Хьан цIе йевза йерриг а Россехь. Амма иза хIумма а хьуна хастаме ца йевза, хьан цIe хьуна эхье йоккху массанхьа а. Хьайн да а, ваша а вала а витина, йамарт, стешха кIилло санна, тIеман арара веддера хьо. Коьллаш йукъа а, тIулгашна тIехьа а лечкъаш, дIаьвшечу лаьхьано санна, дукха адамаш дайъина ахь, оцу тIехьара схьа гучуваьлча, тIе эткан кIажа а хьовзийна, хьайн корта, аьтта, вичIабоккхур буйла хууш. ТIаме а вахана, цигахь майралла а, доьналла а гайтина, паччахье хьайх къинхетам байта аьтто нисбеллера хьан, амма хIетахь ахь иза ца дира, стешха борз сана, цIога а таIийна, лечкъина Iийра. Ткъа хIинца къанделла, кан хилла жIаьла санна, хьесталуш, балхамаш беш, Iедалан хьаькамашка хьайна гечдар, къинхетам боьхуш, дехарш до ахь.
Хьаькамаша хьайн дехарна делла жоп хаьа хьуна. Со кхета, нохчийн дерриг а халкъана хьо къонах хета. Нагахь санна нохчийн халкъана ма-хеттара хьо къонах велахь, нагахь санна айхьа лелориг зударийн шарбал а йоцуш, боьршачу стеган хеча йелахь, нагахь санна хьайн дегIаца жимма а эхь а, доьналла а ларделлехь, сан, эскаран старшинан Вербицкийн, кхайкхамна жоп луш, сох лата меттиг а, хан а билгалъйан йеза ахь. Хьан накъостийн барамехь сайца накъостий а болуш, ахь йиллинчу меттиге, ахь тоьхначу хенахь хьох лата цига дIавогIур ву со. Хьоьца разбойникаш алсам мел хили, дика хир ду, ас лаххьийна бойур бу уьш. Ас оьрсийн эпсаран тешаме дош ло хьуна вайшинна йукъахь хинболчу бартах ца воха. Вайшиннан девна йукъа хьан чIирхой а буьтур бац ас. Тоьур ду аш вовшийн Iенийна цIий.
Амма лата йиллинчу меттиге, билгалйинчу хенахь хьо дIа ца вагIахь, суна карор ву хьо, ведда, дIаваха гIертачу Хонкара хьо дIагIахь а. ТIаккха соьгарчу къинхетаме дог ма дахалахь, ас ирхъуллур ву хьо. Майрачу нохчийн къоман хьакъволу боьрша стаг хьо хилар, хьо кIилло зуда цахилар гайта, Зеламха. Хьайн сацам буьйцуш, соьга, эскаран старшинага Вербицкийга, БуритIа кехат йазде».
Зеламхас леррина ладуьйгIира. Цуьнан йуьхьа тIе хьаьжча, ца хаалора иза огIазвахар а, дарвалар а. Цкъацкъа, корта а хьовзабой, велаозавора. Ша кехат дешна ваьлча, цуьнга хьаьжира Аюб.
– Кхин хIумма а йаздиний вайх лаьцна?
– Цхьана эпсаро жимма йаздина кхечу газет тIехь.
– Дешал.
«ХIокху тIаьххьарчу хенахь разбойниках Зеламхех лаьцна бакъдолчунна аьттехьа а доцу хабарш даьржина меттигерчу интеллигенцина йукъахь. Зеламха лакхара дешар а дешна, кIорггера Iилма а, хьекъал а долуш, цхьана а ницкъах ца кхоьруш, турпала стаг ву, иза, эпсаран духар тIе а духий, гIаланийн урамашкахула маьрша волалой лела, хьаькамийн хIусамашка а воьду, иштта дIa кхин а дуьйцу. Зеламхин схьавалар а, дахар а, амалш а, гIиллакхаш а суна дика хаьа. И разбойник Ведана-округерчу Хорачахь вина могIарера нохчо, бежIу ву, цхьанххьа а цхьа а дешар дешна а, цхьа Iилма хууш а вац, оьрсийн мотт хаъане а ца хаьа. Майраллех а, турпалаллех а хIумма а дац цуьнца. Ша цхьа кIилло, пекъар хилар гайтира цо 1908-чу шеран 31-чу августехь сан партизанийн командица хиллачу тасадаларехь. Сан партизанаша вийна шен да а, ваша а, кхо накъост а витина, тхуна дуьхьал цкъа топ а ца кхуссуш, иза охьа а тесна, эхье веддера иза. Цхьанхьа къайленгахь кIело а йина йа геннара схьа а тIетоха майра ву иза. Зеламха хIинццалц схьа ца лацарна, иза дийна леларна бехке цунна гIо до, иза ларво бодане, бIаьрзе халкъ а, цуьнца дерг чекхдаккха ца хуу Iедал а ду».
– И йаздинарг хIун эпсар ву хаьий хьуна?
– Стохка беной вайна дуьхьалбаьхна ГIоьрдала участкан пурстоп.
– ХIинца мичахь ву иза?
– ХIокху ГIалгIайчохь цхьанхьа пурстоп ву бохуш, хезна суна.
Зеламхас къамел паргIат дахь а, Аюбана гора цуьнан хьаьжа йуккъе хIоьттина шад а, дусаделла цIоцкъамаш а, йукъ-кара чIоггIа тIеттIатаIайо цергаш а. Зеламхин дог, дарделла, кхехкара.
– Вербицкий мичахула лела, вайна хууш ду. И эпсар а каро веза. ХIинца, охьа а вижий, дика садаIа, суьйранна Соьлжа-ГIала ваха новкъа вер ву вайша.
Аюба, хIунда аьлла, ца хаьттира цуьнга. Аюбана хаьара, хIунда воьду. Зеламхас шен дагахь кхел йинера Вербицкийна…
1