И ши сту дІабоьжна валале, лаьттах Іаса а гІертош, букар сеттина, схьавеара лулара воккха стаг ТургІанбай.
VIІІ
ТІетоьхначу догІано тІадийна, шелбина, лелхийна бигна, ломахь цхьана жимачу хьеха чу боьхкина Лоьма а, Берса а, Юрка а, Адашбай а, цІа баха догІа дІатере хьоьжуш дикка Іийначул тІаьхьа, и соцург а ца хилла, цІе а латийна, паргІатбевлира.
Дукха хан йацара веа кІентан доттагІалла тасаделла. Цхьа кІира хан. Лоьма доьшуш вацара, ткъа Берса а, Юрка а, Адашбай а цхьацца классехь доьшуш вара. Царна йуккъе гергарло теснера дукха хан йоццуш ломахь гучубевллачу акха кхуьучу хохаша. Дуьххьара кхузахь цхьаьнакхеттачул тІаьхьа, хІор а дийнахь цхьаьний богІура уьш лома. Кегий тІоьрмигаш дуззий хІетта хьалабевлла сийна хохаш а бохий, дечиган кегийра маххьаш ги а духкий, суьйранна цІа богІура уьш. ГІуллакхал сов, вуьшта а самукъане дара лаьмнашкахула кхерсташ. Къаьсттина Берсина а, Лоьмина а дезалора и гІуллакх. Оцу тІулган лаьмнаша цаьршинна карладохура генахь дисина даймехкан лаьмнаш. Амма, цаьрца дуьстича, хІорш цхьа дерзина, десте санна, хийра, шийла хетара.
ДогІано тІадийна бедарш йакъо гІерташ, цІерехьа цкъа букъ тухуш, тІаккха агІо лоцуш, хевшина Іаччохь дІасахьийзара уьш. Хабар дийца дог ца догІура цхьаннен а. Шелонна а дацара иза. Мецачу чоьнн тІе биъначу кІочу хохаша дог керчадора. Уьш бераш делахь а, хІораннен а дагна тІехь шайнначул бала а бара церан. Мере оьзначу голашна тІе корта а биллина, ши бІаьрг цІерга а боьгІна, Іара Юра. Аьрхачу Лоьмас шеквоцуш тІера схьайаьккхина шен эттІа тужурка цІерга хьийзайора. Халла хезаш ша-шена илли бохура Адашбайс. Ткъа Берса, шен йоьхна неІармачаш дІа а йаьхна, тІергІан пазаташ йакъо гІерташ воллура.
– Стенна оллавелла хьо, Юрка, гІийла буо санна, горгвелла охьахиъна?
Юрас доккха садаьккхира.
– Советски эскаран дезде ма ду тахана. Ткъа тхан дай, вежарий генахь леташ бу. Хьанна хаьа, сан да кху минотехь мича хьолехь ву, йа дийна ву, вац а…
– Цунна гІайгІане воьжнера хьо? ХІумма а доцург! ТІамехь чов хуьлу, виэн а вуьй. Іожалла цкъа бен хуьлуш йац. Дала ша адамаш кхуллуш хІоранна а тоьхна хан йу дуьненахь ваха. Шен оьмар чекхйаьлча, цхьа а минотехь а вехар вац. ТІамехь верг леш, цІахь верг ца леш ма дац. Цигахь Іожалла йоьгІнарг лийр ву, цайоьгІнарг могаш-дийна цІа вогІур ву. Ойланаш йан ца оьшу.
Юра, кхин вист ца хуьлуш, хьалха санна, дІатийра. Цкъа Лоьмина а моттаделира ша цуьнан дагна маслаІат дина.
– Кху дийнах лаьцна кхин хІумма а дагадогІий шуна? – хаьттира Берсас, шен болх йукъах а баьккхина, цІеххьана.
Юра а, Адашбай а хаттар луш, Берсе а хьаьжна висира.
– ХІаь, тахана-м вай махках даьхна нийсса шо кхочий, – бухара балда цергашна йуккъе а лоцуш, масазза а корта таІийра Лоьмас.
Хьехахь йуха а тийналла хІоьттира. Йукъ-кара лайн чимаш а ийна, арахь тІедетта шийла догІа. Вовшийн даа санна, мацалла хьерча йоьхьаш. ЦІахь доцу дика хьал. Юрин сагатделира. Лаьара, хІуъу дина а, хан йацйан.
– КІентий, дийцийша тхуна, шаьш схьа хІунда далийна, – дехар деш, Лоьмина а, Берсина а тІевирзира иза.
Берса вист ца хилира. Цунна ца лаьара шел воккхачу, цІера арадахале цхьанхьа-м гІалахь доьшуш хиллачу, маттана шерачу Лоьмина хьалхалелха. Ткъа Лоьмина дага а ца догІура накъостан хаттарна жоп дала. Йохйелла, тІера Іаь гІуьтту тужурка парггІат тІе а йуьйхина, тІаккха шен когара буьхьигаш хьала а хьаьвзина лаьтта английски ботинкаш схьа а йаьхна, когех хьерчийна тІелхигаш йакъо хІоьттира иза. Карладелира цхьаьнгге ца дуьйцуш ша даг чохь къуьйлуш латто цхьа кІира хьалха комендантца шен даьлла дов.
– Баккъалла а, дийцахьа, Лоьма, – Юрина тІетайра Адашбай a. – Шух лаьцна наха ца дуьйцуш хІума дац-кх. Шу басмачаш хилла, аш фашисташна гІо дина, боху-кх…
Лоьма оьгІазе Адашбайга хьаьжира.
– Ларлуш хила, кІант! Хьанна хаьа, сан карара хецайелла xIaра ботинка хьан муцІарх кхетахь а. Тхуна мичара хаьа, тхаьш схьа хІунда далийна? Хьуна хуур дарий, цхьана Іуьйранна хьуо, меттара а гІаттийна, шарбал тІе йуха а ца кхиавеш, хьалха а иэккхийтина, тІаьхьашха тІе автомат хІоттийна, лаьцна вигна, таІІийна вагон чу а воьллина, тІехула тІе аьчган зайл хьовзийна, неІаре автоматчикаш а хІиттийна, цхьана беттан некъа генна махка а вигна, хьуо охьатесча? ХІай-хІай!
– ОьгІаз ма гІохьа, Лоьма, – aгIo цІерехьа а хьовзош, цуьнгахьа вирзира Юра. – Оха цІеначу даггара хоьтту. Ткъа хьо? Нийса ма дац иза. Адаш бакълоь. Наха тайп-тайпана дуьйцу дела, бакъдерг хаа ма лаьа тхуна.
– Іовдалш дийца бита аш. ХІаъ, ду, дера-кх, тхо-м бандиташ, къуй, йамартхой, фашисташ а. Кхин йисиний тхуна тилла цІе?
– Йуха а карзахвуьйлу!
– ТІаккха ткъа? Оха бакъдерг аларх, тхох теша ца теша. Тхо адамаш ма дац, адамашдаархой ду.
– Харцлоь хьо, Лоьма! Хьуна хьайна а хаьа тхан дагахь и доцийла! Цхьацца боьхачу нехан дегнаш иштта хилар тхан бехк бац.
– Шайна луъург мотта. Суна-м йовха а, шийла а йац!