– Iалайсалам, вайн пайхамара кхойтта бIе шо хьалха йийцина и билгалонаш гучуйуьйлу вайна йуккъехь. Йиша-вешина йуккъера марзонаш херлуш, хедаш йу, доьзалшкахь хьалхалера барт бац. Баккхийчу, хьекъалечу, Iилма долчу нахах дагабовлуш, цаьрга ладугIуш бац кегийрхой. Дай-наношка ладугIуш дац бераш. Делан дош тергалдеш бац дуккха а нах. Дала бусалбанашна тIедехкина пераз ламазаш до, марханаш а кхобу дуккха а наха, амма цаьрца цхьаьна, Дала ма де аьлла, дихкина зуламе гIуллакхаш а леладо. Нахана моьтту, шаьш пераз пхи ламаз а дича, ткъе итт марха а кхаьбча, важа шаьш лелош долу зуламаш, лето къинош Дала шайна гечдийр ду. И нах Iехабелла, царна моьттург бакъ дац! Вайн махкахь къоланаш, талораш, адамаш дайар, кхидолу зуламаш даьржина. Айхьа къахьегна, хьацарца ца даьккхина рицкъа хьуна хьарам ду, боху Дала. Ахь шена ца йинчу Iамална ша гечдийр ду хьуна, амма ахь лачкъийна, мулкан да кхерийна, вийна хьайн доладаьккхина нехан хьакъ, рицкъа хьуна гечдан шен бакъо йац, эхартахь ахь цунах жоп дала деза, жоьжахатехь Iазап такха деза, боху Дала. Нахана моьтту, керста адамаш талор, дайар къилахь дац. Дела массарна а цхьаъ ву. Дуьненара дерриг адамаш Цо кхоьллина. Оцу керстанашна рицкъа делларг а Дела ву. Керстанан долаллина тIе куьйгаш кхийдийначо, лачкъийначо, цунах пайдаэцначо Далла хьалха жоп лур ду. Махкахь алсамдуьйлу адамаш дайар. ЧIиран мостагIалла доцуш наггахь бен йурт йац Нохчийчохь. Шена хаа а хууш, бусалба вийначунна Дела оьгIазвоьду, Дала цунна неIалт олу, иза даим а жоьжахатин Iазапехь хир ву, боху Къуръан чохь4
. Йуха а боху Къуръан чохь, цхьа адам дер а, дуьненара дерриг адамаш дайар а Дала цхьатерра лору5. Iалайсалам, вайн пайхамара аьлла, адам дийнарг, хIара дуьне дохийнарг санна, бехке хир ву Далла хьалха. Стаг вийначунна санна, Iазап лур ду Дала стаг вен гIо диначунна а. Ша вен, шен доьзал бен тIелеттарг вийначунна гечдийр ду Дала, нагахь санна шен са, шен доьзал кIелхьарбаккха цунна кхин некъ ца бисинехь. Бусалба а, керста а адамийн рицкъанна, долаллина тIе куьйгаш ма кхийдаде, бусалба а, керста а адамаш ма дайа. Оцу къоланаш дечу, талораш дечу, адамаш дойучу цхьа кIеззигчу нохчаша вайн къоман сий дойу, луларчу къаьмнашлахь вайн къоме цабезам, цатешам кхуллу. Делах тешаш а, Делах кхоьруш а волчу стага дийр ма дац и зуламаш…Соип-Моллин хьехам чекхбаьлча, цхьана йукъана тийналла хIоьттира маьждиг чохь. Овхьадана уллохь шен мара ийзийнчу стага, хьала а гIеттина, Соип-Молле хаттар делира:
– Соип-Молла, цхьаболчу Iеламнаха олуш хезна суна: стага летийнчу къиношна Дала гечдийр ду, нагахь санна и стаг, ша динчу вочу гIуллакхашна дохко а ваьлла, ша валале ийманехь нислахь. Со къона волуш, сайн дeгIexь ницкъ болуш, Далла Iамал йар ледара хилла сан, къоланаш деш а лелла. Оцу айса бинчу некъана дохковаьлла, Далла сайна хуу Iамал а йеш, гIийла-мискачарна caгIa а луш, гIуллакхашца нахана, йуьртана гIo а деш, схьавогIу со хIокху тIаьххьарчу ткъа шарахь. Оцу цхьаболчу Iеламнаха ма-дийццара, ас летийнчу къиношна Дала гечдийр дуй-те суна?
Соип-Молла, корта а ластош, велакъежира: