Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Лахка уьш.

ГIуллакх генадала доллийла хиъна Асхьадан кхо накъост, шайгара герз ца хьадеш, масех гIулч йуха а ваьлла, сих-сиха йуха а хьожуш, генавелира.

– Собар цкъа, оха йийр йу шун болх! – маьхьарий дeттара наха.

Накъостий бевддийла хиъна Асхьад, дуьхьал вист ца хуьлуш сeцира. Шен гIорасизаллина оьгIазвахана, балдаш дегадора цуьнан.

– Хьовсур вай, мила тоьлу! – мохь туьйхира цо, бармаш айъина, нах дIабуьйлабелча. – Ас сайн зудчун кортали туьллур ду-кх, нагахь кестта шух цхьадерш кешнашка, дисинарш Сибрех ца гIахь!

– Хьо мича ваха воллура тIаккха? – элира тIаьхьависинчу Янаркъас, йуха а вирзина. – ХIокху махкахь ваха ца деза хьан? Йа стигала вер ву хьо, йа лаьттах воьр ву хьо? Йа кхузахь хьо ларвеш салтий Iийр бу, моьтту хьуна? Оха кIур бойъур бу хьан, хьакхин херси!

Нах кертан маьIIexyлa дIахьовззалц а Iийна, шен накъосташна тIевахара Асхьад. Шен даг чохь ІaьІна оьгIазалла царна тIеIанийра цо.

– Стенна йевдда шу, пхьагалш? Цул, шайгара герз шайн зударшка деллехь, кIиллой!

Кхерабалар дIадаьлла, хIинцца меттабаьхкинчу накъосташа башха тергал а ца вира шайн «эпсар».

– Сацайехьа и хьайн чIинкъ! – куьг ластийра, гIуркх санна, веха векъаначу ЧIонакъас. – Тxaьш дан декхар дерг дина оха. Ахь дуьйла аьлча, схьа а даьхкина тхо, хьо лeттeхь, летар а дара. Хьо Iадда a Iаш, оха хьалха тухур йу моьттура хьуна? Оццул Іовдал а дац тхо!

– Баккъал, царах стаг вийна, даха меттиг ма бац вайн, – йукъавуьйлира дегIана хьийкъина тIингар-гай йолу СаьIад. ТIаккха горгачу йуьхьа тIера хьорматах тера шен мара а хьакхийна, тIетуьйхира цо: – Церан тIаьхьенаша а йаха йуьтур ма йац вайн тIаьхье.

– Пурстоьпе хIунда ца олура аш иштта? – чукхийсалора Асхьад. – Шун шалха цІоганаш ца оьшу суна. Цхьаъ – Iедална хьалха, важа – нахана хьалха лестош. Ас иштта дIаэр ду-кх Іeдале. ТIаккха шайна хиндерг хаьа-кх шуна! Пашбукъаш!

– Хьо дукха тIехвала воллу, Асхьад, – гома схьахьаьжира Инaрлa. – Тхан цхьа а вац Iаьлбагна тIаьхьа. Хьайн ваша бахьана долуш, Iедална хьесталуш, чуьраваьлла хьийза хьо. Ваха а гIой, хьайн ала дерг дIаалa Iедале. Оха хьо вийр ву-кх бехке.

– Дика ду, – гома хьаьжира цаьрга Асхьад. – Вовшийн мотт бер вай. Баьхкинчу салташа шайн цIенош дагош хьовсур шу. Шу Iедална муьтIахь ду моьттуш, дитина уьш хIинццалц.

ХIорш, девнаш деш, геннабевлча, дуьхьалкхийтира чехкка болар эцна хьацаран кIур хилла вогIу ХортIа.

– ДIабиги цара уьш? – xaьттира цо, тIе ма-кхеччи.

– Биги, дера-кх, – бур-бур дира Асхьада. – Ахь хIун до?

– Шу дIадуьйлалол, ЧIонакъа, – элира ХортIас севцна лаьттачу милцошка.

