ХIетталц кхиамца чекхдовлура цо дагалаьцна дерриг а гIуллакхаш. Хьоле некъахой а талош, йийсаре а балош, цаьргара йасакх а йоккхуш. Банкаш а, кассаш а талош. Шен, халкъан а мостагIий – Добровольский, Митник, Чернов, Галаев… – бойуш а. Оцу кхаа шарахь кхиам хилла цуьнан кхаа гIуллакх тIехь. Андронников, Долидзе вуьйш а, Донагуловх бекхам оьцуш а, Соьлжа-ГIалин станцера касса талош а. Амма Долидзе а, цуьнан команда а хIаллакйеш, боккха бохам хилла цунна. ТIаьххьара ваша Бийсолта а вийна. Мел тIаьхьаталларх, Михеевн нуц йийсаре а ца лацавелла. Иза ша а, накъостий а Делан къинхетамца Iожаллех кIелхьарбевлла. Амма хIетахь а, хьалха Чермойн ломахь а кхочуш ца хилла цуьнан коьрта Iалашо. Шарль Акс йийсаре лацар а, ярмарка талор а.
Иза хилла ца Iapa Зеламхин догдохийнарг. И ши гIуллакх бахьана долуш дуккха а нахана зуламаш ма дина Iедало. Долидзен команда а, инженераш а, некъан белхалой а цо байъича, Зеламхин гергара бIе везткъе итт стаг, лаьцна, Сибрех вахийтина. Оцу нахана Iедало дина зенаш меттахIитто ницкъ ца кхаьчна цуьнан. Ткъа Соьлжехь цуьнан кхиамза дисина гIуллакх бахьана долуш, даим а цуьнан тешаме хьеший хилла IодагIеран Юсуп, Юнус Сибрех вахийтина. Церан цIенош дагийна. ДIабаханчу баттахь ворхI эвлайаъ, лаьцна, Россе дIавигна. Шайн доьзалшца цхьаьна. Уьш а xIapa Зеламха бахьана долуш лецна ша, боху Iедало.
Уьш хIокху цхьана шарахь лецнарш, набахтешкахь бахкораш, Сибрех каторге бахийтинарш бу. Ткъа Зеламха обарг ваьлчахьана дуьйна цхьайтта шарахь, иза бехке а веш, иза бахьана а лоьцуш, Iедало бохамаш бинарш мел дукха бу! Церан къа хьаьрчина-те цунах? Зударийн, берийн, къеначеран?
Цхьа чIогIа бехк баьлларг, халкъана зуламе ваьлларг бен стаг ма ца вийна цо. Уьш а дукхахберш паччахьан эпсарш, хьаькамаш бу. Бакъду, Зезаг бахьана долуш, ЭльсангIарах ши стаг вийна цо. Цара а вийна ЗеламхагIарах шиъ. Ца хууш кхетта, Зеламхин карах СаркагIеран кIант а велла. Iедалан айкхаш а, йамарт нах а байъина. Зеламхас ша а, цуьнан накъосташа а. Бехк-гуьнахь доцу стаг ца вийна цо цхьа а.
Цуьнан да а, ваша а вийнера Iедална вохкавеллачу бенойн Буццус. Цушиннан чIир йоькхуш, Буццусан ваша Межед вийра Зеламхас. Кхин цхьаъ вен везаш а ву. ГушмацIас, Зеламхас, Солтамурда цхьа а тайпа новкъарло ма ца йинера БуццусагIарна-м хьовха, атталла, бенойн тайпанна а. БуццусагIар Iедална бохкабеллера. Ахчанах. Дуьненан хьолах. Цундела бутт хьалха нохчийн йарташкара итт эзар туьма доккхуш, Буццусан цIийнан нахера кепек а ца даьккхинера Iедало. Уьш шен йалхой, лайш хиларна. И тайпа йамартхой байа ма беза. Лаха а лохуш. Церан xIy дайа. КIур байа. Шайн гергарчара а, тайпанан наха а ца совцабо уьш. Царна дика хаьа уьш кхахьпанаш дуйла. ХIетте а ца совцабо уьш. Ткъа Зеламхас байъича, цуьнга чIир кхайкхайо. Нийса ма дац иза. Шайн хьерадаьлла зуд ден деза долчара.
Зеламха кIадвелла. КIадвелла ца Ia. ГIелвелла. Оцу цхьайтта шаро гIелвина. Дийнахь-буса а йамартлонах, тешнабехках ларвала гIерташ, даим дIа сема, сакх ваьхна. Наггахь нехан хIусамехь бовха кхача буу цо, кIедачу метта охьа а вуьжу иза. Ткъа дукхахйолу хан меца, шелехь, йерзинчу стигала кIел охьавуьжуш йоккху. Могашалла а йац хьалхалерниг. Да а, ваша а вийчахьана, даго сагатдо. Хьалхе ма ду иза. Цуьнан шовзткъа шо а бен ма дац. Халонаша, бохамаша, баланаша хеназа къанвина. Массарех хаьдда, цхьа висина. Доьзалера хабар а дац. БapxI баттахь БуритIахь латтийна, Сибрех бигна. Наггахь кехат дoгIypa цаьргара. Шаьш могаш ду, дика Iаш ду, шайна са ма гатде олий. ТIаккха масех кехат деара, кхечу агIор дуьйцуш. Шаьш Iаламат вочу хьолехь ду. Хьо бахьанехь шайгахь xIapa бала хIунда латтабо ахь, обаргалла дIа а тесна, Iедална, хьаькамашна тIе а вахана, хIокху балех тхо хьалха хIунда ца доху ахь бохуш.
Оцу кехатах цецвелира Зеламха. Бецис а, Зезага а муха йаздойтур ду и тайпа кехаташ? Цул йаккхий халонаш, баланаш собаре ма лайна цара. Цкъа а шайн дагара ца хоуьйтуш. Зеламхин дог иракарахIиттош. Йа пана Сибрехь кегийчу берашца цхьалха йисча, собар кхачийна-те цаьршиннан? Иштта масех кехат шега кхаьчча, шеквелира иза. Баккъал а, меттигерчу жандармерис доьшура БецигIеран кехаташ. Уьш дIа а дохий, шайгара кхин йаздора. Уьш дара Зеламхе кхочурш.
Соьлжехь эшам хиллачул тIаьхьа дуьненах дог даьллера цуьнан. Цхьа а ваша а вац. Хьалхалера тешаме, майра, доьналле накъостий а, берриг бохург санна, дIабевлла. Iедало байъина а, чIирхоша байъина а. ДегIо сиркхонаш лехьайо. Даге лазарш детта. ДоIаха а, хьер а лозу. Шен дегIе садаIийта лаьара цунна. Йарташкахь а, кIотаршкахь а саца кхераме дара. Массанхьа салтий лаьттара. ТIе, Зеламхина хаьара къайлах шена дуьхьал нохчий вовшахтухуш хилар. Шен чIирхой а, ахчанах да-нана духкур долу йовсарш а. Цхьаберш бевзара цунна. Амма цунна цабевзарш а бара дуккха а.