Читаем Дарц полностью

Iела Хонкара воьду боху хабар сиха даьржира йуьртахь. Ахьмаде а йуха ца ваккхавелира иза шен сацамна тIера. ХIара зама синтеме йацарна, новкъахь цунна цхьа бохам хиларна кхоьрура иза а, нах а. Амма IабдигIарна боккха кхаъ хиллера цунах. Цхьана ханна иза кхузара дIавалар а маслаIат хетара царна. Цигара иза йуха цаверзаре дог а дохура.

Iела кхана новкъаволу аьлча, тховса суьйранна цуьнан хIусамехь мовлад деша гулбелира нах. Iела могаш-маьрша цIаверзор доьхуш, Деле доIанаш а дина, цуьнан Iодика йеш дика мел дерг а аьлла, дIабахара. ТIаьххьалц иза волчохь севцира Ахьмад, Лорса, Овхьад, Соип, Янаркъа, кхин масех а.

Iелас царна дийцира шаьш Хонкара кхалхар, цигахь шаьш лелийнарг, лайна халонаш, хьегна баланаш, тIаьххьара а даймахка цIa верза новкъа ваьлла ши эзар сов нохчо, дозане кхаьчча, туркоша тIе йаккхий тоьпаш а йетташ, йухаверзор а.

– Эрчонаш дукха гина вайна. ТIамехь. МостагIаша вайн йарташ йагош, зударий, бераш дойуш а. Амма оцу дийнахь цигахь хIоьттина сурт шатайпа дара. Хийрачу махкахь мацалла ца дала шайн даймахка цIа гIоьртира ши эзар сов адам. Къена нах, зударий, бераш. Адамаш аьлча а, адамийн чархаш, гIаларташ дара-кх. Чохь синош ду аьлча, стаг тешар а воцуш. Царна дуьхьалдаьхнера туркойн а, оьрсийн а эскарш. Уьш шайн даймахка цIа ца берзийта. ГIуллакх оьрсашка ца долуьйтуш, тIе йаккхий тоьпаш йетташ, йуханехьа лаьхкира уьш туркоша. Уггар хьалха вуьйжира Чора, тIаккха Аьрзу. ТIаккха и тогIи йуьзира зударийн, берийн декъаша…

Хонкара кхелхинчеран кхоллам буьйцу-м дукхазза а хезнера чохьболчарна. Амма цул тIаьхьа иттаннаш шераш девлча, и дерриг шен бIаьрга гинчо дуьйцуш, лерина ладоьгIура цара.

– Бусалбанаша бусалбанашна тIехь и къематде хIоттийна бохучух тешар вацара-кх со, Iела, иза кхечо дийцинехь! – элира Лорсас. – Дала дихкина ма ду бусалбано бусалба вер…

– Дуьне къийса боьлча, ца хоьржу бусалба а, керста а, – йукъавуьйлира Ахьмад. – Бусалбанаш хилла ца Iаш, цхьа нохчий долу вай а дац ткъа вовшийн дойуш? Шемалан заманахь вовшех лийтира, тайпанашка а декъаделла. Iаьлбаг-Хьаьжа имам ваьллачу хенахь цунна дуьхьал леташ а бара нохчий. Оьрсийн эскарийн могIаршка а хIиттина. Тахана вайга безам болуш Iаш бу ткъа IабдигIар, ХьуьсагIар?

– Туркойн эскарша тхуна тIе йаккхий тоьпаш йеттарх, туркойн халкъ бехке дан мегар дац, – элира Iелас. – XIeтахь цига кхелхинчу масех эзар ламанхоша Iаламат холчухIоттийнера бухара туркой. Шаьш мел къен-миска белахь а, тхуна гIo дора. Кхачанций, хIусамашций. Массо aгIop а тхан дог эца гIертара. Дозанехь тхуна и бохам хилча, орцах баьхкира гондIара туркой, курдой, гуьржий, эрмалой. Байъинарш дIабухкуш гIo а дира, дийна бисинарш кIелхьара а бехира. Цхьана къоман кIеззигчу нахах зулам даьлча, и къам дерриг бехке до. Ткъа оцу къоман кIеззигчу наха дина дика церан шайн цIарах кхайкхадо, йа дийца а ца дуьйцу. Вон халкъаш дан а дац дуьненахь. Уьш дерриг а цхьана Дала кхоьллина. Амма xIopa халкъана йукъахь зуламе адамаш ду. Нохчашлахь а хIумма а кIезиг дац йамарт, зуламе, оьздангаллех доьхна адамаш. Уьш гуш ду вайна. Халонгахь девза адамаш. Сибрехь соьца лагерехь бара массо къаьмнех нах. Майра, оьзда, хьекъале къонахий а бара царна йукъахь дуккха а, адамаллех цхьа чо боцуш нах а бара. Дерриг а Дала кхоьллина ду-кх вай. Диканаш а, вонаш а.

