Оцу цхьана шарахь «Іорабоху» эзарнаш «халкъан мостагІий», «адмашдайъархой», «империализман разведкин агенташ». Лецна, следстви чекхйаьлла, тоьпаш тоьхна. Уьш цабевзарш теша и таІзар нийса дина хиларх. Амма уьш хІоре а герггара бевзаш, цаьрца бехха хала некъ биначу накъосташна хаьа шен-шен накъост бехке воцуш хІаллакьхилар. ХІаъа, шен-шен накъост, доттагІ, гергарниг. Цабевзачарна тІехь дина таІзар нийса хиларх теша. Ткъа цуьнан бехкбоцу накъост, доттагІ, гергарниг бехкевеш гІалатло йалийтина пачхьалкхна кхерам цахилийтаран органаша. ХІун дийр дара ткъа. Революцин дуьхьа шен дахар дІадала реза ма вара иза даим а. Иза-м мичча хенахь а вала реза ма вара партин, революцин, халкъан, даймехкан дуьхьа. Иза хІаллакьхилла. ХІумма а дац, эзарнаш халкъан йамартхойх парти, даймохк цІанбеш, иза хІаллакьхиларх. Цундела, парти а, советски пачхьалкх a кхерамах кІелхьарйаьлла.
Иштта ойланаш йора «халкъан мостагІийн» накъосташа, доттагІаша, гергарчара…
Изза хетара хІетахь Николай Кузьмична а. Иза тешамза ваьллера адамех, Іилманчех, партин, пачхьалкхан куьйгалхойх, тІеман начальникех. «Хьанна хаьа, хІара халкъан мостагІ, империалистийн агент велахь а?» – даг чу оьхура, цхьаъ гича. Иза йуьхьанца дара. Амма и «шпионаш», «адмашдайъархой», «халкъан мостагІий» дукха хила боларо, цуьнга а ойла йайтира. Амма хеттарш дар, оцу гІуллакхан кІорге гІертар кхераме дара.
Бехке ца хилча, прессо даррехь бехке бийр ма бац уьш. Сталинна дика хуур ду. Иза гІалат волийла ма дац,» – олий, ша-шена маслаІат дора цо.
ХІетахь-м къона вара Николай Кузьмич. Цуьнан-м хьекъал а дацара оцу гІуллакхийн кІорге кхиа. Цул тІаьхьа бархІ шо даьлла. ХІетахь дуьйна схьа массо а агІор кхиъна иза. ХІинца иза ленински коммунистически партин член ву. Цунна лаьа коммунистически партин сий халкъана, дуьненна а хьалха цІена лардан. Иза хІор а коммунистан сийлахь декхар ду. Цундела йо цо оцу гІуллакхийн дукха ойла. Мел ойлайарах а, иза тІаьхьакхиац кавказски халкъашна тІехь диначу таІзарна. Нагахь бархІ шо хьалха йукъ-йукъара лоьцуш бІе эзарнаш нах хІаллакбеш хиллехь, хІинца дийнна халкъашна тІехь таІзарш дан долийна. Цхьана дийнахь – миллионашна. Царна йукъахь бу зударий, бераш, къена нах. Партина, халкъана, даймахкана даккхий гІуллакхаш дина нах а. Граждански а, хІокху тІеман а турпалхой а. Дийнна и халкъаш даймахкана йамарт хилла бохуш, уьш бехдеш эладита леладо НКВД-н белхалоша. Амма оцу халкъийн бехках, царна тІехь йиначу кхиэлах лаьцна цхьа а дош ца аьлла прессо а, ца йаздо литературехь а.
«ХІун ду-те хуьлуш дерг? – хоьттура цо шега. – ХІинца со теша ткъе вуьрхІитталгІачу шарахь хІаллакбина нах берриге а бехке хилла цахиларх. Ткъа махках даьхна халкъаш бехке ду бохург-м аьттехьа а дац. Империалистийн агентурин куьйгашца лелийна гІуллакхаш ду-те уьш дерриге а? Уьш-м даим бу советийн махкана дуьхьал тІамна кечлуш, цунна цергаш хьекхош. Шаьш тІом болабале, шайн разведкин гІоьнца партин, советийн, къаьсттина а тІеман деятельш хІаллакбина-те цара? Блюхер, Тухачевский, Якир, Уборович, Корка, Эйдеман, Фельдман, Примаков, Дыбенко. Кхин мел дукха бу уьш. Амма муха кхаьчна церан уьш хІаллакбан ницкъ? Схьахетарехь, империализман разведкин аьтто нисбелла хир бу партийни, тІеман, НКВД-н лакхарчу куьйгалле балха тасабала. Ткъа Сталинна хууш хилла хир дац и нах бехке цахилар. Харцонна дуьхьал йаздина аьрзнаш, сигналаш цунна тІе кхочуьйтуш хилла хир йац. Ма-йоьлххура уьш баккъал а болчу халкъан мостагІийн карайоьлхуш хилла хир йу, ткъа цара, уьш хІаллак а йой, Сталинна хьалха харц материалаш хІиттош хилла хир йу. Ткъа Сталин царах теша ма веза. Массанхьа массарна а тІекхиъна вер ма вац иза…»
Николай Кузьмич, доккха са а даьккхина, хьала а гІеттина, коре вахара. ТІедоьлху догІа жимма лагІделлера. Малхбале айъайала гІерташ гора. Генабоццуш басахула чу кешнашкара охьабогІучу гІашлойн некъа меллаша охьавогІура цхьа воккха стаг. Иза Іабдул-Іаьзам ву. Ша балхара цІа вогІуш и серий цо хІунда кхоьхьу а хаьара Николай Кузьмична. Цо дина тускар ду Мария Петровнин дукха хьомсара лелош. СовгІатна Николай Кузьмична а белла цо ша бина нохчийн Іайг. Говза куьйгаш а, хьекъале корта а, къонахаллех дуьзна цІена дог а, оьзда дегІ а ду воккхачу стеган.
Амма…