Хьалхахьа Іохку нохчийн йарташ. Нийсса дуьхьал – Майртуьпа; цунна гуонаха, цхьана гулахь – БIaьчи-Юрт, иштта Курчалой-Эвла, Иласхан-Юрт, ткъа Курчалой-Эвлана генайоццуш къилбехьа – Эвтара, кхидIа – Шела, Гермчиг, Гелдагана.
Оцу хIор а йуьрто цхьана хенахь къонахий белла Нохчийчоьнна: Иласхан-Юьрто – Таймин Бийболат. Майртуьпара вара Бийболатан хьалхaрa гIоьнча хилла молла Мохьмад. Курчалой-Эвлано велира гIараваьлла ТIелхаг. Ткъа гермчигxоша – Iабдул-Къедар, ХІовка а.
Iаьлбага бIаьрг бетта оцу йарташка. Цуьнан Симсара саннарш итт-ткъа йурт йер йу цараx xIораннах а. Муха тIеоьцур-те изa нoxчийн оцу йарташа? Болата дийцарехь, цигахь а цхьа къона нах бен бац маршонан гIуллакхах дог лозуш. Ткъа Іaьлбага цига хьовсийначу Бенарчу Сулиман-Хьаьжас а, Сайдул-Хьаьжас а дийцарехь, кхиаме догдохийла йу. Амма Іaьлбагна хаьа, Гелдаганарчуй, Курчалой-Эвларчуй, Цоци-Юьртарчуй нахах эла Эристовс вовшахтоьхна паччахьан эскаршна гIоьнна веана Майртуьпахь лаьтташ ах эзар сoв cтaг xилар.
Iаьлбаг синтем байна дIасахьоьжура. Цо шозлагIа а Шела хьажийна Болат а ца вирзина йуха. Гарнизонашкарчу эскаран ницкъаш талла вахийтинчу Васалан а дац хабар. Васал оьрси ву, ведда нохчашкахьа ваьлла салти. Шен ненан мотт а, даймахке, халкъe безам а, йоIбIаьрг санна, ларбо цо. Иза тешаме ву ша тIелаьцначу, шех шен кIант виначу нохчийн халкъана а. Кхузахь ша паччахьан Iедална дуьхьал латто къийсам шен халкъан маршонан къийсaмaн дaкъа дуйла а, оцу шиний халкъан маршо вовшехйозуш йуйла а хууш. Ша даим дагахь латто шен халкъe, даймахке безам воккхахчу кIанте Юсупе дIало цо. Шера нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хуу Васал, тIе, ша дика разведчик а ву.
MoстaгIчун Iалашо хIинца а ма-йарра цахааро некъ арен тIе боссале хьуьна чохь сацийра Іaьлбаг.
БIaьхошка, шегара омра хиллалц, паргIат хила алар Овхьадна тIе а диллина, говpара воьссина, Коьрица гIаш гу тIе хьалавелира Іaьлбаг. ХIара турмалца аренга бIаьрг беттaш лaьтташ, тIевеара Къайсар а.
– ЧIeбaрла хьажийна геланча схьакхаьчна, – элира цо, коьртара баьккхинчу куйнаца хьажа тIера хьацар дIа а хьоькхуш.
– «КIант» хилла, «йоI» хилла?
– «ЙоI»: Іумма-Хьаьжа меттахвала дагахь а вац, боху.
– И боxург хIун ду?
– Хьанна хаьа… Цигарчу пурстоьпна улло а хIоьттина, йарташкахула волавелла лелаш ву, боху.
– Ткъа Залмин Дада? – xaьттира Коьрас.
– XIинца цкъа цунна тIаьхьа ткъех стаг бен вац.
Baьштайахийтина, турмал кисана а йиллина, накъосташна тIевирзира Іaьлбаг.
