Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Маьхьарий ма хьекхийша, хIай нах, хIай! Аш лелориг хIун ду? Хьайбанаш-х даций шу! ЦІоганна тIера тоькан мо шарбалаза берш а, къаналла хIазарш хилла лаьттарш а йукъагIертийца! Вай дерриг, топ-тур эцна, йуьртах девлча, хIун хир ду? Веана, моcтaгI тIелетча, йурт ларйан нах ца беза вайна? Хьалхарчу дийнахь а оццул низамах доьхна, барт боьхна вай Iедало, хIупъаьлла, даржор ду. Сан омрина дуьхьало йиначу стагана таIзар хир ду шуна. МІaьчаг! Васал! Массарел хьекъале хила веза шуьшиъ ву уггар чуьраваьлла хьийзарг? Тоьур ду, шун кIентий баьхкича. Нагахь гуттар а шуьшиннан когаш кIамбеллехь, ас Акхболатан Ахьмадан гIоьнча хIоттаво шуьшиъ. Аш кхааммо жоп лур ду суна кxy йуьртах. Кхийтин шу? Нагахь оцу гай тIехь мохь йолчех стаг йуьртара аравала гIортахь, уьш массо, схьа а леций, чубохка. Ахьмад, байракх схьайаийта! Iелин Iумар! Хьо хIоттaвo ас сайн бIaьн байракхча!

ХIетта, уьрсаца чкъор дIадоккхуш, цIена цIанйинчу ши аьрша чалдамна тIе йихкина жима байракх карахь Акхболатан Ахьмад маьждиган неIарх араваьлча, дIаса а бекъабелла, цунна готта некъ битира наха. Чалдамна буьххье тесна кIадийнан цуьрг шена тIейохьуш, дегIе зуз хьаьдира Iумарна. Иза хIунда къастий-те оцу ах бIe стагана йуккъера? Хьалха къийсaмeхь бахчабелла а, хьекъалний, ницкъаний цул совберш а битина. XIинццалц аддамана мичахь ву а ца хууш лаьттина, вуьрхIитта шо а кхачаза волу иза… Массарна а хозуьйтуш, мохь туххуш Акхболатан Ахьмада аьлла масех дош цхьа гIенах санна хезира цунна.

– Абубакаран Iелин Iумар! Тахана вай дIадолийнарг хьан дас Iелас вовшахдиттина гIуллакх ду. Тахана ша цIахь велхьара, Нохчмехкан тхьамданех цхьаъ хир вара иза. Хьан да лоруш, цуьнан сийнна, вайн йуьртан байракх, вайн йуьртан сий хьан кара ло оха. Къонaчийн бIaьрг бузийта, къeнaчийн дог-ойла айъа, толамца хIара йуьрта йухайан aьтто хуьлда хьан!

Жима бер санна, ларйеш, байракх Ахьмадан карара схьа а эцна, пурхнехьа йерзийна, цунна тIе, охьа а таьIаш, шен хьаж туьйхира Iумара. БIaьнна хьалха лаьттачу Лорсас дуькъачу озаца илли долийра.

Лорсина тIаьхьара нуьцкъалчу аьзнашца мукъам болийра ах бIe стага а:


Буьйса йоцуш, бода богIу,

Марха йодуш, кхолар йогIy,

Бехке доцуш, тIом тIебогIу,

АллахI Дела, тхан гIо делахь!..


Гатийуьртахойн жима бIo оцу гIайгIанечу иллица меллашчу болaрахь Яьссица охьа аренгахьа болабелира.


* * *

Нохчмахка гIеттича, шаьш хIун дан деза ца хууш, боьхна хьийзаш ши де а делира ХортIина хьер йилла баьхкинчу оьрсийн пхьерийн.

ТIaьххьарчу буса Васалх а, Къайсарх а дагабевлира уьш.

– ДIадаха деза кхузара, – элира Къайсара. – ТIом – тІом ма бу. Масанe дагахь доцург хуьлу. Наха шух пӀелг хьакхор бу бохург а дац иза. Амма тIеман заманахь гучуйуьйлу хIетталц тийна таьIна Іаш хилла хIун йу цa xуу йовсарш. Хьанна хаьа, тхо цIера девлча, ишттачех цхьамма йуьхьIаьржо йахь а. ТІаккха, йуьртана-м хьовха, хьалкъана а тIехь бехк буьсур бу. ТIe, xІокху йуккъехула шун балхах болх а хир бац. ХортIа боху и лежиг дедда дахана. Оцу шен хьакхин херсица цхьаьна.

Кхааннах воккхахволу Яков воьхна хьийзара.

– Шуна тIе бохам беача, довдуш а гIиллакхе ма дац…

– Хаьа. Баркалла шуна. Тхо кxета дерригенах а. Шун цIахь доьзалш бу. ДІагIо шу.

Оцу шина дийнахь дуккха а ойланаш йира Михаила. Йух-йуха а карладуьйлура шайн доьзалан дахар. Муьлххачу а оьрсийн къечу ахархочун санна, стаг хьаьгар воцуш дара иза. Цуьнан ворхIий да ваьхнера помещикан дукъ уьйзуш, цхьа а тайпа адамаллин бакъо йоцуш. Царна йеттара, хьайбанаш санна, адамаш духкура, зударий сийсазбора. Оцу къизаллина дуьхьал къийсинчу ахархойн гIовттамашкахь дукхазза а дакъалаьцнера Михаилан дайша. Цаpaлaхь байъинарш а, каторгашкахь тIепаза байнарш а бара. ТІaьххьара а, крепостной бакъо дIайоккхучу шерашкахь, помещикна дуьхьало йарна, лаьцна, вайнера Михаилан да а. Ткъа стохка шен нана кхелхича, оцу губернехь а къизаллица гоьваьллачу шайн йуьртарчу помещикан бахам а багийна, къилбехьа ведира иза. Цуьнан латта а, цIа а дац, йа доьзал а бац. Оьрза-ГIалахь а хьалдолчу гIалгIазкхашна веца иза. Валлалц ваца деза. ТIаккха, къена жIaьла санна, цхьанхьа некъа йиcтeхь, керта кIел лийр ву…

Нохчмехкан масех йурт гIеттина аьлла хезча, царах дIакхета ойла хьаьвзира Михаилан. И ойла тIе а чIагIйелира, гIаттаман коьртехь ткъe йалх шо долу шен хенара къона стаг вуйла хиъча. Шена дагадеанарг шина накъосте къадийра цо цкъа, Ивана хIумма а ца элира, ткъа Яковс и йуха а ца туьйхира:

– ХIейт, дависа, цIа дуьззина бераш мa дeлaрa сан! – элира цо. – Хьо санна, цхьалха дегIаца хилча-м, мила Iара. Сан дас-нанас а, ас айса а лайнaчух бекхам эца гIоттур вара. Цхьана дийнахь бен ца вахахь а. Хьан хьайн корта бу белшаш тIexь, Миша. Хьайн кхолламах дерг айхьа къастаде. Амма тхуна хьо везийла а, хаа. Кху масех баттахь доьлла тхо хьох. Тхешан ваша хета. Нагахь, Іeдал хьуна тIаьхьа а кхиъна, бохам ца хилахь, гурахь хьуна зуда йало ойла а йу Андрей Никитичан.

Перейти на страницу:

Похожие книги