Читаем Кхолламан цхьа де полностью

ШахІидан дешнаша гуонах дерг дерриге а дицдина, цхьана минотана шен ойланашца гена нохчийн лаьмнашка, винчу йуьрта вахара Іалха. Нохчийн уггар ширачу йартех цхьаъ. Буьрсачу Шемалан столице. ГІараваьллачу харачойн Зеламхас дуьххьара шен бекхаман куьг айбинчу меттиге. Цигахь вина, цигахь ваьхна Шемалан тоьллачу наибех цхьаъ хилла волу Іалхин денденда Эдал. Іаьлбаг-Хьаьжин гІаттамехь дакъалоцуш вийна Іалхин денда. Деникинцех леташ Соьлжа-ГІалина уллохь воьжна Іалхин деваша. И санна йу нохчийн муьлххачу а доьзалан биографи. Нохчийн халкъо бІеннаш шерашкахь шайн цІийца хьандина и исбаьхьа лаьмнаш дІадаьхна цаьргара. Ванах, кхин гур доцуш ду-те Іалхина ша вина, бераллахь левзина и хьоме лаьмнаш, хьаннаш…

Оцу къаьхьачу ойланех Іалха йукъахваьккхира ШахІидан малделлачу дегІо…

– ШахІид!? ШахІид!? – мохь белира сержантан. –Велла! Хьо турпалх а къинхетам ца бин-кх Іожалло! ШахІид, сан доттагІ, сан ваша, ламанан кура леча… Суна хаьара, ахь Іожалла лоьхийла… Сан ницкъ ца кхечира хьо ларван… Ва, неІалт хуьлда хьан цІеначу даг чу дІовш доьттинчунна!

Шайн халкъ бехк-гуьнахь доцуш махках даьккхинчул тІаьхьа йерриг фронташкахь а, партизанийн боламашкахь а дера а, турпала а летара нохчий. Оцу тІе уьш тоьттура масех бахьано. Шайн халкъана тІекхоьллина и харцо а, дина иэхь а ца лалуш, тІеман арахь Іожалла лоьхуш летара. Даймахкана йамарт хилла боху нохчийн халкъана тиллина цІе харц хилар хаийта гІерташ. ТІамехь болчу нохчийн кІенташа турпала хьуьнарш, Даймахкана тешам а гайтича, бехк-гуьнахь доцуш и харцо тІе а кхоьллина, махках даьккхинчу халкъана тІера и харцо дІайаккхаре догдохуш а. Амма, шен халкъана эхь дина, цунна харц таІзар дина аьлла, мостагІашкахьа ца волура цхьа а.

Халкъ таІзардеш махках даьккхинчул тІаьхьа тІамехь хьуьнарш гайтинчу нохчашна орденаш йалар а, турпалхочун цІе тиллар а сацийра. Фронтан командованис йа Москвахь чекх ца бовлуьйтура уьш. Цундела, эскаран, дивизини, йа полкан командованин хьехаршца, орденна а, йа турпалхочун цІарна а хьуьнар гайтинчу цхьаболчу нохчийн эпсарша шаьш кхечу къомах йазбойтура – гуьржий, хІирий, гІезалой, гІумкий, суьйлий, и. дІ.кх. а. Иштта цхьа могІа хІилланашца толаман де тІекхаччалц тІамехь бисира дуккха а нохчий,

Іалхин ца дийзира цхьа а хІилла лело. ШахІид дІавоьллинчул тІаьхьа цхьа бутт баьлча, тІамехь луьра чов хилла, йеххачу хенахь госпиталехь а Іиллина, йуха фронте ваха ца магош, цІа хьажийра.

ЦІа мичахь ду-м ца хаьара…

… Іалхас доккха садаьккхира. Цхьа кІира хьалха хиънера Іалхина ШахІидан доьзал Покровкехь хилар. Цунна и хиъначу хенахь Мохьмад а, Бесират а чІогІа цомгаш дара, ткъа Муса лесхозехь вара. Цомгашниш больнице а балийна, Муса цІа кхайкхира Іалхас. Амма ШахІидах хилларг Мохьмаде дІахоуьйтийла дацара иза товелла верззалц.