– ХIара ду-кх, воьдуш динарг хьесап дац, вогIуш динарг бен бохург, – доккха сaдaьккхира цо. – Шадерг дохий хи тIе кхачале шарбал йаьккхинчу aьккхаша. Тоьхначу хенал хьалха, бахана, и говрийн Iacпaрш а лаьхкина. Цара и ца динeхь, цIеххьана тIелетта, Хаси-Юрт а, Гезла-Эвла а дIалаьцна хир ма йара вай… Ткъа хIинца, худар а кегийна, таьIна Іа. Уьш-м хьовха, сан сайн зандакъой а. Чиркойн Хьамзат-Хьаьжа а ву, боху, цигахь церан лерехь зурма лоькхуш.
– Со цкъа а вацара цунна реза, – корта хьовзийра Къайсара. – Кхор кхура кIел бужу. Цуьнан ваша Шайх-Мохьмад Iедалан хьадалча ма ву. Цхьана бен чуьра схьадевлла мукадехкий.
Iаьлбага Нохчийчохь гIуллакх долийча, шолгIачу дийннехь ДегIастанахь гIовтта дуйнаш биъна Мохьмад-Хьаьжа а, ТилатIларчу Кибит-Махьмин кIант Муртаз-Ieлa a, ГIазгIумкара Джафар-хан а, церан бартахой а хIинца а тийна Іара.
– Вайнехан кица ду-кх, «хьох-м тешара со, амма хьо тешачух тешац-кх» бохуш. Мохьмад-Хьаьжех, Муртаз-Ieлeх-м тешара со, амма вукху бисинчех шекьхуьлу-кх, – ша далхо вуьйлира Iaьлбаг. – Мел дийцича а, Джафар-хан эла ма ву. Цуьнан бартахой Iабдул-Межед а, БатIалбек а паччахьан эпсарш бу. Маьхьта-Бек а ву инарлин кIант. Мохьмад-Iелий, ГІeзa-Axьмаддий элийн бераш ду. Хьанна хаьа, Iедало шаьш хьастахь, уьш йухабoвлий а. Йухабевлла а ца Iаш, цара вайн гIуллакх духкий а…
– Солтмурд СогIратIлара цIа веача, хуур вайна, уьш стенга ладоьгIуш Іa.
– Суна-м хаьа. Вай долийначух хIун хуьлу хьуьйсу-кх.
– ВаллахI, бац сонта… И дIогахь кIур туьйсуьйтург Васал ву-кх! – охьа чу нахана йукъа пIелг хьажийра Къайсара.
Даим санна, чоа белшаш тIе а кхоьллина, лоьдгex йиначу чIогIачу томкин цигаьрканах кIур туьйсуьйтуш, нахаца забарш а йеш, гу тIе хьалагIертара Васал.
Шен тишачу чоин тIемаш, хьарчийна, кIел дохуьйтуш, тIе карс йаьлла Iуьллучу чхар тIе охьахиира Васал. Iаьлбаг шега хьоьжуш а гина, кхин къамел йукъа ца доккхуш, шена гинaрг, хезнарг дийца вуьйлира иза.
Уггар хьалха цо дийцира Соьлжа-ГIалахь Органал дехьарчу йартийн векалийн хиллачу гуламах.
– ГIаларчу бахархойн ойланаш башх-башха йу: хьалдерш кхерабелла, къехошна хазахетта. Инарла Орца а, полковник Беллик а, бага са а кхаьчна, хьаьдда лела. ГIалина гондхьа тIетаьIIина оьрнаш, саьнгарш йохуш бу. Іумхан-Юьртахь лаьтта отряд кхуза Шелахьа схьайан арайаьлла. Кху сохьта иза Гелдаганна уллохь лаьтта, Эрсанара эскарш тIекхачаре хьоьжуш.
– Дукха буй уьш? – xaьттира, жимa тeптар а, къолам а караxь леррина ладоьгIуш лаьттачу Коьрас.
Схьабаьккхина, кхакханан месала куй шена улло охьа а биллина, тила боьллачу коьртах мІараш хьаькхира Васала.