Казаналиповн йаккхий уьйраш йара Къилбседа Кавказерчу къаьмнашна йукъахь, йа нийсса аьлча, церан хьолахошца. Цкъа наместнике къайлах мотт беанера, Казаналипов паччахьна а, правительствона а тешаме вац, цо ши политика лелайо аьлла. Даррехь – Iедалца, къайллах – туркошца. Вуьшта аьлча, цхьана aгIop, ша оьрсийн Iедалан лакхара чиновник хиларе терра, Кавказехь российски политика дIахьо цо, вукху aгIop – ДегIаста Россих дIа а къастийна, йозуш йоцу пачхьалкх кхолла, иза ца нислахь, ДегIаста Хонкаран протектората кIел йаккха Iалашо йу цуьнан бохуш. Уьш цхьадерш бух болуш хилар гучудаьллачу наместника, цуьнца шеца къамел а дина, «бурч йоьхкинера» цунна. Цул тIаьхьа ца хезара Казаналиповс и тайпа крамольни къамел дина бохуш. Йа кхеравелла сецнера иза, йа чIогIа ларлуш вара.
Стомма, лохачу дегIара, горга йуьхь, цIен бос бетталуш, кхалкъе беснеш, шуьйра мара, йоцца лергина сирйала йоьлла Iаьржа маж, хаза тодина дуткъа мекхаш долуш, шовзткъе итт шо хенара стаг вара иза.
Кавказхойн гIиллакхехь вовшийн а, доьзалийн а хьал-де а хаьттина, официале къамелана тIевелира и шиъ.
– Тифлисехь керла хIун ду, Асельдербек Казаналипович?
– XIapa ду ала, керла хIумма а дац, Николай Андреич. Демократин шовкъ хилла, хьерадевлла адамаш. Большевикийн ун даьржина массанхьа а. Къаьмнашка, цхьа вежарий хилий, бертахь Iедална дуьхьал гIовтта, боху. Хьуна дика ма йевза церан лозунгаш. Утописташ! Къаьмнийн барт хир ма бац цкъа а. Масала, азербайджанаш а, эрмалой а. Царна йуккъехь бIешерийн кIоргера схьадогIуш мостагIалла ду. Петарбухехь а, Тифлисехь а цхьа нах бу и мостагIалла марсадохуш. Хетарехь, оцу шина халкъо кестта вовшийн цIий Iано герга ду.
– Дала ма хуьлуьйтийла иза. Вуьшта а аттачу хьолехь дац вай Кавказехь. Тхуна маслаIате хIумма а деаний ахь?
– Хаац, ас деанарг хьуна муха хетар ду. Теркан областехь хIоьттинчу хьолан хьокъехь наместник дагавелира сох. Хьуна гIоьнна кхуза кхин а цхьа полк хьажийча, муха хир дара-те аьлла. Со реза ца хилира. Масех дивизи кхуза йалийча а, Зеламха лацалур вац аьлла. Иза волу меттиг ца хаьа цхьанна а. Ткъа иза массанхьа а ву. Халкъана йукъахь. Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, ДегIастанахь, ХIирийчохь, Хевсуретехь. Оцу халкъаша ларво иза. Цара цкъа а Iедале схьалур вац Зеламха. Иза бахьана долуш шайна мел дукха бохамаш хилча а. Тхуна, кавказхошна, дика йевза тхайн амалш.
– ХIета, оха хIун дича бакъахьа хета шуна, хIун некъ гойту аш?
– И халкъаш Зеламхина дуьхьалдаха деза.
– Иза дан а гIиртина тхо. Цхьа а тайпа кхиам ца хилла.
– Шуна ца хиъна кхиамаш хилийта. Оцу къаьмнийн гIиллакхаш а, амалш а шайна цайовзарна. Зеламхин дукхахболу накъостий, нах а байъина, тIехь мостагIаллаш долуш бу. Уггар хьалха церан мостагIашца болх бан беза. ЧIирхошна герз а, ахча а луш. ШолгIа, Зеламха лаьцна йа вийна новкъара ваьккхинчунна ца кхоош ахча кхайкхаде. Цунна харжаш йан ахча лур ду шуна. Амма дукхахдерг бахархошкара даккха. Уьш Зеламхина дуьхьал карзахбаха. КхоалгIа, Зеламхин ницкъ цуьнан накъостий бу. Накъостех дIахаьдча, гIорасиз хир ву иза. Уьш цхьана меттиге а гулбелла, лецалур а, байалур а бац вайга. Уьш, цхьацца вуьйш, байъина дIабаха беза. ТIаккха атта хир ду Зеламха лаца йа вен. ДоьалгIа, цхьана aгIор нохчийн халкъ дуьхьалдаккха деза Зеламхина. Вукху aгIop – лулара халкъаш Зеламхина а, нохчашна а дуьхьалдаха деза. Вуьшта аьлча, нохчашна а, луларчу халкъашна а йуккъехь мостагIалла кхолла деза.
– Ахь дийцинарш дерриш а дан гIиртина тхо, Асельдербек Казаналипович. Амма оха хьегна къа кхиамза дисина.
– Цхьаццанхьа гIалаташ дийлийтина хир ду аш. Йа цхьацца мехала гIуллакхаш тидамза дитина хир ду. Дика oйлa а йина, уьш тидаме а эцна, болх йухаболийча, бакъахьа хета тхуна. Вербицкийн долор а эхье чекхдаьлла. Андронников вийна. Донагулов, ша вийна велара аьлла хетачу хьолехь заьIап вина, дийна витина. Iассан тIай тIехь Зеламхас байъинчу суьйлийн гергарчара чIир кхайкхийна цуьнга. Уьш баккхийбеш богIур бу Зеламха вен йа лаца. Донагуловн вашас дуйнаца чIaгIo йина Зеламхех бекхам эца. Суьйлий иракарахIиттош, царна йуккъехь мекара болх бан беза. И болх дика бийр бу Ведана- округан начальникан декхарш ханна кхочушдечу поручика Кибировс. Амма тхан коьрта дегайовхо Дагестански полкан начальникна полковникна Морганияна а, оцу полкерчу ротмистрана Долидзена а тIехь йу. Кибиров хIири ву, Моргания – абхаз, Долидзе – гуьржи. Цул совнаха, Зеламхица дерг тIаьххьара а, гуттаренна а чекхдаккха лерина дегIастанхойх отряд кхуллур йу. XIapa ас дийцинарг дерриг а наместникера ду. Моргания а, Долидзе а хьан куьйга кIел луш омра а ду. Ткъа Кибиров хьан карахь волуш ву.
– Баркалла, Асельдербек Казаналипович. Моргания, Долидзе маца вогIу схьа?
– Полк шен гIоьнче дIалуш ву иза. Кхана-лама схьавогIур ву.
Казаналипов дIавахча, букъа тIера беза мохь дIабаьлча санна, маслаIат хилла, сапаргIатвелира Михеев.
2