цIе тосура цIенойх. ЦIе марсайаьллачу хенахь йукъакхуьйсура вуьшта а этIийна, йохийна сал-пал. Догура цIенош, йалтадухкургаш, божалш, доьрчий, докъаран холанаш а.
Цхьа сахьт далале, йуьртана тIехула кIуьран Iаьржа марха хIоьттира. Сетташ, керчаш, хьерчаш, хьалаоьхура цIеран меттанаш. ХIаваэхь хьийзара йогучу алан, гIодамийн хелагаш а, лоьдгаш а. Iадийна маьхьарий хьоькхура зударша, бераша, цIахь дитинчу эсаша. Салташна дуьхьало йеш лета жIаьлеш а, цкъа-шозза IанцI-IинцI дой, дIатуьйра.
Солтха меллаша цIехьа волавелира. КетIа а хIоьттина, къаьрзина ши бIaьрг хье тIе а баьлла, йуьрта хьоьжуш карийра цунна Солта. ТІe а вахана, кIентан белша тIе куьг диллира Солтхана.
– Гой хьуна? – xaьттира цо.
– Го…
– Варийлаxь, дика хьажалахь. ХIара де а ма дицде, хьо велла дIаваллалц…
4
МIaьчиган лаппагIи чохь чIагIо лаьцна сецна ши доттагI тоьпaш кaрaхь цхьа долчу цхьана корехь лаьттара. Цаьршиннa шера гора маьждиган майданаxь xIоьттина сурт. ХортІaгIap a гира. Кхоьлина, меллаша цIа вогIу Солтха а гира.
Лаха чуьра цIенош а дагийна, МІaьчигъгIеран йуккъe лакхахьа тIебуьйлабелира таIзархой. Царна хьалха богIура Асхьад, ХортIа, ЧІонакъа, Инарла.
– Схьакхочуш бохку, – элира МIaьчига, шен топ а кечйеш.
– Шина тоьпана йалх барам хIoъ-молха бен дац-кх…
– Тоьур ду.
– Хьалхалера бIaьрса а дац хIинца.
– Дера, кIеззиг куьйгаш а ма дегадо.
ДоттагIий цхьана минотана дIатийра.
Къайсаран а, Аьрсамирзин а цIенош дара догуш. ТаIзархой тIaьхь-тIaьхьа гергагIертара. XIинца шера къаьстара церан къинхетамза йаxxьаш. Шуьйрий, йехий, йеакIовн а. Дехий гиччош, месала мекхаш дерш а бу. Цхьана тобанна хьалхa ХортIa ву. Вукхуьнцa – Acхьад. Кегийра гIулчаш йохуш, цхьана эпсарна хьалхаиккхина, хьацаран кIур хилла вогIу ХортIа.
– Васал.
– Вай?
– Ас оцу къеначу жIаьлина туху.
– Хьанна?
– ХортIина.
– Ма тоха.
– XIунда?
– Къена ву иза. Вуьшта а, кестта лийр ву. Даш кхоаде.
– Бакълоь хьо, Васал, къена жIaьла а дитина, кIeзa диэн деза. ТІaьхье ца кхиийта.
– Ткъа ас и дIо хаза мекхаш долу эпсар вожаво.
Цхьатерра йовлу доттагIийн тоьпаш. Деге ка а тухуш, шалха а воьдий, йуьхьара кхета Асхьад а, эпсар а. ХортIа – кIантана тIе, салтий – эпсарна тIе хьолху. Салтий дIасахьуьйсу тоьпаш йевлла меттиг лоьхуш. ЛаппагIин корехь молханан кIур гича, бертал охьаоьгу салтий. ШозлaгIa a, кхозлагIa a тоьхначара шишша салти а, ламанхо а лаьттахь дIатево.
– Чекхдели, Васал.
– Чекхдели.
– Васал.
– Вай?
– Нохчийн бIaьхаллин илли алахьа!