Шен деза дегI дaдийна веана ХортIа хьуьхьвоьллера. Йерстинчу йуьхьах а, воpтанах а доккха цIен йовлакх а хьаькхна, дeттало дог жимма меттадеъча, важа кхоъ генаваьллий хьаьжна, кIентан лере таьIира иза.

– Овхьад цIа веана, – элира цо шабарца.

Асхьадан йуьхьах цIе летира.

– Мичахь ву иза?

– Кешнашка ваха.

– ЦІa веанера иза?

– ХIан-xIa, урамехь дуьхь-дуьхьал нисвeлира тхойша.

Асхьад хаттаре дeга хьаьжира.

– Хьайна хуур хьуна дан дезарг…, – шен кегий цIен мукадexкан бIаьргаш кIантана тIебуьйгӀира цо. – Амма, цхьанне а ца тосадолуьйтуш.

Асхьада жоп ца делира. Амма цо хьакхийначу цергаша шера гойтура цо йина кхиэл.


4


МоггIара даьккхинчу деа коша роггIана чу декъий кхийдош, тийна лаьттара нах. Корта хьалха а болуш барма кошан йисте лоций, тIехьара хьалаойъура наха. Кошахь волчу шимма, меллаша такхадой, охьачудоккхура дакъа. Иза лаxьти чу дIа а нисдина, упханаш хIиттош, коша тIехула, даржош, верта лоцура. Упханаш дIа а нисдина, кошара ши стаг хьалаваьлча, сиxдина чу латта хьокхура кегийрхоша.

Велла стаг дIавуьгуш а, иза лаьтте дIалуш а, бист ца хуьлуш, тийна Ia нах. Дан дезарг куьйга, бIaьрган ишaрeхь гойту. Ткъа тахана къаьсттина тийна ду кешнашкахь. Кхоьлиний, дерий йу нехан йаххьаш. Схьахетарехь, царах хIорaммо а ойла йо ша-ша кхуза кхочу волчу дийнан. Иза кхана хир, лама хир хаац. Къаьсттина хIокху синтемзачу хенахь. Iожалла йу, когийн кIажаш хьоьшуш, тIаьхьахIоьттина лелаш. Кадетташ. ХIара ду хIор а адаман тIаьххьара туш. Кхузахь бен карайац адамна маршо а, синтем а. ХІокхо кочара йоккху къоьлла а, гIайгIа а. ХIара иттех дол латта ду хIoранна а кхочудерг. Iожалло бен нийсо ца йо дуьнен чохь. Амма хIокхо къинхетам а, озабезам а бац цхьаннех а. Цунах кIелхьара ца бевлла пайхамарш, паччахьаш, хьолахой, къехой.

ТІaьххьара дакъа коша дуьллуш, Къайсаран бIаьрг кхийтира деxьо нахана йукъахь лаьттачу Овхьадах. Схьагарехь, иза хIинцца кхаьчнера кхуза. Къайсар цецвелира, изa гича. Басса тIехь хила веза Овхьад кхузахь а хIунда ву, цуьнца Болат а хIунда вац? Къайсаран сагатделира. ТIe a вaхана, хатта йиш а йац. Йуьстахваккха а гIиллакхе дац. Къайсарна дахделира и тIаьххьара сахьт. Ша цуьнга масазза хьожу, Овхьад шега хьоьжуш а каравора цунна. Схьахетарехь, дІaтeтта йишйоцу гIуллакх деана цо.

ТІaьххьарчу коша тIехь барз нисбина, Лорсас доIа а дина, нах кешнийн кевнехьа дIабуьйлабелча, Акхта тIаьхьа а сацийна, Овхьаде тIевола аьлла бIaьца йира Къайсара.

– Хьо лаа вуй, Овхьад? – xaьттира Къайсара, маршалла а дитина.

– Болата ваийтина со.

– Иза дийна вуй ткъа?

Перейти на страницу:

Похожие книги