Къамелаш хьаьвззина тахана Нохчийчохь хIоьттинчу хьолана тIе девлира.

– Цхьацца йарташа Iедална йечу дуьхьалонех хIун хир ду-те, Iела?

– ТIехь лан ца даллал Iазап а, харцо а латтош хилча, дуьхьало ца йеш, таьIна Iep лайн амал йу. Амма и дуьхьало муха а, маца а йан йеза, хаа деза. Вайн цхьа декъаза амал йу: даим герзаца, майраллица ваьшна маршо йаккха гIертар. Цундела даим вай оьшуш, вайна бохаме доьрзу. Цкъа мукъана а и маршо хьекъалца йаккха гIорта дезара вай. Цхьадолу халкъаш шаьш гIовтту. Iедало уьш хьошу. ТIаккха раж кхечаьрга кхочу. Бусалбанаш, керстанаш ца къестош, ваьш санна Iазапехь дахкочу кхечу къаьмнашца барт а бина, ницкъаш цхьаьна а тоьхна, ца гIовттахь, Россерчу цхьана а къомана шегга маршо йаккхалур ма йац.

– И барт хир буй ткъа къаьмнийн?

– Хилийта гIерташ къахьоьгуш цхьа нах бу Россехь.

– Дала аьтто бойла церан.

– Кхечу къаьмнашца барт хилар-м хьехочохь а дацара. Вайн нохчийн шайн барт хилахьара. Цкъа тайпанашка, йуха вирдашка бекъабелла, вовшашца хьагI-гамо лелайо. Цундела вайна тIехь атта олалла латтадо муьлххачу Iедало а…

Хьеший дIабоьлхуш цхьана минотана тIаьхьасецира Ахьмад.

– Iела, дукха-м доьхура ас… Ваийтахьа со хьайца!

– ХIан-хIа, Ахьмад. ХIара зама карзахе йу. Нагахь цIеххьана дарц далахь, хьо оьшур ву йуьртахь. Буьрса дарц, мох баьлча, къоначу диттийн хьун тaьIa, царна йуккъехь Iаламан ницкъо дахчийна къена, зоьртала пепнаш, нежнаш ца хилча. Хьой, сой саннарш хьалха хила беза, къомана тIе бохам беача. Суна са ма гатде, цхьа бутт балале йухавогIур ву со.

…Оцу буса массеран Iодика а йина, Iуьйранна са ма-тесси, новкъа велира Iела.

Ша новкъа ваккха цхьа а ца ваийтира. Шеца цхьаьна регIа бевлла Ахьмад, Овхьад, Лорса, Iусман, Янаркъа цIа а хьовсийна, масех минотехь цигахь сецира иза.

Перейти на страницу:

Похожие книги

Хромой Тимур
Хромой Тимур

Это история о Тамерлане, самом жестоком из полководцев, известных миру. Жажда власти горела в его сердце и укрепляла в решимости подчинять всех и вся своей воле, никто не мог рассчитывать на снисхождение. Великий воин, прозванный Хромым Тимуром, был могущественным политиком не только на полях сражений. В своей столице Самарканде он был ловким купцом и талантливым градостроителем. Внутри расшитых золотом шатров — мудрым отцом и дедом среди интриг многочисленных наследников. «Все пространство Мира должно принадлежать лишь одному царю» — так звучало правило его жизни и основной закон легендарной империи Тамерлана.Книга первая, «Хромой Тимур» написана в 1953–1954 гг.Какие-либо примечания в книжной версии отсутствуют, хотя имеется множество относительно малоизвестных названий и терминов. Однако данный труд не является ни научным, ни научно-популярным. Это художественное произведение и, поэтому, примечания могут отвлекать от образного восприятия материала.О произведении. Изданы первые три книги, входящие в труд под общим названием «Звезды над Самаркандом». Четвертая книга тетралогии («Белый конь») не была закончена вследствие смерти С. П. Бородина в 1974 г. О ней свидетельствуют черновики и четыре написанных главы, которые, видимо, так и не были опубликованы.

Сергей Петрович Бородин

Проза / Историческая проза