Читаем Кхолламан цхьа де полностью

«Амма, хІунда ваьккхина и воккха стаг махках? – хоьттура цо шега, воккхачу стаге а хьоьжуш. – ХІан, партийни, советски, тІеман куьйгалхой-м империалисташа шайна пайденна хІаллакбайтийтина хила а тарло. Ткъа и миска халкъаш махкахдахарх хьанна пайда хир бара? Пайда, пайда… Хьанна хаьа, кхузахь а хила тарло империалистийн лехамаш. СССР-н халкъийн доттагІаллех, цхьабарт, цхьанийса бакъонаш, дахарехь цхьа Іалашо, цхьа идеяш хиларх ца йоллу ткъа советски пачхьалкхан йохалун йоцу чІагІо? И барт, и доттагІалла, и цхьаалла йохаре сатуьйсуш, даррехь а, къайлах а цуьнан бух ахка гІерташ бац ткъа империалисташ? Шайн куьйга масех къоман автономи а йохийна, и халкъаш махках a даьхна, бехк советски Іедална, коммунистически партина тІе а теттина, изий, важий дуьненна хьалха сийсазйан Іалашо йолуш дина-те цара иза? Йа советски халкъашна йуккъе мостагІалла дожо Іалашо йолуш дина-те? Йа гитлеровски фашизман гІаддайначу муьрехь и къаьмнаш махках даха меттах а хьадина, советски эскарийн букъа тІехьа гІаттам хилийта Іалашо йолуш дина-те? Къастийнарш а ду, шайн исторически дІадаханчуьнга хьаьжча, тІе бехк кхолла а, оцу бехках кхин долу халкъаш теша а атта дерш. Иттаннаш шерашкахь паччахьан Россина дуьхьал къийсам латтийна нохчий. Мацах цкъа оьрсашна тІехь олалла латтийначу татарех, монголех схьадевлла балкхаройн, кхарачойн, гІалмакхойн халкъаш а.

… ХІан-хІа, ойлайарх тІаьхьакхуьур вац оцу гІуллакхна. Корта хьербер бу. Амма оцу харцонна бехкениг милла велахь а, ша дагалаьцнарг цуьнан кхочуш-м хир дац. Дуьненахь ницкъ хир бац советски халкъийн барт, доттагІалла, цхьаалла йохо, халкъан партега болу тешам байъа, и шиъ вовшахкъасто, партин сий дайъа. Партис шен съездехь, шен ЦК-н пленумехь ца хІоттийна, ца чІагІдина уьш махкахбахаран гІуллакх. Амма, мацца а цкъа, и харцо нисйеш, и гІуллакх дийцаре дуьллур ду съездехь. ОххІай, ма чІогІа а дуьйцур ду, ма неІалт а кхайкхор ду бехкеволчунна. Къаьмнийн хьокъехь йолчу ленински политикин толаман деза де хир ду иза. Цунах теша со а, со санна долу миллионаш советски адамаш a!»

Николай Кузьмична ца хаьара нохчий а, гІалгІай а махках бохуш йиначу операцина тІехь куьйгалла динарг Сталинан уггар тешаме доттаг1, гергара накъост, «халкьан сийлахь кІант» Берия хилар.

Больницера араваьлла Іалха цхьа сту боьжначу салазахь дакъа дохьуш вогІучу Іабдул-Іаьзамна а, гІиргазойн воккхачу шина стагана а тІенисвелира.

Іабдул-Іаьзамна хазахийтира Іалха гича.

– ЭхІ, ма дика ду-кх, Іалха, хьо тІенисвелла. Миска Аюб ву оха цІа валориг. Лома кІел некъа йистехь велла карийна хІара. ДІаволла накъостий мичара хир бу-те бохуш, ойла йеш вогІура со. Цхьадика, Муса а ву хьоьца-м. Вадал, чехкка, миччахь велахь а, схьакаравай, Межед а, Іела а схьавалавел. И шиъ воцург, кхин дегІехь ницкъ болуш боьрша стаг вац йуьртахь. И шиъ охьавожахь, айса хІун дер хаац. Лоьма а, Берса а лаха. РоггІана каш доккхур аш.