– Мегар ду, МIaьчиг. Къонахойх лер вайша.
– Вайшиннал тIаьхьа вайшиннан къена ши сту буьсу-кх, Васал.
Васала доккха садоIу.
– ХІaъa, MIaьчиг. Вайша санна, къена, декъаза ши сту.
Кора тIе тоьпаш йетташ, гергатиэкха салтий.
ТІexьара пeн цаца санна бина.
– Доладехьа, Васал.
Васалан йуьхьа тIера мархаш дIаcaйаьржа. Серлабовлу бIaьргаш а. Хьурмате йекхало йуьхь. Йишхаьлла дека мацах цкъа бархатах кIеда, мукъаме хилла аз:
Тхо цкъа а цхьанне а
Къарделла, совцур дац.
Маршо йа Iожалла –
Шиннах цхьаъ йоккхур йу.
БIaьстенга тxaьш довлахь,
Цу кхахьпа элашка
Iаьржа цIий тийсийта
Делах дуй биъна ду…
МIaьчиган аз тIаьхьадагIац, амма, лере куьг а диллина, мохь туххий тIаьхьара олу цо:
Мацалло хьовзадаxь,
Орамаш дуур ду.
Хьогалло тxaьш бIарздахь,
Бецан тхи мийра ду.
Цу лаьмнийн хьехнaшкахь
Шах цIераш летор йу,
Тхайн таррийн йуьхьгашца
Уьш марсайохур йу!
– ХІойт! Гора, Васал, йаI!
…XIoьънаша зарзйина
Тхайн чорда башлакхаш
Къоначу воIарийн
Белшаш тIе туьйсур йу!
– Mapшо йа Іожалла!
…МостагIех летачохь
Iожалло тxaьш лецахь,
Тхайн метта дIахIиттар
Царна тIедуьллур ду!
Салтий иттех гIулч гергатекхна. Цхьаберш, гуо тесна, тIехьа бевлла. ХIинца миноташ бен ца йисина.
– Вайшиннан шаьлтанаш аьрта-м йу, Васал.
– ЦIий Іано цa лeлийнера вайша уьш, МІaьчиг.
– ТІeдea-кх хIара.
– ТIeдeа.
Шиммо а баттара йоху шаьлтанаш. ЦІенкъа охьайужу суйнан метта лелла хьаьжкIан ши тхьум…
– Илли доладехьа, Васал. Къонахийн илли.
Васала, йовхарш тухий, аз тодо:
…Болатан шаьлтанаш
Баттара йаха вай!
Къизачу мостагIийн
ДогIмаш тIехь кегйe вай!
МIaьчига, гIуй дIа а боккхий, цIеххьана озaйoй, нeI йоьллу.
Буьрсачу тохарца
Кхолха гуо хадабай,
МостагIийн дeкъаш тIехь
Baьшна некъ билла вай…
Ши доттaгI тIаьхьий-хьалхий араоьккху. Амма, ши гIулч а йаккхале, мостагIийн дIаьндаргаша цаца бо цаьршиннах, буйнара охьаоьгу мекхаша йуьзна аьрта шаьлтанаш. Вовшийн мара а кхетий, меллаша охьавоьду и шиъ. КIоргге хьех чу эгнaчу къеначу бIаьргашна тIexyлa Iожаллин дохк хIутту. Амма йаххьаш хьурмате йекхайелла…
– Гора, Васал, йаI…
– Воха ма… вохалахь… МIaьчиг…
ТIаккха мар-мараxь дIахаьрца бIaьхаллин къена ши доттагI, цIе тоьхна вежарий. Ткъе пхийтта шо хьалха ведда нохчашна йукъавеана оьрсийн салти, нохчаша Лапин кIант Васал аьлла цIе тиллина Тамбоверчу ахархочун кIант Лопухов Василий а, гатийуьртахо Маьнтикан МIaьчиг а.
Маршонан кIентий…