– Сагатдо ахь, жима стаг? – хаьттира цо, халат тІейуха Мусана гІо а деш. – Баккхий нах кестта, то а белла, цІа богІур бу. Воккха стаг вуьззина къонах ву. Оццул чІогІа кхетта цамгар иэший цо. Тахана хІума а кхаьллина, метта охьа а хуу. Са ма гатде, диканиг. Кестта цІа догІур ду и шиъ. Жимма ахь сатоьхчахьана, дерриг а дика хир ду.
ХІун дара а хаац, Іалхин а, оцу догцІеначу оьрсийн йоьІан а дешнаша сапаргІат даьккхира Мусан. Лесхозехь наха шен дола деш, церан мах хадо ца хиира цунна. ХІетахь иза бохамехь вацара, ткъа хІинца бохам тІехІоьттича, цунна хьалха ша висина моьттинчу хенахь хааделира Мусана ша цхьа воцийла а, адамийн дикалла а.
ХІара шиъ чукхаьчча, Іалхас делла салам дІа а оьцуш, хьалаайъавала гІоьртира Мохьмад. Амма Іалха, цуьнан оза куьг схьа а лаьцна, белша тІе дайн куьг диллина, саца а вина, уллохь лаьттачу гІанта тІе охьахиира.
Мохьмадца цхьаьна палатехь Іуьллуш кхин а кхоъ стаг вара. Іалхина бІаьрг ма-кхийтти хиира уьш мича къомах бу. Доккха сира ши мекх а, озачу йуьхьа тІехь боккха, беха мара а болуш волу воккха стаг гуьржи вара. Цунна дуьхьал маьнги тІехь коьртахь къорза пес йерг узбек вара. Сонерчу маьнги тІехь нохчийн жима кІант Іуьллура.
Мохьмадна уллорчу тумбочкина тІехь а, чохь а миска даарш дара. Іаьржачу бепиган йуьхк а, узбекийн кхаллар а, йакъийначу кемсийн кан а, масех Іаж а.
– Воккхачу стагана тІаьхьадаьхкина шу? – хаьттира гуьржичо. – Дика даьхкина. Дика адам ду Мохьмад. Оьзда стаг ву. Схьа чувалийначу хенахь гІуллакх дика дацара сан махкахочун. Амма тхо, кавказски къена нах, мокхаз санна, чІогІа ду. Тхо лийр дац шуна, шайна паргІат Іелаш. Шу цІа дирзича, Мохьмад волчу хьошалгІа вогІур ву со. ТІаккха тхойша цхьаьний сан даймахка Кахете, гІур ву. Цигахь сан ширачу доттагІаша тхойшинна хьалха хІоттор йу чагІарх йуьзна чури. Тхаьшшинна хачапуриш йууш, тІе чагІар муьйлуш, чангула а лоькхуш, гуржийн мехкаршца хелхавийр ву. Амма сан генацвале реза вац чагІар мала. Шен цІархочо шайна дихкина, боху. ХІумма а дац. Ишттачу дийнахь маларх къа хир дац. Амма хелха-м вер ву. Тхан йуьртарчу уггар хазачу йоІаца! ХІан, генацвале?
Мохьмада, виэла а къежаш, корта хьийзабора.
– ХІара кхо стаг а, кху чуйогІу и оьрсий йоІ а ца хиллехь, чІогІа бІооьшур бара сан, – элира цо, гуьржичун къамел сецча. – Шайна тІаьхьабеанчу кхачанех ах суна схьало.Ткъа и йоІ, ша балха йогІуш, суна хІума ца йохьуш ца йеана цкъа а. Хьашт дац, ас йуур йац аьлча а, ца Іа. Хьайн зудчунна ло олий, дехьа чу йохьуьйту. Цхьацца забарш йеш, сан догъиэца гІерта берриге а. ХІара гуьржи ву самукъане стаг. Масазза а Нохчийчохь хилла ша, боху. ДІогахь Іуьллучу узбекан зуда йац. Ша товелча, цхьа жима зуда а йалийна, со ловзарга кхойкхур ву бохуш забарш йо цо. Дика адамаш ду. Вайх чІогІа къахета царна. ХІокхара цамгар йаййина сан.
Чувеанчу шиннан дукха Іойла доцийла хууш, къамел сацийна, дІатийра Мохьмадан накъостий.
* * *
«Гор, ШахІид йаІ, ма халачу хьоле вожийна-кх ахь со! – ойла йора Іалхас, Мохьмадан лекхачу, хебаршка ихначу догучу хьаьжа тІе шен шийла куьг а диллина. – Хьанна моьттура, хьан доьзал суна кху хьолехь карор бу. Хьо дийна ву, хьо шайна тІекхочур ву моьттуш, xIopш Іa, ткъа хьо, хьо вина, хьо кхиийна нана-нохчийн латта цхьана къацахетарша хьайгара дІа а даькхина, хьо байлахь витинийла хууш санна, генарчу белорусски латто шен кийра тІеэцна…»
…ДІайаханчу аьхка фронтехь хьалхатеІачу советски эскаршца цхьаьна июнан тІаьххьарчу деношкахь Бобруйска улло кхечира Іалха гІуллакхдеш волу инарлин И.А.Плиевн дошлойн-механизированни группа. Цхьана суьйранна церан участкехь тІом соцунгІа а хилла, жимма садаІа меттиг йаьлла, шен эскадронца жимачу кІотарахь садаІа сецначу Іалхина тІевалийра цунна вевзаш воцу къона сержант.
– Накъост капитан, хьо нохчо вуй? – хаьттира цо, маршалла хаттар а доцуш.
– Ву. ХІунда хоьтту ахь?
Нохчийн а, гІалгІайн а халкъаш махках даьхначул тІаьхьа оцу къаьмнех болчу салташний, эпсаршний тІехь шатайпа тергам латтабора эскаршкахь гІуллакхдечу пачхьалкхан кхерамазаллин органийн белхалоша. Ткъа вуьшта, кхечу къаьмнех болчу бІаьхаллин накъосташца вошалла ларделира цхьа а тайпа хийцам боцуш. ХІетте а, органаша къайлах лелочу эладитанаша кІез-кІезиг буллуш цатемаш буллура цхьаццаннийн дегнаш чу. Дукха хан йалале массо фронтера нохчех, гІалгІайх а могІара бІаьхой тыле дІабигира. Изза кхоллам эпсаршна тІе а кхочур буйла хууш, шайн полкан штабера стаг веача, йа ша цига дІакхайкхича, дог духура Іалхин.
– Кхузара дІа генайоццуш цхьана йуьртахь чІогІа чевнаш хилла Іуьллуш сан доттагІ ву… Нохчо ву иза. Тахана хилла цунна чевнаш. Валарна кхерам болуш хьал ду… Ша валале йа ша тыле дІавигале, шена тІе цхьа нохчо кхачор дехна цо соьга. Цунна цхьанхьахула-м хезна кху полкехь хьо хилар. Кхетий хьо, накъост капитан, лачкъийна вигна а, хьо а воцуш цунна тІе йухаверза йиш йац сан… Хьайна хаахьара, тхойшинна вовшийн мел чІогІа дукхавеза. Тхан дивизин разведкин начальник ву иза. Іаламат майра, каде, хьуьнаре, догдика… ТІом болабеллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна схьа даим а цхьаьна ву тхойша. Хьайна хаахьара, иза мел дика кІант ву…