Аюбан ши кІанттий, ши йоІІий дара. КІентий – зударий а, доьзалш а болуш, шайн ков-керт йолуш, ткъа йоІарий – луларчу йарташкахь марехь. Гуьмсехь эшелонаш тІе бохуш, цхьацца эшелонна тІе а баьхна, вовшахкъаьстина доьзал а. Ши кІант Ош областехь цхьацца районашка нисвеллера, ткъа ши йоІ мичахь йу ца хаьара. Ши бутт хьалха хІусамнана а йелла, ша висинера Аюб.

Кху йуьртахь гІиргІазойн цІенош билггал дара. Поппаран хьокхамех доьттина пенаш, легІана, цхьана агІор хи додуш, латта тІетесна тхевнаш. Цхьаццанийн цІа чохь пенаца хьала шуьйра товха хуьлура, ткъа дукхахболчара, цІенкъа йуккъехь кІаг а боккхий, оцу чохь цІе а латайой, цунах алу йаьлча, гуонаха мотт буьллий, когаш корехьа а болуш, цунна гуобоккхий охьабуьйшура. ЦІенкъа йуккъехь йогучу цІеран кІур, цІа чухула гуо туьйсуш хьийзий, тховх дитинчу доккхачу Іуьргехула араболура.

ЦІа арахула а, чухула а поппарца кхарта-муртане хьохура, амма йа кир а, йа кІир а ца тухура. Колхозаш йахккалц хІокху Покровкера дукхахболу гІиргІазой йарташкахь ца бехаш, лаьмнашкахь четарш детташ, шайн жашца цхьанхьара кхечахьа кхелхаш, леллера, цундела дара церан цІенош иштта мух-мухха а дина.

Аюб чувахьале, цІа чуьра хьал муха ду хьажа чувахара Іабдул-Іаьзам а, Іалха а. Аюбан йоккхачу стага, пенаш шардеш поппар хьаьхна, можа гІум хьаькхна, цІена дара цІа. ЦІенкъа а поппар хьаькхна шера йара. Товханахь кху тІаьххьарчу дийнахь-буса цІе ца латийнера. Схьахетарехь, цІе лато дечиг хилла хир дацара. ЦІенкъа дуткъа чкъор деш ча а даржийна, оцу тІе тесна цІена къорза истанг а, кенийн гІайба а, баьрччехь дІалеІна шиъ боьзан йуpгIa a, дуьххьехь хІоттийна гай чу таьІна цІестан кІудал а, тас а, гІуммагІ а дара. Тесахь кІеззиг хи а дара. Схьахетарехь, Іуьйранна ламаз эцча дІакхоссаза дисинера иза. Ши-кхо кхийра кад а, дечкан Іайгаш а дара терхи тІехь. Кхин бахам бацара гуш.

– ХІусамнана йеллачу хенахь, хаза куз бара хІокхеран, – элира Іабдул-Іаьзама ойлане. – Йуучух боьхкина хир бу мискано.

Дакъа цІа чу а деана, истанга тІе охьадиллира цара. Іабдул-Іаьзама, тІе а вахана, кІудал дІасаластийра. Иза йаьсса йара.

Перейти на страницу:

Похожие книги

Дело Бутиных
Дело Бутиных

Что знаем мы о российских купеческих династиях? Не так уж много. А о купечестве в Сибири? И того меньше. А ведь богатство России прирастало именно Сибирью, ее грандиозными запасами леса, пушнины, золота, серебра…Роман известного сибирского писателя Оскара Хавкина посвящен истории Торгового дома братьев Бутиных, купцов первой гильдии, промышленников и первопроходцев. Директором Торгового дома был младший из братьев, Михаил Бутин, человек разносторонне образованный, уверенный, что «истинная коммерция должна нести человечеству благо и всемерное улучшение человеческих условий». Он заботился о своих рабочих, строил на приисках больницы и школы, наказывал администраторов за грубое обращение с работниками. Конечно, он быстро стал для хищной оравы сибирских купцов и промышленников «бельмом на глазу». Они боялись и ненавидели успешного конкурента и только ждали удобного момента, чтобы разделаться с ним. И дождались!..

Оскар Адольфович Хавкин

Проза / Историческая проза