КIанта когаца йуьстахкхоьссина гIант схьа а эцна, цунна уллорчу тангIалкха кIел сецна, нисдеш, гIант дIа а хIоттийна, везза цунна тIевелира Iумма. ТIаккха, хьалакхевдина, муш схьа а лаьцна, шиний куьйга озийна, цуьнан чIогIалла а зийна, шершад шен логах тесира цо. Иза бухара гIант дIaxарцо кхиале, лахахь лаьттачу инарло Чермоевс мохь туьйхира цуьнга.
– Ва Іумма-Хьаьжа, ладогIахьа соьга!
Iумма дIахьаьжира инарле.
– XIун боху ахь, Орца?
– XIинца хиин хьуна, хьайга аьлларг ца дича, хIун хуьлу? Масазза элира хьоьга, мa гIepтa Iедална дуьхьал, и хьоьга дохалур дац, къанвелча мукъане а йита и хьайн сонталла, цо эххар а хIаллаквийр ву хьо. Соьга ла ца дуьйгIиpa axь, ас аьлларг ца дира аxь. Айхьа лоьхучу-м кхечира хьо… Ши кIант а хIаллакви ахь. XIинца мукъане а дохковала, хьан цхьана кIентан бераш байлахь ма дуьсу.
Орцин курачу хабаре леррина ла а доьгIуш, шен логах тесначу муьшан шад дика тIебоьдий хьаьжира Іумма. ТІаккха Чермоевна тIeвирзира иза.
– Ва инарла Орца, ахь дукха бехира соьга, халкъана хьалха а вуьйлуш, Iедалца ма къийса, цул тоьлур вац хьо, цкъа хIаллакьхир ву хьо, Iедало боxург дахь, хьайн санна, сий хир ду. Ахь соьга бехира, Орца, паччахьо мохк дIа а баьккхина, мацалла кIелдисина, мостагІчо сийсазден халкъ дIа а тасий, хьо санна, паччахьан лай хила. Соьга дог ца диллалора маршонах, машар ца балора сайн халкъан мостагIашца, суна, ламанан аьрзу санна, маьрша ваха лиира. Эххар a cайх хIара хир дуйла а хаьара суна, ас лeхнарг хили-кх суна. Сан да а, вежарий, кIентий а белла халкъан гIуллакхна, со а ле. Суна хетарехь, хьан да а ца хилла, вежарий а ца хилла, тайпа а дац хьан, тукхам а дац. КІeнтий аьлча а, цхьа-ши къутIа ду хьан, хьо санна, цкъа нахана бале дер долуш. Сол тIаьхьа дуьненаxь вуьсучу ахь хIун дийр ду, хьан карахь хIун ду? Цхьа дуо хьаьжкIаш а йуур йу ахь, боьхаллех цхьа ор а дузур ду ахь, кхин хьоьгара хила пайда бац-кх!
Чермоевн йуьхь, даI санна, цIиййелира. Схьахетарехь, цо шена дуккха а зиэн хуьлуьйтур дара ша Iумме вистхилла ца хилийта. Ткъа ша аьлларг Чермоевн дагах кхеттийла хиъна Iумма, там хилла вела а велла, шен накъостийн Iодика йеш, куьг а ластийна, когаш кIелхьара гIант дIа а тесна, дезачу дегIaца муьшах кхозавелира…
Ирхъохка кхиэл хилла тутмакхаш, шайн цIераш йахape a ца хьуьйсуш, гIант мукъа ма-деллинeхь, тIаьхьабуьсучеран мара а лелхаш, цхьацца воьдуш, тангIалкхашна тIевоьдура. Цхьаннен а йуьхьа тIехь кхеравалар а, вохар а ца гора. Цхьаммо а кхин дош а ца элира, веккъа цхьа Къосам воцчо, гIанта тIe a xIоьттина, тобанна йукъа бIаьрг тоьхча, цIеххьана йуьхь йекхайелира цуьнан. Схьахетарехь, ваша йа доттaгI гинера цунна.
– Ва Оьздамар! – кхайкхира иза мохь тоьхна. – ЛадогIал сан весете! Хьо вайн йуьрта йухавоьрзуш, динара ма воссалахь! Тхойшинна тезет, белхар ма хIоттадайталаxь. Сан ненан дола делаxь, иза дукха йехар йац. Сан герз Iалашделахь, кIант воккхахилча, цуьнга дIалолахь…
Чалтачо ког тоьхна бухара гIант дIа а кхоьссина, йукъахдаьккхира Къосаман весет.
Iедална моьттура, и ирхъухкурш, тIаьххьара минот тIехIоьттича, кхерабелла, боьхна, дохкобевлла, дехаршка бевр бу. Хьалха ирхъоьллинчу кхаамма хаийтира изa aьттехьа а доцийла. Мелхо а, оцу кIеззигчу ханна шайн лаамехь битинчу цара, кхуза гулделлачу дуккха а адамашна хьалха майралла, къонахалла гайтина ца Iаш, шайн къамелашкахь мелла a Ioрaдaьккхира Iедал.
ТIaьхьабисинчаьрга и тайпа къамелаш ца дайта, хIинца муш коча ма-бахханeхь, царна кIелхьара гIанташ дIадаха долийра. И гIуллакх доггах кхочушдора шина чалтачо. Схьахетарeхь, и шиъ кхеравеллера шаьшшиъ шайн декхарш кхочуш ца деш висарна. ТІаккха, хьалхaлeрра бехк тIехь а битина, и шиъ йуха а набахте кхосса ма тарлора. Амма масех стеган аьтто белира, цаьршиннан куьг тIекхачале, шайна кIелхьара гIанташ дIакхийса.
Къеначара жим-жиманиг хьалхаволуьйтура. Уьш, шайл тІaьхьабисча, бохарна кхоьру хир бара уьш. Къосамна тIаьхьа вахаpa цуьнан доттагI Нурхьаьжа. ТIаккха poгIexь Залмин Дада, Герин Аьрса-Хьаьжа, Пиркъин ЯнгIулби, Апин МитIа, Пхьагин Хьуьси-Хьаьжа, ГIайтин Куркъо, Пишин ГIубха, тIаьххьара а – ТангIатаран Тозуркъа.
Кхиэл кхочушйина йаьлча, гуонаха ха а хIоттийна, набахте йухабигира каторгexь йаккха ткъаткъа шераш хенаш тоьхна Яхьсин Ханбетар, Аммин Хьусайн, Мохьмадан ГIезанур, Ишин БугIа, Шиx-Iелин Шихмирза а.
ТIаккха кхузара дIасасихделира адам а.
* * *
Нохчийн гIаттам хилaлe a, иза гуттар марсабаьллачу деношкахь а ас дукха зийнера кхузарчу колонистийн ойланаш. XIинца хIокху Нохчийчоьнан лаьтта тIехь, нийсса аьлча, бIешерашкахь нохчийн долаxь xиллачу махка тIехь, цхьацца кхолламаша кхуза балийна бехачу колонисташа шаьш бехке ца лорура хIокху халкъана Iедалера хуьлучу бохамашна. Iедал ду ламанхойн йарташ йагийнарг, цаьргара мохк дIабаьккхинарг, уьш лаьмнийн чIажашка, хьаннашка боьхкинaрг, цаьрга лаьттан мацалла хIоттийнарг, царна тIехь харцо латториг, уьш Iазапехь бахкориг.