– Хаьа. Тхоьца болх бан тІелоцуш, ахь делла расписка ду хІара. Покровкехь а, районерчу кхечу йарташкахь бехачу нохчийн а дагахь дерг а, лелориг а тхоьга схьадийца тІелаьцна. Цул сов кхин декхар дуьллу хьуна тІe. Шаьш долчуьра оьрсех, киргизех, узбекех, кхечу къаьмнех болчу нахера Іедална дуьхьал даьлла дош, гІуллакх а тхоьга дийцар. Кхийтин хьо?
– Кхийти.
ДІакхевдина, сейфа чуьра цхьа папка схьа а эцна, куьзганаш доьхкина, оцу йукъара цхьа-ши кехат деша вуьйлира Кривошеев.
«Аьстамиров Іабдул-Іаьзам. 1877 шарахь вина. Граждански тІом болуш Советан Іедалехьа тІом бина. Нохчийчохь Советан Іедал хІоттош йуьхьанца жигара дакъалаьцна. Амма тІаьхьа контрреволюцин элементашца уьйр йолуш хилла. Хьуьжарехь дешна ву. Іаьрбийн мотт хаьа. Ша-шеца болх беш, бусалба динан Іилманан шуьйра хаарш долуш ву. 1932 шеран мартехь Нохчийчохь Советан Іедална дуьхьал хиллачу гІаттамехь дакъа ца лаьцна цо, амма оцу гІаттаман дакъалацархошца гергарлонаш, доттагІаллаш долуш хилла. 1933 шеран февралехь РСФСР-н УК-н 58-чу статьяца бехкевина, лаьцна, бархІ шо хан йаьккхина, 1941 шеран февралехь лагершкара дІахецна…»
«Эскарханов Іалха. 1916-чу шарахь вина. Йуккъера образовани. ТІом хилале хьалха эпсарийн школа чекхйаьккхина. Финнашца тІамехь а, хІокху тІамехь а жигара дакъалаьцна. Хьуьнаре, хьекъале, майра а эпсар ву. Партина а, советски Іедална а муьтІахьалла гайтина. «ЦІечу Байракхан», «ЦІечу Седанан» орденаш, масех медаль йу. Шен халкъ махках даьккхинчул тІаьхьа партина а, советски Іедална а хамталла йеш дош а, гІуллакх а ца даьлла цуьнгара. Амма цуьнан дагахь латтош къайленаш хиларан шеко йац. 1945 шеран аьхка цхьана тІамехь луьра чевнаш хилла, йеххачу хенахь госпиталехь Іиллинчул тІаьхьа, тІамехь гІуллакхдарх мукъаваьккхина…»
– Покровкехь вехаш Іабдул-Іаьзам а, Іалха а цІераш йолуш шиъ стаг вуй?
– By.
– Уьш муха нах бу?
– Хаац. Уьш ший а тхан эвлара вац. TІe, Іалха тІамера цІа веана дукха хан а йац.
Комендантан хьаьжа йуккъе шад хІоьттира.
– Уьш бовза беза хьуна. И воккха стаг молла вуй?
– Хаац суна. Йуьртахь белларш дІа-м бухку цо.
– И «хаац» боху дош дицделахь таханчул тІаьхьа. Со Чалий ца хилар а ма дицде. Оцу шина стага дІа мел олучу дашна а, дІа мел боккхучу когана а тІехь тидам латтор бу ахь. Іаьрбийн маттахь дешний ахь?
– Сан хенарчу массара санна, цхьана-шина шарахь дешна ас а.
– Молла-м вац хьо?
– Вац. Молла хила итт-пхийтта шарахь деша деза.
– ХІинца буй шун иштта лакхара дешна молланаш?
– Бац. Цхьа наггахь бен.
– Кху районехь вуй цхьа а?
– Хаац. Берриш бовза кхиъна вац со.
– Хьуна бевзарш?
– Хааршна сол дукха гена ца бевлла.
– Далла гІуллакх дой ахь?
– Дукха хан йу ца де.
– ХІунда?
– Іедало дехкарна а, со башха кІорггера бусалба цахиларна a.
Нохчочо дуьйцучух цавашара а хаац, йа реза хилла дара а хаац, комендантан балдаш раздовлуш делакъежира.
– Тахана дуьйна дІа хийцавала веза хьо. Іедалера маьрша ву хьо бусалба динца йолчу агІонна. Делаца йолу хьайн йукъаметтиг чІагІйан йеза ахь. Даррехь Далла гІуллакх а де. Хьайн бусалба динан хаарш шардан а, лакхадаха а лаьа бохуш, хІокху районерчу масех моллица гергарло а таса. Цаьрца а, кхечу цхьа масех стагаца а цхьаьнакхетча, Іедална а, Сталинна а лиэ. Массаьрца а кІеда-мерза хила. Массеран а хьайх тешам бахийта. Нохчашна гІоьнна пачхьалкхо ахча къастийна. ХІор а доьзална цхьацца бежана нисдан сацам а бу. Луш йолу продукт а жимма алсамйаьккхина. Покровкерчу нохчашна уьш дІайала хьо чІагІвина.
– Баркалла, Иван Харитонович…
– ДІабаханчу баттахь ахча деллий хьуна кхузахь?
– Ца оьшура иза-м…
Ша ахчанан ведомость кечйеш, Кривошеевна дагайеара кху чохь цхьа кІира хьалха хилла инцидент.
Покровкехь вехаш волчу къоначу стага Солтагериев Лоьмас Сталине арз йаздинера. Оцу тІехь кІанта дуьйцура нохчийн халкъ бехк боцуш махкахдаккхар а, махках дохучу дийнахь а, схьадалош новкъахь а цунна тІехь бина ницкъ а, кхузахь шаьш хьоьгу Іазап а. Кехат районера ара ца даьллера. Цхьа кІира хьалха и кІант ша волчу кхайкхира Кривошеевс.
Кривошеевна моьттура иза цхьа бІаьрла жимстаг хир ву. Амма хІара оза йуьхь йолуш, дегІана хесара йалхитта-вуьрхІитта шо хенара кІант вара. ХІокху шиннан къамел деха ца хилира.
– Солтагериев Лоьма вуй хьо?
– By.
– Оьрсийн мотт мичахь Іемина хьуна?
– ГІалахь хьехархойн техникумехь шина шарахь дешна ас.
– ХІара арз ахь йаздиний? – кхо маьІиг йеш хьарчийна кехат дІагайтира цо.
КІантана девзира иза:
– Йаздина.
– ХІара хІунда йаздина ахь?
– Оцу тІехь дуьйцу ас иза хІунда йаздина.
– Сталина, правительствос а биначу сацамашна дуьхьал ву хьо?
– Сталинна хууш дац тхан халкъана тІехь динарг!
– ХІета, цунна а ца хууш даьхна шу махках?
– Цунна ца хууш ца даьхна, цуьнга харц дерг а дийцина, иза Іеха а вина, даьхна.
Кривошеев, хьала а гІеттина, ши куьг букъа тІехьа а лаьцна, цІа чухула волавелира.
– Хьан тентак коьртехь хьекъал ду ткъа хилларш хаа а, къасто а? Шайн дайша а, вежарша а лаьмнашкахь советан Іедална дуьхьал тІом беш, фашисташна гІо деш, мичахь вара хьо?
– Бакъ дац иза! – мохь белира кІентан.
– Сацайе хьайн муцІар, фашистийн къутІа!
КІант дІатийра.
– Кхин йаздийр дуй ахь хІара тайпа арз?