Читаем Кхолламан цхьа де полностью

Іабдул-Іаьзаман гира серийн цІов меллаша шершина лаьтта бахара. ЦІеххьана кхоьлира йуьхь. ХІун дара-те къонахчун йуьхь тIe гІайгІане марха теснарг? Дийнахь сарралц болх бина, кІадвелла цІа вогІучу цуьнан къеначу дегІо мало йора-те йуха лома хьалавала, велла стаг цІа вало? Йа шен нийсарг новкъахь, воьдуш лаьтташехь, Іожалло лацаро шен а ойла йайтира-те цуьнга? Шина зудчунна хетарехь, и гІайгІане вожийнарг оцу шиннах цхьаъ дара, амма и шиъ гена йара бакъдолчунна тІекхиа.

Воккха стаг, цаьршинга кхин хеттарш ца деш, хьаж тІе куьг а лаьцна, гуонаха дІасахьаьжира. Схьахетарехь, цо шена накъост лоьхура. Амма оцу цІемзачу дийнахь урамехь гуш стаг вацара. Иштта таро йоьхна иза хІоьттина лаьтташ, йуххерчу кертара аравелира воккха стаг Сарыбай. Цунах бІаьрг кхетча, сапаргІатделира Іабдул-Іаьзаман.

– Ассалам Іалайкум, Іабдулла-акхсакхал! – генара мохь а тоьхна, тІевеанчу цо шина а куьйга Іабдул-Іаьзаман куьг лецира. – Шу догІанехь ма лаьтта? Сингаттам болуш xІума-м ца хилла?

– Керла сингаттам бац, Сарыбай, ша даим берриг бен.

– КІант хІун деш ву? Дукха хан йу иза суна ганза.

– Дика ву. Ткъа хьан йоккха стаг йуй могаш? КІентан кехат деаний?

– Каьмпар4 а могаш йу, кІентан кехат а деана. ХІинца цкъа дийна ву иза. Кестта, тІом чекх а баьккхина, цІа вогІур ву ша, боху. – Сарыбайс, дІаса а хьаьжна, доккха садаьккхира. – Акхсакхал, хьо дукха сиха вацахь, хьоьца жимма гІуллакх ма дара сан.

– Схьадийцал.

– Зударий болуш дийца ца лаьара суна.

Ши стаг йуьстахвелира.

– Іабдулла-акхсакхал, суна жимма халахетар хилла. Кхо уьстагІ байна сан цІера. Хьуна ма-хаъара, со буьйсанна наггахь бен цІахь хуьлуш а вац, уьш лачкъош шена хиъча а, каьмпар арайала а йаьхьар йац. Ас хІун дан деза, акхсакхал? ТІаьххьара болу кхо уьстагІ а лачкъийна, витина-кх со.

– Нохчех дегабаам бу хьан?

– Бу, дера, муха ца хуьлу, тІаьххьара Іахар лачкъийна къу суна сайн шина бІаьргана гина хилча.

Іабдул-Іаьзаман йуьхьах цІе летира. «Веза Дела, ма йоккха йуьхьІаьржо йу-к xIapa! – бохура цо ша-шега. – Ма дукха гІиртира-кх со гІуллакх кху хьола тІе ца далийта. Нах ца бала гІерта, хьокхарна хьалха со йуьхьІаьржа хІуьтту!»

– Мила ву къу?

– ХІара сан лулахо Решед цІе йолу кІант ву-кх.

– Бакъ хир дац иза! Решед жима ма ву.

Сарыбайс дегабаам бира.

– ХІета, со харц луьйриг ву-кх. Жима ву! Ас къоланна тІехь схьалаьцначу минотехь хьайна иза гинехь, эр дацара ахь иштта. Іахар схьа ца бала, ша вала а, со виэн а кийча-м дера вара! Делхьа, шен жималла хІуъу дан а иэхь ма дац кхунна аьлла, хийтира суна. Ткъа, вуьшта а халла ирахь лелачу кхунна адамо тухур а ма йац, кхана акхсакхалца дуьйцур ас аьлла, Іахарца дІавахийтира ас.

– Валол, хІета, чу а гІой, хьажий вайша.

