– ХІун дуьйцур дара шуна? – Юрега хьаьжира Лоьма. – Шуна бакъдерг ала лаахь, дерриге а дийца сан ницкъ тоьур бац. Цхьа коьрт-коьртаниг олуш, чекхвала хьожур ву со. Доцца аьлча, шу санна, дерриге адамаш санна, дехаш дара-кх тхо тхан дай баьхначу лаьтта тІехь. Оцу лаьтто комаьрша рицкъа лора тхуна. Цунах тоам а бора оха. Далла хастам а бора. Вайн Советийн махкахь массанхьа санна, Іедал а дара тхо долчохь. Баккхийчара болх бора, бераша доьшура. Дешна ваьлларг балха а воьдура. Цомгаш хуьлура, дала а лара. Хазахетарш а, бохамаш а, цатемаш а хуьлура. Тхешан даймохк дукха а безара тхуна. Доцца аьлча, кхечарел тоьлаш а, йа оьшуш а доцуш адамаш дара-кх тхо. Церан йоллу ойланаш а, сатийсамаш а болуш. Аш санна, оха а сатуьйсура, фашистийн гІера вайн макхара дІа а лаьллина, чехкка тІом чекхбаларе, фронтера тхешан дай, вежарий цІа берзаре. Цундела оха тхешан ницкъ ца кхоабора къинхьегамехь. Цундела оха чІогІa безаш тІеийцира шовзткъе кхоалгІа шо чекхдолуш тхешан йарташка балийна салтий. Іа йуккъе далале, массо йурт йуьзира цара. ХІор а доьзалехь пхиъ-итт бІаьхо. Хьаша везаш тІеоьцу тхан халкъо. Иштта ду тхан дайшкара схьадогІу гІиллакх. Ткъа бІаьхой уггаре а лоруш лело ма безара. Тхан а ма бара фронтехь дай, вежарий. Оха салтий лоьрура, церан сийдора, тхайн ма-хуьллу церан догъэца гІертара. Цара тхан сискал а, оха церан чоьрак а йууш, цхьа доьзал санна, тхо бертахь дехаш дІайоьдура хан. Уьш цигахь хІунда латтабо ца хаьара тхуна. Шу кхуза хІунда далийна аьлла, хаьттича, цхьаболчара – хаац, вукхара – садаІа, кхечара – ламанца тІом бан Іамо далийна, олура. Европехь лавинаш йу. Цигахь фашисташца тІом бан Іамо. Кест-кестта, йуьртал ара а буьйлуш, учебни занятеш а йора. Наггахь, буьйсанна тревога а лой, хьала а лоьлхуьйтура.
Шайна ца хезаш цхьа дош тІехтиларна кхоьруш, леррина ладоьгІура Юрас а, Адашбайс а. Йуьхьанца забаршна, Іиттаршна тІера волавеллачу Лоьмин дешнаш хІинца дегнаш Іийжош дуьйшура берийн кийра. Лоьма ша а дІалаьцнера шен къамело. Цунна ца хааделира лелхачу арчанан дечигах схьакхоссабелла суй шен аьхначу хечин кога тІе бужуш а, иза, кІур туьйсуш, бамбех булуш а. Цо къамел ца сацийра Берсас и цІе дІайойъуш а.
– Нийсса шо хьалха, 1944-чу шеран феврала 23-чу дийнахь хилира и бохам. Тахана санна, кхоьлина деанчу цхьана кхаарин дийнахь. Іуьйранна арабевллачу салташа тхан йуьртара берриге а боьрша нах школе гулбира. Советски эскаран де даздеш, собрани гулбо, бохура. Оццу Іуьйранна, оццу минотехь изза динера нохчийн а, гІалгІайн а йерриге йарташкахь. Йуьртара берриге а боьрша нах чугулбелла бевлча, неІаршка ха хІоттийра. Корашна уллохула хевшинчу нахана арахьаьвсича гира, хІора корана тІе йуьхьигаш йерзийна хІиттийна лаьтта пулеметаш а, церан логаш тІе пІелгаш дехкина, царна уллохь Іохку салтий а. Адам цецделира. Иштта буьрсачу хьолехь хІунда даздо Советски эскаран де? Мила ву царна кхерам туьйсуш? Йа хьанна кхерам бу оцу машаречу нахера? Уьш цецбевлла а бовлале, царна хиира, эпсарш собрани йан гІерташ ца лелий. ХІетталц оцу йуьртахь царна гина а, йа оцу эпсарийн духарх тера духар а доцчу цхьамма, дІаса а ца хьийзош, нахе омра дира, шайгара герз охьадилла аьлла. ХІун герз? Тилла-х вац хетий и эпсар? Амма эпсаро хеттарш дихкира. Цо пІелг хьажийра нехан йукъах йихкинчу шаьлтанашна тІе. Шуна хаийта боху ас, законехь нохчашний, гІалгІашний бакъо йеллера шаьлтанаш лело. Церан духаран цхьа меже и лоруш.
Маьрша, машаречу колхозникаша, хьала а гІуьттуш, дайшкара дуьйна схьа лелош хилла шаьлтанаш, схьа а йостуш, капитулянташа санна, эпсарна тІе а оьхуш, цунна хьалха уьш охьатуьйсуш, оьла йира. Шайх деш дерг ца хууш хьийза нах йуха шайн-шайн метта дІанисбелча, оццу эпсаро боцца хаам бира: «Нохчийн, гІалгІайн халкъаш – йамарт, зуламе халкъаш ду. Царах баьллачу бехкана таІзар деш, правительствос сацамбина нохч-гІалгІайн халкъ гуттаренна а даха Юккъерчу Ази а, Казахстане а кхалхо. Кхалхочийн хьашташ кхочушдан бухахь бина кечам бу. Нагахь санна цхьана стага дуьхьало йахь, йерриге а йурт хьаллакйийр йу. Йуьртана бина гуо бу сийсара дуьйна. Цхьа а стаг а йуьрта вуьтуш а, йа чуьра араволуьйтуш а вац. Бертаза йуьртара аравала гІоьртинчунна герз тоха аьлла, дина омра а ду. Кху чуьра нах арабохур бу нийсса ши сахьт даьлча. Оцу шина сохьтехь йуьртара дерриге а адам – къена а, къона а, зударий а, бераш а – цхьа а са бухахь ца дуьтуш йуьртах ара а даьккхина, билгалчу метте дІагулдина хила деза. ТІаккха, гуонах ха а хІоттийна, шайн доьзалшна тІе дІадуьугур ду шу. ХІинца цкъа шуна йуккъера цхьа масех стаг аравоккхур ву. Эпсаршца цхьаьна баха а бахана, цара йуьртахь дІакхайкхо деза кхузахь шайна хезнарг. Адам кхалха кечдан деза цара. Адамашна кечдала а, йиллинчу метте дІагулдала а йелларг ши сахьт хан. Вада гІоьртинчунна а, ши сахьт дІадаьлча юьртахь карийначунна а тоьпаш тухур йу. Совнаха мохь новкъа ма баккха. Шайн тІейуху бедарш а, мотт-гІайба а, цхьана баттана кхачан сурсаташ а. Цул сов мохь машинашна тІебоккхуьйтур бац.»