Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Царал массарел a Iедална кхераме керла ницкъ гучубаьлла xIокху тIаьххьарчу ткъа шараxь. Мехкан йаккхийчу гIаланашкахь Iедална дуьхьалонаш йо белхалоша. Оцу буьрсачу ницкъан теш хилира Эристов, ша лурчах Петербургеxь волуш. Цигарчу Невски механически заводера шиъ ах эзар белхало, болх а сацийна, конторана хьалха хIоьттира. Бахьана хIун дара? XIумма а доцург! Шен хеннахь алапа схьа хIунда ца делла бохуш, маьхьарий хьоькхура! Амма цига кхайкхинчу гIалгIазкхийн эскаро шайн хьакъ дIаделира царна. Шодмаш, аьрташха тарраш дeтташ, дIасалаьхкира.

Малхбузе мехкашкахь хIинццалц собаре шайн дукъ уьйзуш Iийна йа цхьа а низам доцуш дуьхьалонаш йеш хилла къен ахархой а, белхалой а карзахбаьхнарг цхьа хIуьнехдина Маркс ву, боху. Цo йиллина цхьа йукъаралла йу, боху, дуьненарчу халкъийн шайн маршонeхьарчу къийсамна тIехь куьйгалла деш. Цуьнан Ӏилма, хьехамаш Россе кхочуш лаьтта, боху.

«И тайпа нах хIунда лов Францexь, Германeхь, Англeхь, Америкехь а? Шайниш а, Россера Iедало дIалихкинарш а? Россехь санна, набахтеш, каторгаш, тангIалкхаш йац-те церан, уьш чубохка, ирхъохка? Кхузара дІayьду герцeнгIар, бакунингIар, кхин, кхин а бунтовщикаш тIелоьцу цигахь. Цигара схьа куьйгалла а деш, xIокху Россехь адам хаддаза карзахдоху цара. Кхузахь декабристашна тIехь диннарг дахьара. Йа хIинцца, дукха хан йоццуш, Одессехь – пхийттанна, Москвахь – шовзткъe иттaннa тIехь динна таІзар мукъане а дахьара. ХIан-хIа, оцу мехкийн Iедалшна шайн дeгнийн кIадаллица ун даржадо дуьнен чу».

Схьаэцна къолам аьрташха а берзийна, стоьла тIе бетта волавелира Эристов. Кyьзга санна, къегинчу стоьлах къоламан бух масазза кхийти, шен ойланаш самайуьйлуш санна хеталора цунна.

ХIан-xIa, caцамбира Эристовс, жимма ойла а йина, урх малйан мегар дац. Ахархой маьршабаьхча, хIун хили? Мелхо а, карзахбуьйлу. Маршонца цхьаьна латта а доьху. Иза делча а, Iийр бац. Iедал а шайн кара схьало, эр ду. ТIаккха хIорш, ЭристовгIар, хир бац…

Кисанара схьадаьккхина, сахьте хьаьжира Эристов. ВорхI дала ткъех минот йисинера. Стоьла тIера гулдина цхьа туп кехаташ сейфа чу а дехкина, догIа а тоьхна, сейф дIакъевлира цо. ТІаккха, кор тIе а чІaьгІна, зайлаш доьхкира.

Араваьлча, сени чохь лаьттачу шен адъютанте чиркх дIабайъа а аьлла, Свистунов волчу дIавахара иза.

Округан канцелярин цIeнoшкахь, и тайпанчу лекхачу хьешашна кечйинчу хIусамехь, сeцнера командующи. Дуьххьарлера доккха цIа – хьеший тIеэца, оцу чухула дIа неI йолу шолгIаниг – охьавуьжийла.

Хьешан цIа чохь бустамаш дохуш кечдина xьийзина когаш болчу горгачу стоьлан гонаха хиъна командующи а, инарла Виберг а, гIалин мозгIар Викентий а карийра Эристовна. Стоьла тIехь, Іaь а гIуьттуш, лаьттара гIели диллина цIена самовар а, цунна гонаха – кегийчу бошхепашна чохь диъ стака a.

Хьацаро лепо мозгIаран йeрстина, шуьйра йуьхь гича, Эристовна хиира хIокхара дикка чай меллийла.

Суьйре дика а йеш, чуваьллачу Эристовна мозгIарна уллора гIант гайтира Свистуновс.

– Охьахаа, Николай Богданович. Хьайна чай а дотта. Оха дика таро йина… ТIаккха, дIабахан вайн хьеший?

– ДІабаха, хьан локхалла.

– Ойланаш муха йу xIокхеран?

– Шаьш дерриг дийр ду-м, боху цара.

– Хьо теший ткъа?

Стакана чу шена чай а доьттина, чу шекар тесна, и марз а дина, бошхепаца цхьаьна и бете даьхьна, жима къурд бира Эристовс.

– Теша. Вайх къаьстина баха кхин некъ бац царна. Вайна ма-моьтту Іовдал а ма баций нах. Царна шера хаьа Iедалан ницкъ а, мятежникийн гIорасизалла а. Царах дIакхетча, шайна тIекхета хIума доций а, вайх дIакъаьстича, шаьш дерригенах довлий а.

Свистуновс, цигаьрка а латийна, боккха баьккхина, кIур чутуьйхира.

– Иштта-м дара иза, Николай Богданович, амма и тайпаниш йарташкахь кIезиг бу-кх хIинца цкъа. Вукху дисинчу халкъо дийр дуй-те цара аьлларг?

– Нохчийн йарташкара нах тайпанийн гергарлонаша къевллина цхьана зIенаца бихкина бу, хьан локхалла. Ткъа оцу зIенийн йуьхьигаш оцу «вайчийн» буйнахь а йохку.

ХIорш чай мелла бевлча, чувеанчу йалхочо дIайаьхьира самовар а, пхьегIаш а.

– Хьан умматан ойланаш муха йу, да Викентий? – мозгIарна тIевирзира Свистунов.

Вохвеллачу мозгIаро, шуьйра, йеха цIен маж хьала а тоьхна, обанан логера ветанаш дIа а даьхна, стоммачу логах йовлакх хьаькхира. Гай тIехь кхозура, аьлча а, йижина Iуьллура, детин стоммачу зIенах тесна дато йоккха жIар.

– Адамийн дeгнаш – къайленаш йу, хьан локхалла, – элира мозгIаро, куьг тоьхна, маж шина декъе а йекъна. – Дегнийн къайленаш Даллий бен хаа йиш йац. Ткъа со Делан лай бен вац.

Инарлин хьаьжа йуккъе шад хIоьттира.

– Вай дерриг ду Делан лайш. Амма, цул сов, вай паччахьан йалхой хилар а ма дицде, да Викентий.

– Цунна а хастам кхайкхабо ас денна…

– Хастамаш баро чІaгIбийр ма бац Iедалан а, килсан а бух, – элира Александр Павловича. – Хьуна хаа ма йеза хьайн умматан деган къайленаш.

МозгIаран корта охьабахара, шуьйра маж некха тIехь шалха а кагйеш. ТІaьххьара кIур а баьккхина, цигаьрка, хьакхош, чимтосурга чу а таIийна, хьалагIеттира командующи.

Перейти на страницу:

Похожие книги