– Мохьмад, хІара кІант а валош со хьуна тІеваран бахьана дийца лаьа суна, – долийра Іалхас, ша цуьнан могашалла хаьттина ваьлча. – Ас хьехар дала воккха ву хьо, цундела хьуна соьгара хьехар ца оьшу, ткъа гІо оьшу. Тхо санна, махках ваьккхина хьо, амма хьайн йиша-вешех, йуьртахойх къастаро хІара бала тхуначул базбина хьуна. Іожалла вайна тІаьхьа хІоьттина лела. Сахьт дац валаран. Цунна а ца кхоьру хьо. Цунах кхера а воккха ву хьо. Кхузахь Іуьллучу хьайн а, хьайн хІусамненан а ойла кІезиг йо ахь. ХІара дуьне иштта декъаза дуучул, нахана бала а хилла дехачул, делла дІадовлар гІоле ма йу, боху хьан даго. Амма хьан дагна бала бинарг, хьан садуург, хьуна хьайн цамгар а, гуонаха хьийза Іожалла а йицйинарг кхин ду. Ахь ойла йо делла шаьшшиъ кху чуьра арадоккху долчу дийнан. Тезет хІотто йуьртахой а бац, кадам дІаэца гергарниг а вац, тІаьххьарчу новкъа ваккха нийсарой а бац. Шаьш делча, лийчо, марчо хьарчо, сагІа даккха, мел кхайкхо стаг хир вац-кх, боху хьан даго. Цул а дазделла хьуна шайл тІаьхьа кІант висар. Цуьнан дола дан стаг цависар. Бакъ дуй и, Мохьмад?

Ши бІаьрг хьаббина, ладоьгІуш Іачу Мохьмада меллаша кхузза корта таІийра:

– Бакъду иза, Іалха. Сан дагахь дерг цІенна схьадийци ахь.

– Амма оцу агІор ахь сагатдан ца оьшу, Мохьмад. Сингаттамо йолчу тІе а чІагІйо цамгар, Іожалла гергауьйзу. Хьан сапаргІат мел хили дегІа тІера цамгар сиха дІаайбалур йу. Генахь бисина хьоме Даймох, байлахь дисина дай-нанойн кешнаш йукъа а лоцуш, дуй биъна, ас дош ло хьуна, нагахь, цхьа Делан болх хилла, сайл хьалха хьан а, хІусамненан а Іожалла хилахь, сайн да-нана санна, лоруш, царна тІехь айса дендерг шуьшинна тІехь деш, шуьшиъ дІадолла а, шен нахана тІекхаччалц, хІокху лаьттачу шун кІентан сайн кІентан, вешин ас дендолу дола дан а. Нагахь ас хІара сайн дуй къарбахь, хьуна деллачу дашах со вохахь, Дала хьуна дуьхьал йуьхьІаьржа а валавойла со!

Делкъанна йуург йохьуш чуйеанчу лорйишас йукъахдаьккхира Іалхин къамел.

– Гой хьуна, жима стаг, дада дика Іаш ву. – Мусан белшах куьг туьйхира цо. – Ткъа хьо воьхна хьийзара. ХІинца арадовлар доьху шуьга, накъостий. Цомгашчунна дика дац дукха лер. XIoкхо хІума кхалла а йеза.

Іалха хьалагІеттира.

Перейти на страницу:

Похожие книги

Дело Бутиных
Дело Бутиных

Что знаем мы о российских купеческих династиях? Не так уж много. А о купечестве в Сибири? И того меньше. А ведь богатство России прирастало именно Сибирью, ее грандиозными запасами леса, пушнины, золота, серебра…Роман известного сибирского писателя Оскара Хавкина посвящен истории Торгового дома братьев Бутиных, купцов первой гильдии, промышленников и первопроходцев. Директором Торгового дома был младший из братьев, Михаил Бутин, человек разносторонне образованный, уверенный, что «истинная коммерция должна нести человечеству благо и всемерное улучшение человеческих условий». Он заботился о своих рабочих, строил на приисках больницы и школы, наказывал администраторов за грубое обращение с работниками. Конечно, он быстро стал для хищной оравы сибирских купцов и промышленников «бельмом на глазу». Они боялись и ненавидели успешного конкурента и только ждали удобного момента, чтобы разделаться с ним. И дождались!..

Оскар Адольфович Хавкин

Проза / Историческая проза