Нахана йуккъехь гІовгІа йелира. Цхьаболчара бохура летта дала деза. Бисинарш дуьхьал бара. ХІун гІуллакх ду эрна хІаллакьхила? Вай дуьхьало йича, цара къенаниш, зударий а, бераш а дойъур ма ду. Делан болх ма бу хІара. Дала динчунна муьтІахь хила деза. ТІехула тІе, хІокхара лелориг, Іедална а, Сталинна а ца хууш шайггара лелош хила а ма мега. Сталинна хааза дуьсур ма дац хІара. Йа вай кхеро хІоттийна кеп хила а тарло. Йуьртах а даьхна, йуха цІа хоьцур ду… Доцца аьлча, болх Далла а, Сталинна а тІебиллина, сецира адам.
Оцу Іуьйранна деша дахана бераш новкъара а, школан кетІара а охьахьийсийра. «Тахана мукъа дуьту шу, – бохура цаьрга. – Шун школи чохь собрани хир йу. Аш садаІа». Мукъа дисира и де а, шолгІаниг а, кхоалгІаниг а. Бутт а. Ткъа дукхахболчарна ца дуьйгІира кхин цкъа а парти тІе ховшар.
Цхьа сахьт далале адам махьшаре лоьхкучу дийне тарйелира йурт. Зударийн цІогІанаш, доьлхучу кегийчу берийн маьхьарий. Къонахоша оьгІазе бетта барт. Махкана хиллачу бохамах кхетча санна, Іоьху даьхний, угІу жІаьлеш. ДогІмех цІераш хьаьлхина адамаш. Йуьртал арахьа маьІ-маьІІехь дуьйлу герзаш…
ХІетталц довха, маьлхе дара денош. БІаьстенна йалташ дІадийна довлла дохкура. Халкъана тІехь хІоттийна харцо ца лайна дара а хаац, йа Делан таІзарна дара а хаац, мухха делахь а, оцу дийнахь карзахделира Іалам. ЦІеххьана кхоьлира стигал. Йуьхьанца меллаша дилла доладелла ло буьрсачу дарце дирзира. Суна цкъа а мел шийлачу Іай а ца гинера и тайпа дарц. Оцу цІемзачу дийнахь, шайн йовха хІусамаш йуьтуш, арадуьйлура адамаш.
Ойла йехьа, Юра, цІа дуьззина доьзал болчу стеган. Цуьнан аьтто бац царна массарна а бедарш, мачаш эца. Йа, аьтто боллушехьа, эца мало йеш Іийна иза. Йа берашна стенна оьшу и барзакъаш, уьш стенга гІур бара бохуш, Іийна иза. Йовхачу хенахь тІехь шарбалш, когахь мачаш йоцуш ловзуш лела цуьнан уьш. Шелйелча – чохь совцу, йа лула-кула ловза боьлху. PoггІана цхьа мачаш йухуш, цхьа пальтон тІелхиг тІе а кхуллуш. Арахь шелбелча, бохбала чу а лелхаш. Ден-ненан ойла йац Іаьнан шелах уьш эцна цІера арабовла. И ойла хилча-м, цара хьалххе кечамбийр бара. ЦІеххьана хьийзочу дорцала аравала аьлча, да-нана мича хьоле дужур ду хаа хала дац.
Нохчийн боьршачу стагана эхь ду нахана а гуш шен бер ги доьллича. Амма оцу дийнахь уггар ша бен мила ву бохучу къонахчун гихь а, карахь а цхьацца бер дара. Гихь а, марахь а цхьацца бер дара ненан а. Истангех, йургІанех хьирчина, йуххе девллера дисинарш. Жимма а мохь айъа ницкъ болчун каралаьцна, ги боьллина а шенначул мохь. Гоьллелц догІучу лайлахула когашІуьйра салтийн гонна йуккъе а хІиттина йуьртах буьйлура уьш. Суна гира оцу Іуьйранна салташа йийначу Айзанан майра шен берашца араволуш. «XIaра хир дуйла хиънехь-м, шуна тІе а, кога а духучунна гІайгІа бина хир ма бара ас, бераш, – элира цо, йалх бераца уча а ваьлла. – ХІинца дан хІума дац-кх. Далла тІе болх биллина, новкъа девр ду-кх вай».
Гихь а, карахь а цхьацца бер дара цуьнан. Йуххе даьккхина каралаьцна цхьацца шад а болуш – диъ. Чохь маьнги тІехь йахйина Іуьллуш йисира оцу берийн нана. Ворданахь цІа деанера цуьнан дакъа. Оцу бераша хьоькхучу маьхьарийн цІогІано дог дорура адамийн.
Ткъа цхьаболчу салташа, бІаьргех мела хиш а лиэшаш, гІо дора нахана шайн миска сал-пал некъана кечйан, уьш чуьра арайаха, йиллинчу метте дІайахьа. Церан гихь а, карахь а гора кегий бераш, къен ларчанаш. Уьш гІертара берийн догъэца, баккхийчийн дог-ойла айъа. Ткъа шаьш а боьлхура. Церан дегнаш а дара Іийжаш, кхарзалуш. Амма церан ницкъ бацара и алха иэрчо сацо…
Амма оцу догдикачу салтийн эзарнашна йукъахь къизаниш a бовлура. Ишттачара хан ца лора некъана кечамбан а, оьшург схьаэца а. «Даймахкана йамартхой!», «Бандиташ!», «Фашистийн хьадалчаш!», «Аш Гитлерна гІо дина тхан доьзалш хІаллакбан!» – бохуш, чехош, Іуьттуш нах хьалхатуьттура цара. Тхо машина тІе дохучу буса суна хьалха нисйелира жима бер карахь зуда. Цкъа а машинашна тІе мичхьахула а, муха йала йеза а ца хаьа, тІехула тIe карахь жима бер долу иза хьейелира тІе ца йалалуш. Йуххехь лаьттачу салтичо катоьхна ког лаьцна цуьнан карара схьадаьккхина бер кхоьссина йуьстах лайлахула дІадахийтира. Мохь хьаькхна тІехьаьдда нана, и схьа а эцна, кхоьссина бер хьалха тІе а дахийтина, сихха хьалайелира.
Ас бехк ца буьллу оцу салтичунна. Хьанна хаьа, цхьанхьа фашисташа хІаллакбина хила тарлора цуьнан доьзал. МостагІех бекхам эца лаарх дуьзна хила тарлора цуьнан дог. Хьанна хаьа, цунна хьехна хила тарлора, нохчаша гитлеровцашна гІо дина, уьш йамарт нах бу, хьан доьзал церан гІоьнца хІаллакбина бохуш. И бакъ моьттуш, оьгІазло йоьссина хилла хир йара-кха цуьнан даг чу.
И буьйса йаккхийтира тхоьга эвла йистехь, йерзинчу стигла кІел. ГІодмийн цІевнех, истангех цхьа баннаш, четарш тайпа бахьанаш хІиттош, цу чу мох ца кхете ловчкъийра бераш. Буса сахиллалц йагош цІераш, царна гонаха, кІуьро бІаьргаш Іийжош, хевшина Іара адамаш. Ткъа гуонах луьра ха лаьттара. Туьпа тІе а йерзийна, гунашна тІе хІиттийна пулеметаш. Гуонах хьийза автоматчикаш. Цаторчу гІуллакхна а йуьстах ца волуьйтура цхьа а.