–ТІехула тІе, вайх хІоранна а хаа деза, вайн пачхьалкхехь массанхьа санна, кхузахь а Іедал хилар, цо бохург ваьш дан дезар а. Тахана вай схьадалош новкъахь сан къамел хилира кхузарчу колхозан председательца а, йуьртдеца а. Вайх хІор а доьзална кечйина хІусамаш йу. ГІаддайначунна гІо дийр ду, боху. Берашна деша йуьртахь ишкол йу, цомгашчуьнга хьажа лор ву. КІелвисина цомгаш верг охьавижо гена йоццуш, районехь, больница йу. Тховса вайга са а даІийтина, кхана вай вешан хІусамашка дІасадахале, йуьртан куьйгалхоша оцу дерригенах а лаьцна къамел дийр ду вайга. Уьш схьабахкале, шу кечдан лууш дуьйцу ас хІара. Іедало а, наха а шайн ницкъ кхочу гІо дийр ду вайна, амма Іедал а, адам а дика ду, тхо-м цара кхобур дара бохуш, паргІатдевлла Іен йиш йац вайн. ХІусамашка дІатарделлачул тІаьхьа, колхозан балха довла дезар ду. Варийлаш, вай вешан махка сихха цІадоьрзур ду бохучу эладитанех а теший, дийший ма Іелаш. Дала а боху, бахьанаш леладе. Къинхьегам, Іедална муьтІахь хилар, адамашца ийна, адамашна тешаме хилар – иза ву шуна вайн гІоьнча. Цул сов, хІинца а чекхбалаза тІом бу. Цигахь хІаллакьхуьлуш ду дукха адам. ТІамо адам гІелдина, къийдина. Вайн цигахь санна, массанхьа а мехкан берриге ницкъ тІамехь леташ долчу эскаршна гІоьнна хьажийна. Кхузара могаш-таза берриге а божарий тІаме а бахана, бахаман гІуллакхаш зударийн, берийн, къеначийн кочахь дисина. Уьш ца ларабо, царна хала ду. Схьадийцарехь, мацалла тІегІоьртина Іаш бу хІорш. ХІинца шуна хаа деза башха вайна гІо дан аьтто болуш кхузара Іедал а, адамаш а цахилар. Оцу зударшна, берашна, тІамехь леташ болчу бІаьхошна вайгара къинхьегаман гІо оьшу. Оцу дерригенах а кхеташ хила деза вай. Йуха а сан дехар ду шуьга нохчийн оьздангаллех, къонахаллех, гІиллакхах цадохар. Варийлаш, шайн хІусамашка дІатарделлачул тІаьхьа, колхозан балха довлалаш. Ткъа хІинца, гІеллой ца Іаш, делалой, декхалой хила! Иллеш ала, эшарш лакха! Кегийраша, мехкарша хелхаран бал баккха! Бохам, хало тІехІоьттича, вайн дай а ца цІийзина. Иза вайгахь товр дац. Дала аьтто бойла вайн!
***
Цхьана эсарчу мохо дІайаьхьча санна, дІайелира нехан дегнаш тІера гІайгІа. Цхьа кІеззиг йукъана осалдевлла церан дегнаш йуха а чІагІделира. ТІоьрмиг схьа а биллина, цу чуьра Занун кехат-пондар а, вота а схьа а эцна, цхьа йоІ а гІаттийна, сцени тІевелира Маил. Цхьа сахьт хьалха нохчийн назманан гІийла аз декначу клубехь, хІинца стеган дог-ойла гІаттош, къенаниг а къонвеш йолу нохчийн чехкачу хелхаран эшаран аз кхерстира. Тоьхначу вотано а, тІараша а йегайора клуб. Кхоссавелла сцени тІе хьалаваьлла цхьа жима стаг, байн ког шаршош, гуо а баьхьна, каде бухь
а боьгІна, шеца хелхайалар доьхуш, Зануна тІевирзира. Хьерайаьккхина вота йетташ хиъна Іачу Маиле хьаьжира Зану.Маила, эсала вела а къежна, резахилла корта таІийра. Амма ша шолгІа гуо эцна йогІуш, цунна гира майрачун кхоьлина йуьхь. Стенан ойла йо-те цо? Зануна дагайеара Маил тІаме вахале шаьш цхьаьна йаьккхина ирсе хан. Цуьнан бІаьргашна хьалха хьийзара школа, уьш бинчу йуьртара клуб, шайн хелхарийн, эшарийн кружок, даим а ша а, Маил а цхьаьна хелхадийлар, республикехь хилла хьовсарш, газета тІе даьккхина шаьшшиннан сурт. Ткъа тховса? Цабевза мохк, йоьхна йеана буьйса, хІетте а, уьш хелхабуьйлу… Самукъа даьлла-м ца лела уьш, делахь а, иштта хила деза. Занун лерехь хІинца а декара воккхачу стеган дешнаш: «ЦІийзар вайгахь товр дац! Нохчийн къонахаллех, оьздангаллех, доьналлех ца духур вай!» Йуха гуо бохьуш йогІуш дІахьаьжначу Занун а, Маилан а хьажар тІеттІанисделира. Маилна гира чу хиш диссина кхохкийна шен къоначу зудчун ши бІаьрг. Иза кхийтира шен гІалатах. Охьа а таьІна, цІенкъа ши бІаьрг боьгІна, гал когаш шершош Зану шена дуьхьал йолайелча, вота чехка а йаьккхина, мохь туьйхира цо:
– Курра корта айба! Майрра ког шаршабе, нохчийн йоІ!!
… Цул тІаьхьа шо даьлла. Амма мел дукха хийцамаш хилла оцу цхьана шарахь! Оцу буса клубехь хиллачех дикка нах дийна бац. Велла хІетахь Зануца хелхаваьлла жима стаг а. Йуьртарчу куьйгалло а, Іабдул-Іаьзима а бохург ца хилира. Цхьаннен а ницкъ ца кхечира нахе шайн махках догдиллийта. Цара цуьнга сатуьйсура дийнахь а, буса а, набаро дІатебича, гІенах а, Іожаллина тІаьххьара сауьйзучо а. Шаьш тахана-кхана цига йухадоьрзур ду моттаро а, цамгарша а уьш ца битира кхузахь бахам вовшахтоха а, кхоччуш болх бан а. Тергал ца дира тІехь цІенош дан а, беш кхио а колхозо шайна къастийна латта а. Ца кечйира тІедогІучу Іаьнна йагориг а. ХІун до къахьегна? Тахана-кхана уьш-х дІагІур бу шайн дай баьхначу, церан цІийца хьандинчу, шаьш бинчу, кхиъначу махка…