МаьркIажан ламаз а дина, шен карахь долу ахча Билкъисе а делла, дIаваха кечвеллачу Зеламхех хьаьрчира Бийсолта:
– Ваши, хьайца дIавигахьа со…
Цецваьлла а, воьхна а хьаьвзира Зеламха. ПхуьйтталгIа шо доладеллехь а, иза хIинца а бер дара.
– ГIуллакх хир дац цунах, Бийсолта.
– ХIунда?
– Цкъа-делахь, хьо жима ву. Ткъа сан дахар, дийцалур доцуш, Iаламат хала ду. Цхьа минот а, цхьа гIулч а тешаме йоцуш. ДIа ког мел баьккхинчохь – йамартлонаш, кIелонаш. Набарза буьйсанаш. Мацвелча, баа кхача боцуш, хьагвелча мала хи доцуш де-буьйса такха дезаш меттигаш дукха нисло. Хьо хIинца а бер ду, хьоьга лалур йац и халонаш. ШолгIа-делахь, хьан нана къанйелла, хьо воцург тIетовжа верас вац цуьнан.
– Цуьнан вежарий, йижарий бу, ваша. Хьо цхьаъ бен, сан йиша-ваша а дац. Кхин хуьлийла а дац. Муслимат, Энист, Мохьмад, Лом-Iела, Iумар-Iела ларбан хьуна накъост веза. Наггахь бен хьо цаьрца ца хуьлу. Бецина а, Зезагна а гIоьнча оьшу. Со жима вац, ваша, сан пхуьйтталгIа шо ду. Баба реза йу со хьоьца дIаваийта…
Зеламха дестечуьнга хьаьжира.
– Шуьшиннан барт хилахь, со дуьхьал йац. Бийсолтин пхуьйтталгIа шо ду. Пхийтта шо дуьзча, иза ларван стаг вац кхузахь…
Зеламха хIинца кхийтира Билкъисан дагахь долчух. Зеламхина тIехь масех чIир йу. Иза вен аьтто ца нислуш лела мостагIий. Ткъа Бийсолта маьрша вуьту. Пхийтта шо кхаччалц. ТIаккха герз лело а, тIаме ваха а бакъо хуьлу кIентан. ХIетталц иза бер лору нохчийн гIиллакхехь. Пхийтта шо дуззалц божабер йукъа ца догIу чIирана. Бийсолтин пхийтта шо дуьзча, цуьнца Зеламхин чIир нисйан бакъо йу мостагIийн. Иза воцург ваша а, вежарийн кIентий а бац Зеламхин. Ткъа Бийсолтин пхуьйтталгIа шо делахь а, иза хIинца а бер ду. Йуьхьа тIе а, мера кIел а пхьаьрчоьш а довлаза. Зеламхин дахар мел хала делахь а, шена уллохь хилча, и жима ваша мостагIех ларван атта хир ду цунна.
– Дика ду, Билкъис. Соьца хала-м хир ду Бийсолтина. Делахь а кхузахь цхьа вехачул, соьца а, сан накъосташца а тешаме хир ду хIокхунна. Хьан наха хIинццалц дика дола дина хIокхуьнан. Тоьур ду, Дела реза хуьлда царна. ХIета, сиха кечло.
Зеламхас шеца дIавигира Бийсолта. Цхьана волу цхьа ваша…
4
Зеламха вина меттиг уггар хазачарех цхьаъ йара Нохчийчохь, амма цул хаза меттиг дуьненахь йан а йац, хила йиш а йац, моьттура цунна. Ша обарган некъа валлалц цунна Хорачана гондIара меттигаш а, аьхка жа дажо воьдуш хилла Къоьзан-Iам а бен, кхидолу нохчийн лаьмнаш ца гинера. Обарг ваьлла, кхерста воьлча, цунна гира цкъа хьалха ЧIебарлан, тIаккха Органан а, Iассан а лакхенашца долу нохчийн а, гIалгIайн а лаьмнаш. ТIаккха хиира цунна ша винчу меттиган мискалла.
Лаьмнаш-м массанхьа а цхьатера дара. Цкъа а тIера ло а, ша а ца бешаш, ира баххьаш мархех чекхдаьхна, сийначу стигала хьала а доьгIна. Церан лакхенга хьалаваьлча, генна лакхахь йаьржина, хIиттина йа керчаш гора бамба санна кIайн, кIеда мархаш. Царна тIехула волавелла вахалур волуш санна, хеталора. ТIулган тархашца хьийзаш, лакхара чуIенаш, лах-лахахь цхьаьнакхетий, даккхийчу татолашка а доьрзий, хьалахьаьжча лакхе ца гучу гаттийчу чIажаш чохь Iаламан буьрсачу ницкъе а доьрзий, даккхий чхернаш хьалха дIакерчош, ца карчалучунна тIехула кхийсалуш, аренан маршоне сихделла уьду хиш. Лаьмнийн басешкахь а, когашкахь а адамаша дезар оьцуш, йа дезар эца церан ницкъ боцуш кхиъна лекха, йуькъа, къена хьаннаш. ТогIешкахь бацо сендина, бес-бесарчу зезагаша къарздина ирзош. Цхьаццанхьа оцу Iаламо куц деллачу ирзошна йуккъехь хиш хIиттина кегий Iаьмнаш. Оцу лаьмнашкахь го тайп-тайпана акхарой, олхазарш. Черчий, сеш, лунаш, акха гезарий, уьстагIий. Тархийн баххьашна тIе охьахевшина а, сийначу стигалахь, мархашна кIел хIаваэхь хьийза а аьрзунаш, лечарчий, куьйранаш. Дерригенан сурт хIотто а, дийца а хуур дац.
Зеламхина дика девзина кхузара лаьмнаш а, исбаьхьа Iалам а. Акхарой бен ца лелало некъаш, хьехаш, ширачу гIишлойн херцораш а, массо бIов а.
Зеламха ца Iебаш хьоьжура оцу исбаьхьачу, амма буьрсачу Iаламе. Кхузахь иза цецвохург и Iалам дацара. Иза-м ницкъ болчу Дала кхоьллинера. Зеламха цецвуьйлург а, къайленна тIaьхьa цакхуьург а кхин дара. Кхузахь адамаша шайн куьйгашца кхоьллинарг. Йарташкахь а, царна гонаха а стаг гIаш а халла бен хьала ца валалучу лаьмнийн баххьаш тIехь йина бIаьвнаш. Цкъа-делахь, бIов йуттуш биллина xIopa а тIулг, нийсачу меттехь а маситта стаге меттахбаккхалур боцуш, боккха бу. ШолгIа-делахь, и xIopa тIулг, шера цостуш, беакIов тобина бу. И болх беш хала а, дукха а къахьега деза. И болх-м xIopа дийнахь къахьоьгуш, шарахь а, итт шарахь а кхочушбийр бара. Амма оцу лаьмнийн баххьашка уьш хьала а муха даьхна, нийса хьажош дIа а муха дехкина? Уьш вовшашца къовлуш, йукъа йоьттинарг а хIун йу? Цунах ца кхетара Зеламха, мел дукха ойлайарх.