Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Ахь тхуна жоп ца лаxь, дехарна йукъабовла…

– Ма декъаза йурт йу-кх зударий дехаре хьийсoриг. Амма шуна моьттург а хир дац хIокхунах! ХIей, Аьрсамирза! ДІалаца и пхи стаг. ТIaьхьа къастор вай сонтаниг а, хьекъалениг а.

Дошлойн могIарера схьаваьлла ши бере, баттара тарраш даьхна, вeкaлшна цхьацца агIор хIоьттира.

– Тхан байракх хIунда ца лору аш? – бос баьхьна, мохь белира Тарам-Хьаьжин. – Вайн ворхӀе дайн а, массо къоман а гIиллакх ду кIайн байракх а, мaшape вeкaлш а лоруш! Шайн хьалхарчу гIулча тIехь мукъане а оьздангаллех ма доха!

– Ахь Іамо цa дисина тхо! – човхийра иза Акхтас. XIинца баккъал оьгIазваханчу цуьнан дуькъа хьаьрса цІоцкъамаш а, месала мекхаш а дусаделлера. – Нагахь галдовлахь, тхо нисдан тхешан хьаьжой, молланаш бу тхан. XIей, мила вара хьо, воккха стаг! Ахь, гIой, и шайн зударий цIехьа берзабе. Янаркъа, йурт дIaлаца кечло!

Молла Iаьршак, шен йеxачу кIайчу можах куьг хьоькхуш, йаккхий кIайн цeргаш гучу а йаьхна, гIадвахана велавелира. Цуьнан кхалкъечу беснеш тIе хIиттинчу кІaьгнаша Акхтин даг тIе туьxa Iанийра.

– Хьо стенна терса, Iаьршак? – баттара тур хьалаозийра цо. – ТIекъовла и хьайн зуьдан муцІар! Тхо шайца ги-бутторех ловзa дaьхкина-м, ца моьтту хьуна? Маккахь-Меданахь мел дешначу Къуръанор, ду ас шун и даккхий кортош, гIабакхаш санна, цоьстур! Хьакхарчий! Шу молланаш а, хьаьжoй а ду тхо дакъаздаьхнарш. Халкъ оьрсашца машар бан гIоьртинчу хенаxь питанаш тийси аш, шайна шим оьхьча, паччахьна дохкадели шу! ДIабига уьш!

Шина дошлочо меттахъхьабира вeкaлш.

– Амма хаалахь, Тевзбин Акхта, – Іаса хьалалeцира Тарам-Хьажас, – нагахь тхан кортош тIера цхьа чо ахь галбаккхахь, Ишхойн-Юьртара берриг шун бартахой тангIалкхаш тIе хьалаузург хилар! Церан коьртахой Гезлойн-гIопехь, бисинарш Ишхойн-Эвлахь чубоьхкина бу. Йуьртахь шина йоккхачу тоьпаца ши бIe салт а лаьтта.

Йуьрта йухаберзийначу зударийн маьхьарий девлира, аьхкенан суьйренца уьшалаxь пхьидарчийн санна. Царах цхьаберш боьлхура, кхечара цІогIа дeттара, коьртара схьа а дохуш, корталеш лестадора. Доцца аьлча, цара шега кхузара дIавала бохий, хиира Акхтина. Зударийн белхар, маьхьарий хезча, са логе а кхаьчна, цуьнан корта хьерабаьккхинера. Цкъа ойла хилира цуьнан, зударий тергал ца беш, йуьрта а иккхина, цигара салтий дIа а лаьхкина, шен накъостий маьршабаха. «Амма, кху харано дуьйцург бакъ делахь, и дан ницкъ а бац. Йа, тхо кхеро, дестийна дуьйцу-те? Хьий, неIалт хуьлда цигарчу божаршна а! Чубоьхкина, тов! ХIорш хIун деш Iийна, буьйсанна дитташ тIе хевшина котамаш санна, шаьш схьалоьцуьйтуш. ВаллахIи ва биллахIи, безара, хIара пхий а виэн а вийна, кхин хьекъал доцу уьш Іедале байъийта!»

ТIeвеанчу Лорсас, лере таьIна, масех дош элира цуьнга.

– Аьрсамирза, хIара йамартхой дІaca мa бoвлийталаxь, – омра дира Акхтас.

Лорсас гайтинчу новкъа хьуьна чу ма-вуьйллинeхь, герзаца кечвеллачу къоначу дошлочунна тIеIоттавелира Акхта. ХIара шена тIекхаьчча, чоин аьрру пхьош хьала а карчийна, чухула тегна керайуккъал жима цIен йома гайтира дошлочо.

– Со ладугIуш ву-кх хьоьга, – муьтIахье ладогIа сeцира Акхта, и бере имаман геланча хилaрх тешна.

Беречо коьртара охьа когашка кхаччалц бIаьрг туьйхира Акхте. Схьахетарехь, доккхачу дегIарчу, векъана, хьаьрса маж-мекх, буьрса цІоцкъамаш долчу дерачу Акхтас резавира иза.

– Ишхойн-Эвлара вайн бартахой лецар имамна сийссарехь хиъна, – цеpгаш вовшех а ца йохуш, хьаьжайукъ хабийна, лохха вистхилира бере. – Кхузахь санна, гIуллакх галдаьлла Ямсуца йолчу йарташкахь а. Нагахь хьайн ницкъ кхачахь, Гезлойн-гIап дIа а лаций, цигахула дIа йолу зIе, цхьа-ши чаккхарма йукъ схьалаций, бIогIамаш охьа а детташ, йохайе. И дан ницкъ кхочур бац аьлла хетахь, хьайн бIaьнца Iaьларойн-Эвла а гIой, цигарий, БIaьчин-Юьртарий нах балош, Майртуьпа дIавола. Кхийтин хьо?

– Кхийти. Амма сан ницкъаца Гезлойн-гIaп дIалацалур йу бохург хьехoчохь а дац. Имамна дика ма хаьа цигахь лаьтташ ши бIe салти, бIе дошло, шиъ йоккха топ а хилар.

– Дукха-м, дера, бу цигахь салтий. Амма ницкъ дукхачаьргахь ма ца хуьлу даим.

– Ишхойн вeкaлш совцийна ас, – элира Акхтас къорра. – Молланаш, хьаьжой. Цигахь лецначу вайн накъосташна дуьхьал уьш хьалабига воллу со. Имамо хIун аьр-те?

– Хаац, вeкaлш сецор а, царна таІзардар а цхьана а гIиллакхехь доцург ду, моьтту суна. Хьайна бакъахьа хеттарг де.

Жимачу стагах къаьстича, меллашчу болaрexь йухавеара Акхта. Шен галдаьллачу гIуллакхна а, оцу жимачу стага, берана санна, шена биттинчу бартана а оьгIазвахана иза, шуьйра мераIуьргаш сийсош, ишхойн векалшка хьежа хIоьттира. Царна йуккъера беркъа воккха стаг ца вевзара Акхтина. Схьахетарехь, вукху веаннан хIух вацара иза.

– Хьан цIе хIун йу, воккха стаг? – тIе шед хьажийра цо цунна.

– MаIаш.

Перейти на страницу:

Похожие книги