ХIинца и накъостий дIабевлла Зеламхин. Иза цхьа висина. Амма цхьа висинехь а, Iедална кхераме ву. Тифлисехь а, Михеевгахь а хаамаш бу, Зеламха коьрте а хIоттийна, Нохчийчохь а, ДегIастанахь а гIаттам кечбеш бу бохуш. Коьрта кечамбархо ГIизлара-гIалин пурстоп хилла Коджаев Iабдул-Межед ву, боху. Нагахь санна халкъ гIатто ницкъ ца кхачахь а, ламанхошка Хонкара кхалхаре кхайкха Iалашо йу, боху, цуьнан. Коджаевс халкъа йукъа эладита даржийна, Iедало хьийзочу халкъехьа гIодаккхарна ша даржах вохийна бохуш. Бодане халкъ теша оцу хабарех. Эрзерумехь вехачу цхьана шайхо Зеламхе кехат даийтина бохуш а, дуьйцу. Цхьана ханна къайлавала, Iедалх ларло, Нохчийчохь а, ДегIастанахь а гIаттам кечбелча, хьо имам кхайкхор ву бохуш.
Оцу хаамашца цхьаьна богIу Ведана округан начальникан подполковникан Караловн агентурин хаамаш а. Караловс йаздарехь, кестта Нохчийчохь гIаттам боло ойла йу Зеламхин. Къадари тIарикъатан вирдийн мурдаша Зеламха а, цуьнан хьуьнарш а хестош назманаш йаржийна. Йарташкахь къайлах гуламаш бина меттигаш а йу. ГIазот хьехор а алсамдаьлла.
Боданечу, фанатични болчу нохчийн бахархошна йукъахь Зеламхас эладита даржийна, боху, оьрсийн эскарша кхолха гуо бина, ша хьеха чохь висича, шайх Кунта-Хьаьжа а, пайхамарш Хизар а, Илес а шена орцах баьхкинера, ша хьехара ара а ваьккхина, кхерамазечу меттиге охьа а виллина, къайлабевлира уьш бохуш. Ткъа бахархой оцу эладитанех а теша. Доцца аьлча, Зеламха дIаваккха веза хIокху дуьненара.
ХIинца йерриг а дегайовхо Караловна тIехь йу.
Эла Караловга безам бацара Михеевн. Бакъду, цунна берриг туземцаш ца безара. Цунна-м хьовха, хIокху Кавказан администрацешкахь гIуллакхдечу оьрсашна массарна а. Каралов, Моргания элий бу. Россехь оьрсийн элийн сий ду. Уьш дворянаш ма бу. БIешерийн кIоргенехь деха орамаш, стаммий генаш долуш. Шайн долахь мехкаш а долуш. Цхьаболчеран долахь йаккхий заводаш, фабрикаш йолуш. Паччахьан гонехь, правительствехь, губернешкахь лаккхарчу даржашкахь болуш. Ткъа хIара КараловгIар, МорганиягIар муьлш бу? Элий бохуш цIераш йу, кхин хьалхе-тIаьхье йац. Шайн махкахь, лаьмнашкахь цхьа масех ирзо, бIе корта даьхни, говраш, йуьртахойчул даккхий а, лекха а цIенош хила тарло церан. Доцца аьлча, хьолана, хьекъална, кхетамна шайн туземцел дукха лакхабовлаза нах бу. Амма мел цаьрга безам бацахь а, кхузахь оьрсийн Iедална оьшу уьш. Толлу, жан жIаьлеш санна.
Михеевна уггар а оьшу Зеламхина тIаьхьа талла. Иза а, Нохчийчуьра кхиболу зуламхой а хIаллакбан. Нохчий, кхерийна, дIатаIо.
Каралов цунна дуьхьал лекха гIовла йолчу, кIедачу кресло чу охьахиира. Iаьржачу аматехь кавказхо. Ша мила ву а ца хууш, кура. Доцца хьал-де а хаьттина, гIуллакха тIе велира и шиъ.
– Керла хIун ду? – хаьттира Михеевс, ладогIа а кечлуш.
Караловс, шен папка схьа а йиллина, цу чуьра схьаэцна кехаташ шена хьалха стоьла тIе охьадехкира.
– Зеламха нохчий гIовтто кечамбеш ву бохуш, хилла хаамаш ас хьалха схьакхачийна хьан Локхалле. Цунна тIе цу хьокъехь сан агентурера масех хаам бу. Дийцарехь, Зеламха ша вац и гIаттам кечбеш. Кхин нах бу. Халкъалахь бевзаш, лоруш болу нах. Къаьсттана къадари тIарикъатан вирдийн мурдаш. Веданна гена доццуш, Хьаьжи-КIотара олучу жимачу йуьртахь каш ду Кунта-Хьаьжин ненан. ГIаттам кечбархоша оцу коша тIехь дуй биъна, боху, Зеламхина а, вовшашна а тешаме хила. ГIаттам боло партизански отрядаш вовшахтоха аьлла, Зеламхас кехаташ йаздина, боху, шен бартахошка. Нохчийчуьрчу а, ДегIастанарчу а тхьамданашка, динадайшка. Амма иштта цхьа а кехат тхан кара ца кхаьчна. Хетарехь, Зеламха реза вац гIаттамна коьрте хIотта. ХIунда аьлча гIаттам кечбархоша, имамалла тIелацахьара аьлла, дехар дина хилла Шеларчу МоIса-Хьаьже. Иза реза ца хилла. Ботлихан округан начальнико полковника Гвилисианис дийцарехь, изза дехар дина цара цигарчу Аслудди-Хьаьже, помещике Гоцинский Нажмуддига а. Уьш а реза ца хилла, боху, имамалла тIелаца. Даим санна, Нохчийчохь эладита даьржина, кестта Хонкара пачхьалкхо Россица тIом болор бу, Кавказ дIалоцур йу, уггар хьалха туркойн эскарш Гуьржийн БIон новкъахула Теркан областе догIур ду бохуш.
– И питана даржораш муьлш бу, хаьий хьуна?
– Цхьаберш хаьа. Делахь а уьш леца, царна дуьхьал тоьшалла дац. Доцца аьлча, халкъ Iедална дуьхьал карзахдохурш хьалха правительствона гIуллакхдеш хилла, амма цхьацца зуламаш тIехь а, правительствона йамарт хилла а гучубевлла нах бу. Халкъа йукъахь хьалхалера сий дац Зеламхин. Вайн отрядашца тIаьххьара хиллачу тасадаларехь, накъостий а битина, вадаро сий дайъина цуьнан, цуьнца бисина кIеззиг накъостий а тIаьхьара дIабевлла.
Караловс дуьйцучарех цхьадерш хаьара Михеевна. Цунна хаа луург кхин дара.
– Зеламха схьалаца йа хIаллакве, боху Тифлисера схьа. Иза дийна мел ву, хIокху областехь машар, синтем хир бац. Ахь а, Морганияс а мосазза а дош делла цуьнца дерг чекхдаккха. Хан дIайоьдуш йу. Ткъа Зеламха дийна ву. Дийна а ву, маьрша а ву. Хьо хIун деш ву, хIун дaн ойла йу?
Караловс шена хьалхарчу кехаташна йуккъера цхьаъ схьаийцира.