ЦІеххьана ши стаг цІа чу ваьлча, вагийча санна, товханна хьалхара хьалаиккхинчу Решедан аьтту буйнахь доккха урс къегира. КІегий санна, богу бІаьргаш цушинна тІе а боьгІна, меллаша йуха а ваьлла, соне дІахІоьттира иза. Цуьнга хьаьжна Іабдул-Іаьзам гІаддайна велавелира. Дан а дара сурт беламе. Товхана хьекхийча санна, кІуьрзаша Іаржйина оза йуьхь, буьйсанна бодашкахь цициган бІаьргашка тера оцу тІехь, кІегий санна, богу ши бІаьрг, баьлла тхонкех5 тарбелла корта. Цуьнан дегІехь ницкъ бацара шел жимачу берана дуьхьало йан а, амма иза воккхачу шина стагах лата кечвеллера.

– Дика мел дерг догІийла шуьга, Решед! – вистхилира Іабдул-Іаьзам.

ТІаьхьа чу ваьлла Сарыбай бен, Іабдул-Іаьзам гуш а воцчу кІентан карара урс лаьтта охьадуьйжира, воккхачу стеган девза аз хезча. Амма хаьттинчу маршаллина дуьхьал цо жоп ца делира.

Іабдул-Іаьзам чухула дІасахьаьжира.

Корах чу гІийла серло кхетта бодане цІа. Шардеш хьахаза, кІуьро Іарждина шога пенаш. ЦІенкъа даржийначу матардоьллачу чана тІетесначу истанга тІехь, цхьа шо хьалха цІена хиллачу, амма хІинца боьхачу йургІанех хьирчина, моггІара дийшина Іохку бераш. Товханахь йогучу алу тІехь овкъарех йуьзна Іохку жижиган цуьргаш.

– Бераш цомгаш-м дац? – хаьттира Іабдул-Іаьзама.

– Дац.

– Жижиг доттуш ца хилла хьо? ХІара мичара даьлла хьуна?

Решедан корта охьабахара. ХІинца хІун дан деза? Кхин стаг хилча-м аьшпаш боьттина а, валлалц дуьхьало йина а, къар ца луш кІелхьарвала гІоьртур вара, ткъа Іабдул-Іаьзаме харцдерг дуьйцийла ма йац. ТІехула тІе, Сарыбайс схьа ма лаьцна иза Іахар тилош. ХІун дан деза? Веза Дела, цаьршинна хаахьара, цо шен дуьхьа иза ца лачкъинийла! Цуьнан шен дейтта шо бен дац. Ткъа кху чохь Іуьллу цуьнан кхо йиша а, ши ваша а цул жима ду. Уьш меца дара, цара йуург йоьхура. Церан да хІорш цІера бохучу дийнахь вийна, ткъа нана ши бутт хьалха кхелхина. Ша тІаьххьара са дІалуш, берийн доладар доьхуш, нанас весет дина Решеде. Ненан весет кхочуш а ца деш, цунна дуьхьал эхарта гІойла ма дац цуьнан. Ткъа иза нанна дуьхьалхІотта а ца йисина дукха хан. ХІан-xIa, сийсара цо Іахар дІалур бацара, шен дегІах дакъа ца дича. И хиира Сарыбайна. Цундела дІавахара Сарыбай. Амма… амма хІунда веана Іабдул-Іаьзам цунна хьалха а ваьлла? Иза-х хьекъал долуш стаг ву. Цунна-м хаа ма дезара Сарыбайн Іахар цо хазахета ца лачкъийнийла…

– Ахь шен уьстагІий лачкъийна, боху Сарыбайс. Бакъдуй иза? – хезира цунна.

Перейти на страницу:

Похожие книги

Дело Бутиных
Дело Бутиных

Что знаем мы о российских купеческих династиях? Не так уж много. А о купечестве в Сибири? И того меньше. А ведь богатство России прирастало именно Сибирью, ее грандиозными запасами леса, пушнины, золота, серебра…Роман известного сибирского писателя Оскара Хавкина посвящен истории Торгового дома братьев Бутиных, купцов первой гильдии, промышленников и первопроходцев. Директором Торгового дома был младший из братьев, Михаил Бутин, человек разносторонне образованный, уверенный, что «истинная коммерция должна нести человечеству благо и всемерное улучшение человеческих условий». Он заботился о своих рабочих, строил на приисках больницы и школы, наказывал администраторов за грубое обращение с работниками. Конечно, он быстро стал для хищной оравы сибирских купцов и промышленников «бельмом на глазу». Они боялись и ненавидели успешного конкурента и только ждали удобного момента, чтобы разделаться с ним. И дождались!..

Оскар Адольфович Хавкин

Проза / Историческая проза